Основы поклонения

Марха кхаба хьарам долу денош

iа) Марха дастаран а, гΙурба деран а Ιийданашкахь хьарам ду марха кхабар;
Абу-ХΙурайратера (Дела реза хуьлда цунна) долчу хьадисехь ду: «Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шина дийнахь марха кхабар дихкина хилла аьлла: гΙурба деран дийнахь а, марха дастаран дийнахь а». (Муслим)
аь) Ташрикъан кхаа дийнахь марха кхабар хьарам ду;
Ташрикъан деношкахь, Ιийдал тΙаьхьа догΙуш долу кхо де дууьш.
Делера салам хиларо аьлла: «Ийман диллинарг бен ялсамани чу гΙур вац, Минахь дохуш долу денош дааран-маларан денош ду». (Муслим)
Ιамр бин-аль-Ιасера (Дела реза хуьлда цунна) долчу хьадисехь ду: «ХΙара денош, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тхоьга хΙума яарца омра деш, марха кхабар тхуна доьхкуш хилла (денош) ду», – аьлла. (Абу-Давуд)
б) Шеконан дийнахь марха кхабар хьарам ду;
Иза ШаΙбан беттан ткъе итталгΙа де ду я Рамазан беттан хьалхара де ду бохуш, нах шекболу де ду. ЦIена бутт газа белахь, оцу дийнахь марха кхаба мегаш дац, ШаΙбан беттан тΙаьххьара де лара деза иза.
Делан салам хиларо аьлла: «Нах шекболчу дийнахь марха кхаьбнарг Абуль-Къасимна Ιеса хилла».
(Абу-Давуд, ат-Тирмизи)
Абуль-Къасим Элчанах олуш хилла, (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
в) ШаΙбан беттан шолгΙачу декъехь марханаш кхабар хьарам ду;
Делан салам хиларо аьлла: «ШаΙбан бутт юккъе бахча, марханаш ма кхабалаш». (Абу-Давуд, ат-Тирмизи)
Вукху хьадисехь ду: «ШаΙбан бутт юккъе бахча, Рамазан бутт тΙекхаччалц цхьа а марха дац», – аьлла. (Ибн-МажахΙ)
Бакъду, шен Ιадатехь ШаΙбан бутт юккъе бахале марханаш кхобуш схьавогΙуш волчунна хьарам дац ШаΙбанан шозлагΙчу декъехь а, шеконан дийнахь а марха кхабар.
Делера салам хиларо ма-аьлла: «Цхьана я шина дийнан марха Рамазан баттал хьалха ма даккхалаш, марха кхобуш (схьавогΙуш) волчо бен, ткъа цо иза кхобийла».
(Аль-Бухари, Муслим)
Амин, валь-хьамду лиллахIи Раббиль-Iаламийна, вас-салату вас-саламу Iала саййидиль-мурсалийн.

Муртазаев С.