МАРХИЦА ДОЛУ БЕРКАТ

05c88b330acfba9e68f797b95c82ae47Къинойх вай лардалийта а, ялсамани даха бахьана хилийта а вайна марханаш кхабар тΙедиллинчу Далла хастам бу. Делера къинхетам а, маршо а хуьлда, Цо пайхамараллина хаьржина волчу, Делах кхоьруш болчу нехан имам хилла волчу Мухьаммадана, цо аьлла: «Марха (къинойх ларвеш йолу) дуьхьало ю, сагIано къинош дIадойу, хино цIе дIаяйарх терра».
(Ат-Тирмизи)
Марха деза хилар хууш ду, цуьнах йолу ял йоккха ю. Дикачу Iамалашна Дала ял иттанна тΙера ворхΙ бΙене кхаччалц совйоккху, амма марха Дала Шен ду аьлла, цунах Ша къаьсттина ял лур ю аьлла. Лекхаволу Дела Шен лешца зуламе вац, комаьрша ву. Шен дуьхьа даар-малар дитина верг Цо ялсаманин стоьмашца кхобур ву, Салсабила олучу ялсаманин татолах хи малор ду. Марха кхобуш, шен дегI лаамех сацийначунна, элира-бохур дитиначунна Дала ялсаманин мехкарий дола бохур бу. Далла гергахь долу ниIматаш дукха ду, нахана хууш дерш кIезиг ду. Марха кхобуш волчун багара хьожа Далла гергахь миск олучу IатIарал а хаза ю. Ялсаманин Райян олуш цхьа неI ю, марханаш кхаьбнарг бен чугIур воцуш.
Лекхаволчу Дала аьлла: «Баккъал а, (Делах) кхоьруш берш (ялсаманин) бошмашкахь а, ниIматашкахь а хир бу, шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна деллачуьнца зовкх хьоьгуш.Кхиош-кхобучо жоьжахатин Iазапах кIелхьарабаьхна бу уьш. ГIоза даа, гIоза мала (эр ду цаьрга) аш (шаьш дуьнен чохь долуш) йинчу Iамалийн дуьхьа».
(Ат-ТIур сурат,
17,18,19 аяташ)
Делан дуьхьа ша кхаба ма-деззара марханаш кхаьбнарг, пайхамаршца а, эвлаяашца а, шахIидашца а цхьаьна хир ву, Дела реза хилар ду цунна. ХIокху дуьненахь кхин барт хаттар, таIзар дар доцуш цIенна Делан дуьхьа ма ду цуьнан марха кхабар. Дала ял лур йолуш долу доккха собар ма ду иза, довхачу а, дехачу а дийнахь дууш, молуш доцуш Iар. Лекхаволчу Дала доIина жоп луш ву Шен дуьхьа марха кхобушверг. Ши хазахетар а ду цунна: марха достучу хенахь дерг а, хьесапан Далла дуьхьал хIоьттича дерг а. Шен мархано харцлерах, мотт-эладита лелорах, гIийбат-бухIтанах, эрна къамелах, цаоьшуче хьежарх, цамегаче ладегIарх, вон а, боьха а мел долчух сацош вацахь, Далла оьшуш дац цуьнан мацвалар а, хьагвалар а, ша марха кхобу бохуш цо къахьегар а.
Шега дов хьедеш цхьаъ валахь, марха долчо олийла: «Со марха долуш ву, со марха долуш ву». Ша-шех воккхавер доцуш, рияана а доцуш, шен марха лардеш олийла цо иза.
Дийнахь марханаш кхаьбначунна хьалха цо диначу къиношна гечдар хир ду. Буса ламазаш деш лаьттиначунна Делан къинхетам а, йоккха ял а хир ю. Буса Iамал яр дац, чайнаш муьйлуш, шен бусалба вежаршна луьйш, гIийбаташ деш, уьш сийсазбеш Iар. Къуръан доьшуш, таравийхь ламазаш деш, Лекхаволу Дела хьехош, Цо кхоьллина мел долчу хIуманан ойланаш еш, дагца а, маттаца а Цунна хастам беш Iар ду Iамал яр.
Рамазанан тIаьххьарчу итт буьйсанна а (таравийхь) ламазаш ца деш Iийнарг, уггар бакъ дош– Делан къамел Къуръан доьшуш шен самукъа цадаьккхинарг – Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатах хадарна боккха эшам хир бу цунна.
