Муса-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

(Чаккхе. Юьхь еша 11-чу лоьмарехь)

Цул тIаьхьа Везачу Дала Муса-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) омра дина, Исраилан доьзалшца Шемахь йолчу Иерусалиме гIо, аьлла. Оцу заманахь цигахь дехаш къиза къам хилла, даккхий догIмаш а, боккха ницкъ а болуш. Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен къоме оцу чу гIо, тIамца и гIала схьаяьккха, аьлла, омра дина. Ялх бIе эзар болчу Исраилан доьзалшна юккъехь Иерусалим схьайоккхуш тIом бан реза верг ца карийна цунна, шен ваша ХIарун (Делера салам хуьлда цунна), кхин ши стаг а воцург. Цара цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду, уьш арабовллалц шаьш цу чу гIур дац, аьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цара элира: «ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел бу‚ воло хьо а, хьан Дела а гIо‚ ашшимма тIом бе‚ тхо кхузахь хевшина Iийр ду».
(«Аль-Маидат», 24)
Везачу Дала хаам бина, царна иза (Иерусалим‚ Палестина) хьарам ю шовзткъа шарахь‚ эрна арахь хьере а хилла лелар бу уьш, аьлла. Шовзткъа шарахь арахула буьйлабелла лелла уьш, масийтта дийнахь некъ бинчул тIаьхьа хьалха шаьш хиллачу меттиге схьа а кхочуш.
Оцу аренгахь шен къам хьагделча, Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Деле царна мала хи дехна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мусас (Деле) шен къомана мала хи дехна хан хьахае. ТIаккха Оха элира: «Ахь тоха хьайн Iаса тIулгах». ТIаккха цунах хьаьдира шийтта шовда. Берриге а нахана хиира шайн-шайна хи молу меттиг».
(«Аль-Бакъарат», 60)
Муса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) къомана юккъехь шийтта тайпа хилла, цундела хIора тайпанан цIарах Дала шовда далийтина. Цунах терра Дала царна кхин дуккха а ниIматаш делла. Аренгахь дIабоьлхуш уьш бохбелча, Дала царна марха яхийтина, IиндагI деш. Иштта Дала шен-шен рожехь царна манна (дерстина олхазарш), салва (мерза хьовла) олуш долу даар доссош хилла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха шуна (IиндагI деш) марха яийтира‚ манна а‚ салва а (даар) доссийра шуна, оха шайна деллачу рицкъанах даа шайна цIена дерг».
(«Аль-Бакъарат», 57)
Бакъду, цара и сийдолу даар сийсазчух хийцина. Цара Мусага (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: «ХIай Муса‚ оха тоам бийр ма бац цхьана кепарчу юучух. Хьайн Деле дехахь‚ лаьтта тIехь кхуьуш дерг далийта тхуна, алий».
(«Аль-Бакъарат», 61)
ТIаккха Дала оцу ниIматах дIахадийна уьш, цара шайна динчу диканна пусар цадар бахьана долуш.
Муса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) къомана юккъехь цхьа воккха стаг хилла, дукха даьхни долуш, шен доьзал а боцуш. Цуьнан вешин бераш иза валаре сатуьйсуш хилла, цуьнан бахамах ирс эцархьама. Царах цхьамма буса вен а вийна, некъа йистте охьатесна иза, шех дегабаам ца хилийтархьама. Иза вийнарг мила ву ца хууш хьере хиллачу наха Муса-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) дехар дина, Хьайн Деле цунах лаций хаттахь, аьлла. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) Везчу Деле цунах лаьцна хаьттича, Дала цаьрга аттана урс хьакха, аьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мусас шен къоме аьлла хан хьахае: «Баккъал а, Дала омра до шуьга аттана урс хьакха‚ аьлла». Цара элира: «Хьо кхаьрдаш ву тхох?» Цо (Мусас) элира: «Дала ларвойла со жехIил нахах хиларх». Цара элира: «Хьайн Деле дехахь‚ и хIун етт бу тхуна билгалбе, алий». Цо элира: «Цо (Дала) боху: «И етт бу‚ къена а боцуш‚ жима а боцуш‚ юккъерчу барамехь‚ шайга омра дийриг кхочушде». Цара элира: «Хьайн Деле дехахь‚ цуьнан бос хIун бу тхуна билгалде, алий». Цо элира: «Цо (Дала) боху: «И етт бу‚ сирла-можачу басахь‚ шега хьоьжуш берш цецбохуш». Цара элира: «Хьайн Деле дехахь‚ билгалде тхуна‚ и муха бу‚ алий. Баккъал а, бежанаш вовшех тера хета тхуна. Тхо‚ Далла лаахь‚ дIанислур ма ду». Цо элира: «Цо (Дала) боху: «И етт бу‚ латта охуш я хи дуьллуш дIабоьжна боцуш‚ сакхтах цIена болуш‚ шена тIехь кхин бос боцуш». Цара элира: «ХIинца бакъдерг дийци ахь». ТIаккха цара цунна урс хьаькхира‚ уьш герга ца хилира шаьш и дан».
(«Аль-Бакъарат», 67-71)
ТIаккха Дала омра дина, оцу аьттан цхьа дакъа веллачух тоха, аьлла. Цара и тоьхча, велларг денвелла. Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) хьо вийнарг мила ву, аьлла, хаьттина цуьнга. Цо жоп делла, ша вийнарг шен вешин кIант хьенех ву, аьлла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «(Хьахаде цаьрга): «Аша адам дийра, цу тIехь вовшашца девне девлира шу, Дела ма ву аша дIахьулдеш дерг гучудоккхур долуш».
(«Аль-Бакъарат, 72»)
Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Цара муьлхха етт схьа а лаьцна, цунна урс хьаькхна хиллехьара, царна лууш дерг кхочуш хир ма дара. Бакъду, цара шайна даздира (хеттарш деш), тIаккха Дала а царна даздира (и етт карабарехь)».
Цул тIаьхьа, оцу шовзткъа шара чохь ХIарун (Делера салам хуьлда цунна) кхелхина, цара иза аренгахь дIа а воьллина. Иза кхелхина ши шо даьллачул тIаьхьа Муса а (Делера салам хуьлда цунна) кхелхина. Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Деле дехна хилла, шен кхалхар Иерусалимана уллохь хилийтахьара, аьлла. Дала цуьнан дехарна жоп делла, веллачул тIаьхьа цара иза Байтуль-Мукъадис (Аль-Акъса) олучу маьждигана уллохь дIавоьллина.

