Мотт-эладита лелорх ларло вай!

Мотт-эладита-лелорх-ларло-вай!Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, уьш кхобуш, кхиош Волчу. Делера къинхетам а, маршо а хуьлда Цо адамашка, жинашка дин кхайкхош ваийтинчу Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а, цара беанчу нийса некъа тIехь схьабогIуш болчарна а.

Лараме махкахой!
Мотт-эладита лелорца бусалба нехан юкъаметтиг талхор доккха къа ду. Иза хьарам хиларна тоьшалла деш ду Къуръанан аяташ, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш. Веза-Сийлахьчу Дала Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) омра деш, аьлла: «Хьо муьтIахь ма хила харцонна тIехь дуйнаш бууш, сийсаз волчунна, нахана тIаьхьашха луьйш, царна юккъехь мотт-эладита дIасакхоьхьуш волчунна». «Аль-Къалам», 10, 11.
Абу Ваила дийцина, Хьузайфате (Дела реза хуьлда цунна) хабар кхаьчнера, цхьа стаг мотт-эладита лелош ву, аьлла. Цо тIаккха элира, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Ялсамани чу гIур ма вац мотт-эладита лелош верг». Муслим.
Хьузайфата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ялсамани чу гIур ма вац нахана юккъехь мотт-эладита дIасакхоьхьуш верг». Бухари.
Имам ГIазалис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шена тIе мотт-эладита кхаьчначунна тIехь ялх хIума лардар декхар ду:
1. Мотт-эладита эцна веанарг, цуьнан дош къобал ца деш, бакъцавар, хIунда аьлча иза Далла Iеса хилла фасикъ волу дела.
2. Ша лелош долчу мотт-эладитанах иза юхатохар, цунна хьехам бар, цуьнан болх эрчабаккхар.
3. Делан дуьхьа цунна оьгIазвахар, хIунда аьлча Далла гергахь иза шена оьгIазло хилларг ву, Делан дуьхьа оьгIазвахар важиб а ду.
4. Цо шена вуьйцучух вуон ойла ярца дегабаам ца бар. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «ХIай ийман диллинарш, шу ларло дуккха а шайна моьттуш долчу хIуманах». «Аль-Хьужурат», 12. IабдуллахIан кIанта Бакрас аьлла: «Ахь бакъдерг дийцича а хьуна мел хир боцуш, хьо галваьлча хьуна къа а хир долуш къамелдарх ларлойла хьо, иза – ахь хьайн вешин хьокъехь вуон ойлаяр ду».
5. Хьайна дийцинарг бакъ ду я харц ду хьажа гIерташ, хьо таллам беш тIаьхьаваьлла ца лелар. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Нехан сакхташ лехарна тIаьхьа ма довла шу». «Аль-Хьужурат», 12.
6. Мотт-эладита лелош волчунна дихкина хIума шен дегIана ца дезаш хилар, цо шена дийцинарг даржацадар а.
Iавфан кIанта Шабла (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Шена хезна долу ирча къамел даржийнарг, иза (къа хиларехь) и къамел долийнарг санна ву». Абу НуIайм.
Цхьана стага Iабдул-Iазизан кIанте Iумаре (Дала къинхетам бойла цунах) цхьа стаг вийцира. Iумара цуьнга элира тIаккха: «Хьуна лаахь, ахь дуьйцург хIун ду хьовсур ду вай. Нагахь хьо харц луьйш велахь, хIокху аято вуьйцург ву хьо: «ХIай ийман диллинарш, шуна тIе хабар дохьуш Iеса стаг веача, иза бакъ ду я дац хьовсалаш». «Аль-Хьужурат, 6.
Нагахь хьо бакълуьйш велахь, хIокху аято вуьйцург ву хьо: «Нахана тIаьхьашха луьйш, мотт-эладита дIасакхоьхьуш верг». «Аль-Къалам», 11.
Хьуна лаахь, тхо хьуна, геч а дина, къинтIера а девр ду-кх. Оцу стага элира: «КъинтIера валахьа суна, хIай бусалба нехан паччахь, и санна долу хIума кхин лелор ма дац ас».
