МУХЬАММАДАН ВОЗАЛЛА (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна)

Барт хоттучохь эр ду боху,
ЙоI йийначу бехкечуьнга.
«Цунах» хаттар дийр ду боху,
ЙоI йийначу бехкечуьнга…

КIентий бойуш хилла дайша,
Шайн мискаллех, къоьллех кхоьруш.
И ирча болх Дала дашца
Хьарам бира, къа ду олуш:

«Ма дайа шайн кегий бераш!
Бераш дайар – доккха къа ду.
Мискаллех шу эшац кхера,
Рицкъа луш верг АллахI ма ву».

Бусалба дин денна толуш,
Цо вон мел дерг дIадаьккхира.
Iилма Iамо бакъо йолуш,
Зударий а дIахIиттира.

Зударшна тIехь латтош долу,
Харц зуламаш дIадехира.
Дахар тодеш, пайдехь долу,
Дика белхаш тIелецира.

Церан дахар, маршо ларъеш,
Юкъаметтиг дIаяьстира.
Хьалха лелош хилла болу,
Ирча белхаш хьарам бира.

Мустафа тIех дика хилла,
Толамца хилла бакълерехь.
ГIиллакхца кхачаме хилла,
Миска нах дукхабезарехь.

Толамах ша тешна волуш,
Диканах шен дог тешийна.
Бусалба дин паргIат доккхуш,
ГIазотехь мостагI эшийна.

Кхачаме Элча и вара,
Шен уммат АллахIе доьхуш.
Диканна и масал дара,
Там-товриг шена ца лоьхуш.

НIаьна-кIорни цомгаш хилча,
Цунна лорий дарба лелош.
Буса цициг арахь дисча,
НеI дIайоьллий, и чудалош.

Къинхетаме иза вара,
Адамашца сов дог-кIеда.
Муъма нахах дог лозура,
Цхьа къа доцуш, шен са цIена.

Жимачух къахеташ воцург,
Вуьсур ву дегIан сий дайна.
Воккхачун хьакъ хууш воцург,
Бусалба вац аьлла вайга.

Вайн хазчу гIиллакхийн хазна,
АллахIан Элчанехь яра.
Бакълуьйш верг вара и дашна.
Мискачух къахеташ вара.

Элчано ша олуш хилла:
«Ахь ца лахь ницкъ ма бац соьгахь,
ХIай, АллахI, ас доьху хьоьга,
Со вочу гIиллакхех ларвар».

Цуьнгара доьналла гира,
ГIуллакх деш цхьаъ волчу Далла.
Массарна кхайкхам цо бира,
«Риба» дар хьарам ду аьлла.

Мухьаммада доьналлица,
Маккахь кхойтта шо даьккхира.
Ислам-дине халкъ кхайкхарца,
Адам сама цо даьккхира.

Дала Ислам-дин толийра.
Цуьнан мостагIий эшийра.
Хьанал дахар дIадолийра.
Iаьрбаша ийман диллира.

Эсала вара Мухьаммад,
Куралла цуьнца яцара.
ГIуллакхна юкъаравалар,
МоттаргIа лелор дацара.

Элчанна тIех дукхабезнарш –
Шайгахь хаза гIиллакхаш дерш.
Уггаре цунна цабезнарш –
Кураллица къамел деш берш.

Цуьнга Дала вахью* дина,
Варий, куралла ма елаш.
Вовшашца шу цхьаьна ийна,
Бертахь, эсала хилалаш.

СагIа даларх, хьал ца эшош,
Сийлаллехь сов воккху Дала.
Ахь Iамал яхь, Дела хьехош,
Ялсаманехь югIу гIала.

БIаьрзе верг а, сагуш верг а
Цхьатерра вацаре терра,
АллахIах ца тешаш верг а,
Ийман диллинчух вац тера.

Элчано ца баьхна шегахь,
АллахIан Iилманийн бух бу.
Я къайле хаар ду шегахь,
Я хазна шен карахь ю.

Ша Далла дукха а везаш,
Къастийна и адам хилла.
Халкъана диканиг дезаш,
Адмашна и ваьцна хилла.

Вайна ма хала дац тахна,
ШапаIат дан да а волуш.
Шен уммат Деле деха,
Сийлахь верг Пайхамар волуш.
Пашаев Нурди

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*