Муса-пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

(Чаккхе. Юьхь еша I0-чу лоьмарехь)

Мусана (Делера салам хуьлда цунна) Дала билгалонаш елла, и пайхамар хиларна тоьшалла деш йолу. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «И хIун ю хьан аьтту куьйгахь ерг‚ хIай Муса?» Цо (Мусас) элира: «И сан Iаса ю‚ со цунна тIетевжа‚ ас цуьнца сайн жана гIаш дегадо‚ суна цуьнгахь кхин пайданаш а бу». Цо (Дала) элира: «Охьатаса и, хIай Муса!» Цо и охьатесира, цунах чехка текхаш текхарг хилира». Дала аьлла: «Схьаэца и‚ ма кхера! Шен хьалхалеррачу куьце ерзор ю и Оха. Хьайн куьг хьайн агIонна тIетаIаде – кIайделла схьадер ду иза, цхьа зен а доцуш – кхин делил ду хьуна!»
(«ТIахIа», I7-22)
Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) ФирIавн а, Мисарара бахархой а Дела цхьаъваре кхайкхина. Бакъду, ФирIавна къобал ца бина цуьнан кхайкхам, цо деанарг бозбуанчалла ду, аьлла цо. Цул тIаьхьа цо омра дина, Мусана (Делера салам хуьлда цунна) дуьхьалбаха Мисарахь мел болу саьхьарлончаш гулбе, аьлла. Цхьана дийнахь йоккхачу майданахь гулбелла нах. ФирIавнан саьхьарлончаша шайн Iасанаш, чуханаш а охьатесча, нахана моьттина царах текхаргаш хилла. Дала Мусана (Делера салам хуьлда цунна) дагатесна, хьайн карара Iаса охьатаса, аьлла. Цо и охьатесча, цунах йоккха текхарг хилла, цо церан кегий текхаргаш йиъна. И тамашийна болх шайна гича, саьхьарлончаша ийман диллина. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Саьхьарлончаш суждане охьаийгира. Цара элира: «Оха ийман дилли ХIарунан а‚ Мусан а Деле».
(«ТIахIа», 70)
Шегара пурба а доцуш ийман диллина аьлла, ФирIавна уьш ирхъохка сацам бина. Цул тIаьхьа Везчу Дала шен пайхамаре Мусага (Делера салам хуьлда цунна) омра дина, Исраилан доьзалш эций буьйсана Мисарара аравала, аьлла. Iуьйрана ФирIавн шен эскарца тIаьхьаваьлла царна. Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) шен къомаца хIорда йисте кхаьчча, Исраилан доьзалш кхерабелла ФирIавн шайна тIекхиарна. Везчу Дала Мусага (Делера салам хуьлда цунна) омра дина, хьайн Iаса хIордах тоха, аьлла. Цо хIордах Iаса тоьхча, Дала хIорд бекъабалийтина царна. Исраилан доьзалш хIордах дехьабовлуш гича, ФирIавн шен эскарца тIаьхьаваьлла царна. Муса а (Делера салам хуьлда цунна), цуьнца цхьаьнаберш а дехьабевлча, Дала хIорд тIеттIабахийтина, ФирIавн а, цуьнан эскар а хIаллакдина. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха хIорд бийкъира Исраилан доьзалшна. ФирIавн а‚ цуьнан эскар а тIаьхьаделира царна зуламций, мостагIаллиций. Ша хIорда бухаваха воьлча‚ цо (ФирIавна) элира: «Со тийши кхин Дела цахиларх, Шех Исраилан доьзалш тешнарг бен‚ со муьтIахь болчарах (бусулба нахах) ву-кх». Дала цуьнга аьлла тIаккха: «ХIинца (ийман дуьллу ахь)? Хьалха-м Iеса хилира хьо, бохамаш бечарах а ма вара хьо! Тахана Оха кIелхьарйоккхур ю хьан дегIан чарх, хьол тIаьхьа богIучарна хьо масал хилийтархьама. Баккъал а, нахах дукхахберш Тхан аятех гIопал хилла ма бу».
(«Юнус», 90-92)
Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Исраилан доьзалшца хIордах дехьаваьлча, жIарашна Iибадат дечу нахана тIекхаьчна уьш. Исраилан доьзалша Мусага (Делера салам хуьлда цунна) дехар дина, цара санна Iибадат дан шайна дела вехьа, аьлла. Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) царна оьгIазвахана, цо царна хьехам бина, АллахI воцчунна Iибадат дан мегаш дац, аьлла. Цо царна дагадаийтина, Дала уьш Iилманца а, шарIаца а, царна юкъара элча ваийтарца а шайн заманахь долчу Iаламал базбина хилар. Цул сов, ФирIавнах кIелхьарбахарца, церан бIаьргашна а гуш и хIаллакварца а, церан бахамах ирс эцийтарца а Дала царна дика дина хилар дийцина цо царна. Веза-Сийлахьчу Дала Муса-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) чIагIо йина, шовзткъа де даьллачул тIаьхьа ТIур олучу лома тIехь Ша цуьнга жайна (Товрат) лур ду, аьлла. Шен ваша ХIарун (Делера салам хуьлда цунна) Исраилан доьзалшна тIехь Iуналла дан а витина, Муса (Делера салам хуьлда цунна) Делаца къамел дан вахча, Самирий бохучу стага шайгахь долу дети а‚ деши а лалийна, цунах эса дина‚ шена чухула мох бахча‚ дека а декаш. Цунна Iибадат дан буьйлабелла уьш. Муса (Делера салам хуьлда цунна) ломана тIекхаьчча, Дала цуьнга хаьттина, хьайн къам дитина, сихвелла хIунда веана хьо, аьлла. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) жоп делла, уьш шен лорах тIаьхьабогIуш бу, Хьо резавархьама сихвелира со Хьуна тIекхача, аьлла. ТIаккха Дала цунна дийцина, Исраилан доьзалш эсана Iибадат деш тилабелла хилар. Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) сихонца шен къоме юхавахана, тиларх уьш хьалхабахархьама. Шен бIаьргашна уьш эсана Iибадат деш гича, оьгIазвахана, шен аьрру куьйгаца ХIарунан (Делера салам хуьлда цунна) маж лаьцна, аьтту куьйгаца цуьнан коьртан месаш а лаьцна, иза текхон волавелла и. Бакъду, ХIаруна (Делера салам хуьлда цунна) дийцина цунна, эсана Iибадат ма де аьлла ша хьехам бича, царах цхьаболчара бен и къобал ца бира, тIаккха Исраилан доьзалшна юккъехь питана даларх, уьш бекъабаларх а кхеравелла, сецира ша, аьлла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо (Мусас) элира: «Сан Дела! Гечдехьа суна а‚ сан вешина а‚ Хьайн къинхетамна чу а дигахь тхо. Хьо ву-кх уггаре а Къинхетаме верг».
(«Аль-АIраф», I5I)
Муса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Исраилан доьзалша шена Iибадат дина эса лала а дина, хIорда чу кхоьссина. Кхетам болчу нахана хиъна, эсана Iибадат дарца шаьш галдевлла хилар. Цара Мусага (Делера салам хуьлда цунна) дехар дина, шайна гечдар доьхуш Деле доIа дехьа, аьлла. Царна юккъера кхузткъе итт стаг а хаьржина, Муса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Деле царна гечдар деха вахана. Везачу Дала омра дина, шен тоба къобал хила лууш волчо ша-шен дегI ден деза, аьлла. Царах цхьаболчара шайн догIмаш дайъина, тIаккха Дала церан тоба къобалдина.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Мусас шен къоме аьлла хан хьахае: «ХIай сан къам‚ аша шайна зулам дина‚ аша эса (Iибадат дан) лацар бахьанехь. Тоба де шаьш Кхоьллинчуьнга‚ тIаккха шаьш дайа. И дика ду шуна шаьш Кхоьллинчунна гергахь – тIаккха Цо шун тоба къобалдира, баккъал а, И ма ву тоба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а».
(«Аль-Бакъарат», 54)
(ТIаьхье хир ю)

Магомедов С.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*