ШуIбата дийцина, Абу Аль-Ахьвасанна хезна хилла IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) олуш: «Баккъала а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш вара: «Харцонах лаций дийца ас шуна? Нахана юккъехь бохам хир болчу агIор мотт-эладита дIасакхехьар ду иза». Муслим.
Язийдан йоIа Асмаа дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух уггар вуон берш бийца ас шуна?» Цара дийхира, бийцахь, аьлла. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Вовшашна безаш болчеран юкъаметтиг талхош, бехк боцчу нахана тIехь харцонаш а кхуллуш, мотт-эладита дIасакхоьхьуш берш бу». Ахьмад.
Нафийран кIанта Жубайрас дийцина, Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Муьлхха стаг и велахь а, бехк боцчу стагана тIехь дуьнен чохь иза бехвархьама ша харц цIе кхоьллинарг – и бахьана долуш къематдийнахь жоьжахатин цIергахь иза ваго АллахIа чIагIо йина». Мунзири.
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Шен бусалба вешех бахьана дина, ша цкъа кхаллал йолу хIума йиънарг, Дала и бахьана долуш цунна жоьжахатин кхача баор бу. Шен бусалба вешех бахьана дина, ша духар дуьйхинарг, Дала и бахьана долуш цунна жоьжахатин духар тIедухур ду. Шен бусалба вешех бахьана дина, нахе шен цIе йоккхуьйтуш, ша гIараваьлларг, Дала и бахьана долуш Къемат-дийнахь (таIзар дарца, юьхьIаьржа хIоттоарца ) гIаравоккхур ву иза». Абу Давуд.
Абу Аль-Жавзаа дийцина, Ибн Iаббасе (Дела реза хуьлда цаьршинна) хаьттира ша, аьлла: «Ахь суна дийцахь, Дала Къуръана чохь «Вайлун бохуш йолу жоьжахатин боьра хир бу нехан сакхташ лоьхуш волчунна» аьлла, хьахийнарг мила ву?» Цо элира: «Шина вешин юкъаметтиг талхош, нахана юккъе питана туьйсуш, мотт-эладита лелош верг ву иза». Имам СуютIи.
Маймунан кIанта Iамра дийцина, Муса-пайхамарна (Делера салам хуьлда цунна) ша Далла тIекхача сихвелла воьдуш, Iаршан IиндагIехь цхьа стаг гира, аьлла. Цуьнгахь долчу даржах хьаьгира иза, цо элира: «Далла гергахь ма сийдолуш ву хIара стаг?» Цо Деле дийхира оцу стеган цIе йийцахьара шена, аьлла, Дала цунна ца йийцира иза. Дала цуьнга элира: «Ас дуьйцур ду хьуна цунах лаьцна кхо хIума: Дала царна деллачу диканна тIехь нахаца хьагI лелош вацара иза; шен да-нана холчухIиттош вацара иза; мотт-эладита дIасакхоьхьуш вацара иза». Ахьмад.
Лераме махкахой! Мотт-эладита лелор бахьанехь кошахь Iазап хир ду аьлла, билгалдина жайно. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шина кошана уллехула тIехвелира, тIаккха цо элира, аьлла: «Оцу шина кошахь волчу шинна Iазап луш ду. Цаьршинна Iазап луш дац (цаьршинна гергахь) доккха хIума бахьана долуш. Бакъду, цаьршимма динарг (Далла гергахь) доккха ду: цаьршиннах цхьаъ мотт-эладита лелош вара, шозлагIниг шен хьашт кхочушдечу хенахь (хьатI тоьлуш цинцех ларлуш вацара) нахах лечкъаш вацара». Бухари, Муслим.
КаIба (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Мот-эладита лелорх кхоьруш хилалаш, баккъала а, мотт-эладита лелош хилларг кошан Iазапах паргIат вер ма вац».

Сан лараме
вежарий, йижарий!

ХIокху сийлахьчу аяташа, хьадисаша вайна гойту мотт-эладита лелорехь хуьлуш болу бохамаш, адамашна цо деш долу зуламаш а. Дуьненан дахарехь сингаттам латтабо цо, нехан юкъаметтигаш а талхош, амма эхартахь хиндолу Iазап кхин доккха а, луьра а ду.
Веза-Сийлахьчу Дала вай нисдойла дуьненахь, эхартахь вайна пайден долчунна тIе, Цо вай лардойла вайн дуьне, эхарт талхош долчу хIуманах.

Магамедов Сулиман

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*