Марха дастаран Iийд

i

АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Шена муьтІахь берш айбеш, Шена Іеса берш сийсазбеш верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Марханаш кхобучарна ял луш, цакхобучарна таІзар деш верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Сийлалла Делехь а, Цуьнан Элчанехь а (Делера салам а, маршалла а хуьлда цунна), ийман диллинчу нахехь а ю, сийсазалла шайтІанехь а, цунна тІаьхьабозучу керстачу нахехь а, Іесачу нахехь а, къинош летош болчу зуламхошкахь а ю. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Мухьаммадан уммат собаре хилла, Далла муьтІахь хилла, Рамадан беттан марханаш кхобуш ду. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалбанаш Къуръан доьшуш, ламазаш деш сахуьленга бовлуш бу. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, ийман диллинарш маьждигаш дузуш, ламазаш деш, Дела хьехош, Цуьнга къинхетам бар доьхуш доІанаш деш, Цо деллачу ниІматашна шукра деш бу. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалбанаш марханаш кхобуш, халонехь болчу шайн вежарийн хьелаш дагалоьцуш бу, къен-мискачу нахана сахь-закат даларца, царна гІодеш бу, самукъане болуш Іийдан-ламазе арабовлуш, Далла хастам беш, вовшийн декъалбеш, йоккха ял хиларца вовшашка кхаьънаш дохуш бу.
АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалба нах марханаш кхобуш, достуш, диканехь совбуьйлуш, Дела резавеш бу.
Аль-Хьамду ЛиллахІи, Далла хастам бу, йолан, а бекхаман а Іийдан де хІоттийна волчу, Шена Іибат деш берш резабеш волчу, къиношна гечдеш, дикачу Іамалшна ял совйоккхуш, бусалбанийн сий деш волчу. Вай Далла хастам бо, Рамадан беттан деношкахь, даар-малар дитина, Шена муьтІахь хила вайна тавфикъ (гІо) даларна. Вай Далла шукра до, таравийхь-ламазаш дарна тІехь, Къуръан дешарна тІехь Цо вайн аьтто барна. Вай Цуьнга, Веза-Сийлахь ву Иза, доьху Шен диканехь Цо вай совдахар, диканан неІарш ерриге а Цо вайна еллар, Ша хьехо а, Шена хастам бан а, Шена дика Іибадат дан а Цо вайна гІодар, нийсачу некъа тІехь Цо вай нисдар. Тхо Кхиош-Кхобург, Ахь тхан дегнаш бакъдолчу динах дІа ма хьовзаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тІаьхьа, Хьайн гергара къинхетам лолахь тхуна, баккъал а Хьо ма ву Хьайн лешна диканиг деш, диканиг луш. ЦІена ву АллахІ, И воцург кхин Дела а вац. Вай дог тешна тоьшалла до АллахІ воцург кхин Дела цахиларна, Иза Ша цхьаъ хиллачу хьолехь, Шен цхьа а накъост воцуш. Іийдан дийнахь даар-малар вайна хьаналдина Цо, бусалбане шен дег1аца а, шен доьзалца а комаьрша хила аьлла омра дина, марха кхабар хІокху дийнахь хьарам дина, хьанал долчу хьолах сагІа далар мелехь дина. Иштта вай тоьшалла до, вайн Эла Мухьаммад (Делера салам а, маршалла а хуьлда цунна) Цуьнан лай а, Элча а хиларна, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, бакъдолу дин кхайкхо а, сийлахь долу гІуллакхаш кхочушдан а халкъе ваийтина волу. Веза Дела, къинхетам бе Ахь, маршонехь сов а ваккха Ахь тхан Эла Мухьаммад, цуьнан доьзал а, асхьабаш а, дика хІума дарца, вониг дитарца царна тІаьхьабозуш берш а. Мила ву дашца дика верг Делан дине нах кхайкхинчул а, дика Іамал йинчул а, жоьжахатех нах ларбеш кхерам тийсинчул а, ялсаманица а, Дала цу чохь кечдинчу ниІматашца а кхаъ баьккхинчул а?!
