Дешархочунна хьехам

1 (1)Хьайга гечдалучу хенахь гечдар а, сагIа далар ду хьуна. Хьайн вешина къайлах диканца доIа дар а сагIа далар ду хьуна. Хьайн вешигара гIалат далахь, цунна бехказло а лехна, цунах йолу вон ойла дIаяккхар а сагIа далар ду хьуна. Хьайн ваша уллохь воцуш, цуьнан сий лардар а сагIа далар ду хьуна.

Масалш

Шен дешархочуьнца цхьаьна кха т1ехула схьавог1уш хилла цхьа шайх. Мачаш го цаьршинна, кха т1ехь 1охкуш. Балха веанчу цхьамма йитина хир ю, ша болх бина ваьлча, д1ахьур хир ю олий, дагадог1у цаьршинна.
Ц1еххьана цхьаъ дагадеанчу дешархочо шайхе олу:
– Мачаш д1а а лачкъийна, уьш яйна моттийта, ахархо хьовзон, забар ян воллу со. Хьуна х1ун аьлла хета? Мачаш д1аяьхьа веача, цунна уьш ца карийча, цо х1ун до хьожур ву вайшиъ.
Шайха хьехар до шен дешархочунна:
– Хьуо санна долчу адамна сингаттам баккха мегар дац. Хьо таро йолчу нехан ву. Хьайна самукъаненна ахь цхьа х1ума дан мегар ду. Цу мачаш чу ахча а диллий, д1а а лачкъий, цо х1ун до хьажа.
Хьехархочо аьлларг тов к1антана. Шина а мачи чу ахча а дуьллий, д1алечкъа и, мачийн да схьавеача, цо х1ун до хаа лууш.
Жимма хан яьлча, схьавог1у мачийн да. Уьш кога юьйхича, чохь цхьа х1ума хаалой, схьаяьхна хьаьжча, ахча карадо цунна. Шолг1ачу мачи чохь а карадо иштта ахча. Цу балхах цецваьлла, д1асахьаьжча, цхьа а ган а ца го. Т1аккха гор а х1уттий, велха а воьлхуш, стигала хьала а хьоьжуш, Делаца къамеле волу и:
– Хастам бу-кх Хьуна, Дела! Х1усамнана могаш йоцуш, цунна дарбанна дан х1ума доцуш, мецачу берашна юучунна таро йоцуш, холчохь волчу суна орцахвели-кх Хьо! Х1аллакьхуьлучуьра к1елхьарадехи-кх Ахь тхо!
Дикка 1а ахархо иштта Далла хастам беш. Дешархочунна ч1ог1а дагах кхета и сурт. Ши б1аьрг хих бузу цуьнан.
Шайха хотту:
– Иштта хазахетар дика дац хьуна, и миска хьовзорхьама мачаш д1алечкъочул а?
Дешархочо жоп ло:
– Цкъа а бицлур боцу хьехам хили суна кхунах. Х1инца кхийти-кх со «хьо д1алуш хилахь, схьаоьцуш волчул а ирсе хир ву хьо» бохучун маь1нех.
Шайха элира:
– Хаалахь, х1ума ялар масех кепара ду хьуна:
Хьайга гечдалучу хенахь гечдар а, саг1а далар ду хьуна.
Хьайн вешина къайлах диканца до1а дар а саг1а далар ду хьуна.
Хьйн вешигара г1алат далахь, цунна бехказло а лехна, цунах йолу вон ойла д1аяккхар а саг1а далар ду хьуна.
Хьайн ваша генахь волуш, цуьнан сий лардар а саг1а далар ду хьуна.

1аьрбийн маттера гочдинарг – Тимералиев Ахьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*