ХIокху вай дийцинчух схьалаца дезарг

1. Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) – шен къам ФирIавнах кIелхьардаккха Дала ваийтина элча хилар.
2. ФирIавн, ша Дела ву бохуш харц дов деш, керсталла дарехь дозанал тIехваьлла, Делан луьра мостагI хилар.
3. Везчу Дала Шен лешна йина чIагIо кхочушъеш хилар.
4. ОьгIазвахар – адам тилош долчу шайтIанан балхах хилар.
5. Шегара даьллачу къинна дохко а ваьлла, Далла хьаста а велла шена гечдар дехначунна Дала гечдеш хилар.
6. Зуламхочунна а, Iеса хIума деш волчунна а гIо дан дезаш цахилар.
7. Шена тIе кхераме хьал хIоьттича, Деле доIа дан дезаш хилар.
8. Iаламаш кхоьллинчу Дала Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна), юкъарлонча а воцуш, Шеца къамел дарца вазвина хилар.
9. ХIаллакьхиларна гергавахча диллина долу ийман Дала къобалдеш цахилар.
10. Шайга ваийтинчу пайхамарна муьтIахь цахиллачарна Дала Iазап луш хилар.
11. Ша деллачу ниIматана шукра ца деш берш Дала оцу ниIматах дIахадош хилар.
12. Бехк боцу стаг вийнарг я кхечу кепара нахана зулам динарг Дала къайла ца вохуьйтуш, гучувоккхуш хилар.
13. Хаттарш дукха дарца хIуманна кIорге кхиа гIерташ берш, дукхахьолахь, дакъазабовлуш хилар.

Магомедов С.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*