АллахІу Акбар, АллахІу Акбар, АллахІу Акбар.
ХІай Делан леш! Дала, собаре хилла, марханаш кхаьбначарна, цара йиначу Іамална совбаккхарца мела лун де ду хІара, Шен дуьхьа цара диначунна, Шен лен сий-лерам беш де ду.
Мархийн бутт кхаьбна, сахь-закат даьккхина, Іийдан-ламазе арадевллачу шух, стиглара маликашна хьалха дозалла деш ву Веза-Сийлахь верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, ма самукъане бу марханаш кхаьбнарш достучу дийнахь, ма самукъане хир бу нахана кхераме долчу Къематан дийнахь.
Марханаш кхаьбначеран яххьаш Іийдан дийнахь елаелла, екхаелла хир ма ю, Іеса болчу нехан яххьаш кхоьлина хир ма ю. Дала нисвинарг а, Рамадан беттан марханаш дохийнарг а цхьатерра хир ма вац, диканна хьакъ хилла Дала хьалхаваьккхинарг а, Дела реза вина декъалхилларг ву хIара, важа, Далла муьтІахь волчуьра дІа а ваьлла, Делан дозанаш хедош волу зуламхо ву, бакъдерг шена гучудаьлча, цунна инкарло йинарг ву.
Лекха волчу Дала марха дастаран Іийд шарІе диллина ма дац, бусалбанийн шайн Іамалш, марханаш кхочушхиларца самукъадалийтархьама бен, Іийдан-ламаз шарІе диллина ма дац, бусалбанаш Шена хьалха дІахІиттийна, царна ял ялархьама бен. Шена муьтІахь хилларш, цара йиначу кІеззиг йолчу Іамална дуьхьал, Дала йоккха ял лур йолуш ма бу. Динехь нисбеллачу Шен лешца иштта комаьрша ву Веза-Сийлахь верг, цаьргара кІеззиг долчу бахьанин, боккха мохь царна тІера боккхуш. Делан комаьршалла йоккха ю, цуьнан къинхетам дукха бу.
Бусалбанаш хІокху дийнахь баккхийбеш, вовшашка саламаш луш, марабетталуш, шайн дика Іамалш дагалоьцуш, Делера йолчу йоле сатуьйсуш бу. Амма хІокху дийнахь даар-малар, керла бедар тІеюхар бен, кхин хІума хууш боцурш, я яхана буьйса а, я тІейогІург ца къаьсташ, динехь марзо йоцурш, царна шаьш лелочух Делера мел хир ма бац, йоккха ял яккха аьтто боллушехь ІадІерна уьш дохкобевр ма бу, шаьш-шайх бехкаш дохуш уьш холчахІуьттур ма бу. Къематан дийнахь шайтІано цаьрга эр ду: «Шуна тІехь бакъо йолуш дацара со, шуьга кхайкхар доцург, аша суна жоп делира, хІинца сох бехкаш ма даха, Далла Іеса хиллачу шайн догІмех бехкаш даха».
ХІай бусалба нах, эрна яханчу ханна дохкодовлий, тоба дай, Далла тІедерза, Далла муьтІахь хила, дика Іамалш ян сихо е, шаьш Цунна дуьхьал кхетале.
