Муса-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Хьахаве жайни чохь Муса. Баккъал а, иза вара (Дала Шена) къастийнарг‚ иза вара элча а‚ пайхамар а».
(«Марьям», 51)
Къуръан чохь Муса-пайхамарх (Делера салам хуьлда цунна) лаьцна дуьйцуш 73 сов меттиг ю. Цуьнан ден цIе Iимран хилла, Якъубан (Делера салам хуьлда цунна) тIаьхьенах ша хилла волу. Юсуф-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) веллачул тIаьхьа Мисарахь долу хьал хийцаделла. Дела цхьаъвеш болу паччахьаш дIабевллачул тIаьхьа, МусIабан кIант Валийд цIе йолу къиза ФирIавн (паччахь) коьрте веана Мисарахь. Керсталла дарехь дозанал тIехваьлла, ша Дела ву бохуш, харц дов дан хIоьттина иза. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ФирIавна элира: «ХIай элий! Суна ца хаьа шуна со воцург (кхин) Дела».
(«Аль-Къасас», 38)
Кхечу аятехь деана: «Цо элира: «Со ву лекха волу шун Дела!»
(«Аль-АIла», 24)
Мисарахь долу къаьмнаш тобанашка декъна цо. Уггаре а чIогIа цо сийсазбинарш Исраилан доьзалш (Якъуб-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) тIаьхьенах болу нах) бу. Царах шена а, шен тайпанах долчу къибтIийн къомана а бацон леш бина хилла цо. Цхьана буса ФирIавнна гIан дайна, Къудусера (Иерусалимера) еанчу цIаро Мисарахь болчу къибтийн цIенош дагош, Исраилан доьзалшна зен а ца деш. Ша самаваьлча, ша-шена гергабинчу нахе и гIан тида, аьлла цо. Цара цунна жоп делла, Исраилан доьзалшна юккъехь цхьа божабер дуьнен чу дер ду, и бахьанехь хьоьгара паччахьалла дIадер ду, хьо хIаллак а хир ву, аьлла. ТIаккха ФирIавна омра дина, Исраилан доьзалшна юккъехь дуьнен чу мел долучу божаберана урс хьакха, аьлла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, ФирIавна куралла йира лаьтта тIехь‚ цигарчу нахах тобанаш йира цо. Царах цхьа тоба гIелъеш, цо бойура церан кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъал а, иза вара бохамаш бечарах».
(«Аль-Къасас», 4)
Къибтийн къомах болчу наха балхам бина ФирIавне, божабераш дайар бахьанехь Исраилан доьзалш кхачош бу аьлла. Болх иштта дIабодахь, вайна бацон нах хир бац, аьлла цара. ТIаккха ФирIавна омра дина, цхьана шарахь дина бераш дайа, вукху шарахь динарш дийна дита, аьлла. Iимранан хIусамнана доьзалхочух хилла, Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) шен кийрахь волуш. ФирIавна юхьарлаьцнарг шена хиъча, цIа чуьра ара ца йолуш, ша доьзалхочух хилар хьулдина цо. ФирIавна арабаьхна белхалой хилла, Исраилан доьзалшна юккъехь дуьнен чу девлла божабераш дойуш. Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Дала ларвина, и дуьнен чу волуш ФирIавнан белхалошна ца хиъна. Мусан (Делера салам хуьлда цунна) нанна Дала дагатесна, бер тIорказ чу а диллина, чуханца и тIорказ цIийнан оганах дIа а тесна, и тIорказ хи чу таса, аьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха дагатесира Мусан нанна, вакхаве иза‚ аьлла. Хьо цунна (Мусана бохам хиларх) кхераелча, ахь кхосса иза хIорда чу, кхера ма кхера‚ са ма гатде. Оха юхаверзор ву иза хьуна‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех».
(«Аль-Къасас», 7)
Цхьана дийнахь иза вакхо араяьлча, чуха хада а хаьдда, тIорказ хиэ даьхьна карийна цунна. ФирIавнан гIала Нил хина йистехь хилла. ТIорказ цунна улло кхаьчча, цара иза хи чуьра схьаэцна. ФирIавнан зудчо Асета тIорказ даьстича, юьхьа тIехь пайхамараллин нур лепаш бер гина цунна. ТIевеанчу ФирIавна, шена и бер гича, цунна урс хьакха, аьлла, омра дина.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ФирIавнан зудчо элира: «Суна а‚ хьуна а бIаьрган хазахетар ду-кх (хIара бер)! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо я цунах вайн доьзалхо вийр ву вай».
(«Аль-Къасас», 9)
ФирIавна аьлла тIаккха: «Хьан бIаьргана хазахетар ду иза, суна дац». Мусан нана дог бIарзделла Iуьйренга яьлла. Иза шен кIант вуй хаийта герга хилла иза, амма Дала цуьнан дог собарца чIагIдина. Цо шен йоI яхийтина цунна тIаьхьа ладогIа. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха хьарам бира цунна и вакхон зударий хьалха. ТIаккха цо (Мусан йишас) элира: «Ас тIенисдай шу, иза шуна кхобур волчу цIийнан охIланна‚ уьш цунна хьехамчаш а хуьлуш».