Рамазан баттахь а шена гечдар ца лехнехь, шо эрна довр ду-кха цуьнан.
Рамазанан тIаьххьарчу итт буьйсанна, шен вуьжу мотт дIанисбой, Далла Iамал еш, вижар кIезиг долуш, шен зударех дIахерлуш хилла Делан салам хиларг. Шен доьзал а Iамална самабоккхуш хилла цо. Лекхаволчу Делан дашца Iамал еш, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «Кхайкха (доIа де) шаьш Кхиош-кхобучуьнга мукIар хиларца а, меллаша а (доIа деш маьхьарий ца бетташ, хабарна тIерахилар доцуш). Баккъал а Цунна ца беза дозанах бовлурш. Боьханиг ма леладе лаьттахь (Iесаллица а, ширк дарца а), (элчанаш бахкийтина) иза цIандинчул тIаьхьа. Кхайкха Цуьнга (Цуьнан таIзарх) кхерарца а, (Цуьнан къинхетаме) дог дахарца а. Делан къинхетам герга бу (Цуьнан омрана) муьтIахь болчарна (Цо дихкинарг дуьтуш болчарна)».
(Аль-А1раф сурат,
55, 56 аяташ)
Вай Кхиош-кхобуш волчу вайн Дала, Рамазан беттан хIора дийнахь, (жоьжахатина хьакъ хилла болчу Шен лайх) бIе эзар лай Iазапах хьалха-вуьту, тIаьххьарчу буьйсанна берриге а баттахь хьалхабитинчул кхин а оццул Iазапах хьалхабуьту. Буьйсанна оццул къинхетам Дала беш хилча, ткъа дийнахь дерг муха хила деза?! Iазапана хьакъ болчу нахана оццул дика болх хилча, ткъа Делах кхийрина болчу дикачу нахана хIун бекхам хила беза?! Дика Iамалш еш, Далла хьесталуш, шайна гечдар доьхуш, велларг дIавуллуш, цомгашчарна зераташ деш, дай-наной резабеш, боберийн а, уьш кхобучеран а дола деш хиллачеран бекхам хIун хила беза?!
Мухьаммадан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматан санна лерам цхьана а умматан бина бац Лекхаволчу Дала; Рамазан баттахь къиношна гечдеш, сакхташ хьулдеш, доIанашна жоп луш, мел совбоккхуш.
Элчано аьлла (Делера къинхетам а, маршо хуьлда цунна): «Пхи ламаз а, рузба а – вукху рузбане кхаччалц, Рамазан бутт а – вукху Рамазане кхаччалц, царна юккъехь дина долу къинош дIадойуш бу, даккхийчу къинойх ларвелчхьана».
(Муслим)
(Даккхийчу къиношна, даггара дохковаьлла, тоба дан деза, кхин цаьрга воьрзур воцуш. Делан къинхетамах дог дилла мегар дац).
Иштта Делера салам хиларо аьлла: «Рамазан бутт тIебеъча, ялсаманин неIарш схьайоьллу, жоьжахатин неIарш дIакъовлу, шайтIанашна буржулш туху»
(Ахьмад, ан-Насаий)
Кхечу хьадисехь цо (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Рамазан баттахь Дела хьехийначунна гечдар хир ду, оцу баттахь Деле дехнарг жоп доцуш вуьсур вац».
Цхьана стага Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу веана хаьттина хилла: «Ас сайна тIедиллина долу фарз пхи ламаз дича, мархийн бутт кхаьбча, хьанал дерг хьанал дича, хьарам дерг хьарам дича, цул сов ас кхин хIумма а ца лелийча, со ялсамани гIур вуй?» ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ГIур ву».
(Муслим)
Веза-Сийлахь волчу Дала Шена муьтIахь болчарех дойла вай.

Муртазаев С.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*


 
 

Политика конфиденциальности