Мерана операци ян мегий, кагбелла хилча? Цхьа а къа долуш х1ума дуй иза?

22351650_587966811327043_7024224248726028288_n(1)

Мерана операци ян мегий, кагбелла хилча? Цхьа а къа долуш х1ума дуй иза?
Жоп: Мара, лерг, я кхи йолу меже, хила езачул йоккха елахь, масала, мара гома белахь, лерг доккха делахь, вуьшта кагъелла меже елахь, лоьрашка и меже толуш елахь, и мегар ду. Амма меже хила ма еззара а йолуш, хьуо кхин а хазвала г1ераташ велахь, мара нехачул жима байта я бахбайта г1ерташ велахь – и мегар дац. Х1унда? Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вале хьалха йолчу заманахь, т1ом болчу хенахь, цхьана 1арбичо, т1аьхьа Элчана асхьаб хилла цунах, шен мара кагбелча, и д1а а баккхийтина, дато мара биллийтина хилла. Т1аккха пайхамара (Делера салам-маршалла хилда цунна), и д1а а бакхий дашо мара байта, аьлла хилла цуьнга, даточух хьожа йог1у, аьлла.

Хаттарна жоп делла Шар1ан 1илманан кандидата Шайх Хираханов Асвада

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*