Цхьаболу нах хуьлу Рамадзан баттахь вон мел дерг дитина, Іеса, фасикъ хилар дитина, Далла муьтІахь хилла марханаш кхобуш, моллалла кхойкхуш хезча, рузбане, жамаІатан -ламазе баха сихо еш, Дела хьехош, Къуръанаш доьшуш. ТІаккха, тІаьххьара марха чекхдаьлла, Іийдан буьйса тІееача, шайтІанца берта а боьлхий, хьанал-хьарам, цІена-боьха а ца къастош, дихкина мел дерг, вон мел дерг леладо цара. Оцу Делан мостагІчуьнца цхьаьна, кхийолчу ханна, Далла дуьхьал шайн Іесаллица тІом дІахьо цара. Цара деш долу зен Далла деш дац, Веза-Сийлахь верг Шен лешкара цхьана а хІуманан хьашто йолуш вац – шайн догІмашна ду цара деш долу зулам.
Бакълийна Делан Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Рамадан бутт тІебеача, ялсаманийн неІарш схьайоьллу, жоьжахатин неІарш дІакъовлу, шайтІанашна буржалш туху», – бохучу шен дашехь.
И Іеса нах ца хууш бу те шаьш Рамадан баттахь а, Шаввал баттахь а, цул тІаьхьа а Іибадат дийриг цхьа Дела вуй. Даима шайна рицкъа латтош, ниІматаш луш верг цхьа АллахІ вуй?
Декъал хир ву-кх, шайтІано бохург ца деш, шен лаамех юхаваьлла, Далла муьтІахь хилларг: «Далла а, Элчанна а муьтІахь хила, Шайна (Делера) Къинхетам хилийтархьма».
(«Алу-Iимран» сурат;
132-гІа аят)
ХьаьжцІа ваханчо шен хьаьж санна лардан дезаш ду марха а, ламаз а, сагІа а, Дела цхьаъ хиларх, Элча бакъхиларх деш долу тоьшалла а, муьлхха а ша дина долу дика хІума а. ХІорш дерриге а лардар хІун ду? Шен дикачу Іамална тІаьхьа вон Іамал цаяр ду. Вочу Іамало диканиг дІайоккху. Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вочу хІуманна тІаьхьа и дІадойуш долу дика хІума де аьлла. Дикачунна тІаьхьа вон дерг дар хьекъале дац. Дика Іамал къобал хиларан билгало ю цул тІаьхьа а дика хІума дар.
ХІай бусалба, хьан марха стигална а, лаьттана а юкъахь, Дала къобал ца деш кхозуш ду хьуна, къен-миска нахана ахь сахь-закат дІадаллалц. Хьайгахь долчу ялтех, дикачух ахь сахь даьккхича, Дала къобалдийр ду иза.
ХІокху Іийдан дийнахь, Далла дуьхьал хІуттуш бедарех цІенаниг, керланиг тІеюьйхича мелехь ду, божарша дарийн а дешийн а хІума ца юьйхичахьана, духарца а, леларца а божарий зударех, зударий божарех тар а ца белчахьана. Вовшийн самукъадаккха а мегар ду, динах а, гІиллакхах а ца воьхчахьана. Дагца а, маттаца а, дикачу Іамалшца а Дела хьехор мелехь ду, вовшашна а, меттахь бисинчу баккхийчарна а, цомгаш болчарна а, заьІапхошна а зераташ дар мелехь ду. Іеса хилар а, моттаргІанаш а, мостагІалла а дитар мелехь ду. Делах кхийрина, гечдеш, къинтІераволуш хиллачу Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) масал эцна, вовшашна къинтІерадовлар мелехь ду.
Динехь а, дуьненахь а, эхартахь а бусалбанашна маршо йоьхуш, церан барт хилар доьхуш, хьалха дІабаханчу вайн бусалба вежаршна гечдар доьхуш, Деле доІанаш дар мелехь ду. Бусалба динехь вай нисдарна Далла шукра дар, хастам бар, Цуьнан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Деле къинхетам бар доьхуш, иза маршонехь совваккхар доьхуш, салаваташ дахкар мелехь ду.
АллахІумма салли Іала Мухьаммадин ва Іала али Мухьаммадин ва саллим. Амийн, Валь-хьамду лиллахІи Раббил-Іаламийн.

Муртазаев Сайдмохьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*