(«Аль-Къасас», 12)
ТIаккха уьш и бер дохьуш цуьнан нана йолчу баьхкина, цхьаннех ца векхаш хилла волу Муса шен ненах вакха волавелла. Асета цуьнга дехар дина, и бер дакхош ша йолчу хIусамехь Iе, аьлла. Мусан (Делера салам хуьлда цунна) нанас шен хIусамда а, бераш а ду, и бер шен хIусамехь кхабийта шега, аьлла. Асет реза хилла, цо цунна мах а белла бер дакхорна тIехь.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ТIаккха Оха юхаверзийра иза шен нене‚ цуьнан бIаьргана синтем хилийта а‚ и гIайгIане ца хилийта а‚ Делан ваIда (чIагIо) бакъ хилар цунна хаийтархьама а, делахь а царах дукхахберш хууш бац».
(«Аль-Къасас», 13)
Муса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) ткъе итт шо кхаьчча, Дала цунна хьекъал а, Iилма а делла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Иза (Муса) гIеметтахIоьттина чIагIвелча‚ Оха цунна делира хьекъал а‚ Iилма а. Иштта бекхам бо Оха дикадечарна».
(«Аль-Къасас», 14)
Цхьана дийнахь Муса-пайхамарна (Делера салам хуьлда цунна) вовшех леташ ши стаг гина, царах цхьаъ хIокхуьнан тайпанах (Исраилан доьзалех), важа – хIокхуьнан мостагIех (ФирIавнан тайпанах) волуш. ХIокхуьнан тайпанах волчо шена гIо дар дехна цуьнга. ОьгIазваханчу Мусас (Делера салам хуьлда цунна) буй тоьхча, ФирIавнан тайпанах верг велла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо (Мусас) элира: «ХIара шайтIанан балхах ду. Баккъал а, иза билггал тилош мостагI ду».
(«Аль-Къасас», 15)
Мусас (Делера салам хуьлда цунна) и вен лууш ца тоьхна цунна, цундела дохко а ваьлла шена гечдар дехна цо. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо (Мусас хьаставелла Деле) элира: «Сан Дела‚ ас сайн дегIана зулам дина‚ гечдехьа суна». Цо цунна гечдира. Баккъал а, Иза Гечдийриг а‚ Къинхетаме верг а ву».
(«Аль-Къасас», 16)
Мусас (Делера салам хуьлда цунна) Деле чIагIо йина: «Цо элира: «Сан Дела‚ Ахь суна ниIмат далар бахьана долуш, сох цкъа а хир ма вац къинош дечарна гIоьнча».
(«Аль-Къасас», 17)
Мусас (Делера салам хуьлда цунна) къибтIий вер сихонца даьржина, тIаккха ФирIавна сацам бина, иза вен веза, аьлла. ФирIавнан тайпанах волу цхьа стаг ведда Муса (Делера салам хуьлда цунна) волчу веана. Цо цуьнга Мисарара дIавала, ФирIавна а, цуьнан тобано а хьо вен барт бина, аьлла. ТIаккха Муса (Делера салам хуьлда цунна), ФирIавнан тоба шена тIекхиарна кхоьруш, Мисарара араваьлла, Палестинехь йолчу Мадйан шахьара вахана. Цо Деле доIа деш, аьлла: «Сан Дела‚ кIелхьарваккхахь со зуламечу къомах».
(«Аль-Къасас», 21)
Мадйанан хинан коьрте кхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийна, эмкалшна а, уьстагIашна а хи малош. Гена йоццуш лаьтташ ши йоI гина цунна, нах шайн даьхнина хи малийна бовллалц ладоьгIуш. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) цаьршиннан уьстагIашна хи малийна. Оцу шина йоIа шайн дега ШуIайбе (Делера салам хуьлда цунна) иза дийцича, Муса (Делера салам хуьлда цунна) шена тIе схьакхайкхийтина цо. Цо Мусага (Делера салам хуьлда цунна) шен шина йоIах цхьаъ маре елла, бархI я итт шарахь цо шен уьстагIий дажорна тIехь цуьнца барт а бина. Ша барт бина хан чекхъяьлча, Мисара дIаваха сацам бина Мусас (Делера салам хуьлда цунна). ТIур олучу лома тIе и кхаьчча, Дела кхайкхина цуьнга: «ХIай Муса! Баккъал а, Со АллахI ву‚ Iаламийн Дела».
(«Аль-Къасас», 30)
Дала цунна дIахаийтина, Ша иза Исраилан доьзалшка пайхамар вина вохуьйтуш хилар. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ас хьо хаьржина – ладогIа, хаам беш дуьйцучуьнга. Баккъал а, Со Дела ву‚ кхин дела вац, Со воцург‚ Суна Iибадат де‚ ламаз а хIоттаде, Со хьехорхьама».
(«ТIахIа», 13-14)

Магомедов С.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*