Марха дастаран Іийд

Марха-дастаран-ІийдАллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Шена муьтІахь берш айбеш, Шена Іеса берш сийсазбеш верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, марханаш кхобучарна ял луш, цакхобучарна таІзар деш верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, сийлалла Делехь а, Цуьнан Элчанехь а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ийман диллинчу нахехь а ю, сийсазалла шайтІанехь а, цунна тІаьхьабозучу керста нахехь а, Іесачу нахехь а, къинош летош болчу зуламхошкахь а ю. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уммат собаре хилла, Далла муьтІахь хилла, Рамадан беттан марханаш кхобуш ду. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалбанаш Къуръан доьшуш, ламазаш деш сахуьленга бовлуш бу. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, ийман диллинарш маьждигаш дузуш, ламазаш деш, Дела хьехош, Цуьнга къинхетам бар доьхуш доІанаш деш, Цо деллачу ниІматашна шукра деш бу. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалбанаш марханаш кхобуш, халонехь болчу шайн вежарийн хьелаш дагалоьцуш бу, къен-мискачу нахана сахь-закат даларца, царна гІо деш бу, самукъане болуш Іийд-ламазе баха арабовлуш, Далла хастам беш, во-вшийн декъал беш, йоккха ял хиларца вовшашка кхаьънаш дохуш бу. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, бусалба нах марханаш кхобуш, достуш диканехь совбуьйлуш Дела резавеш бу.
Аль-хьамду лиллахІи, Далла хастам бу, йолан, а бекхаман а Іийдан де хІоттийна волчу, Шена Іибадат деш берш резабеш волчу, къиношна геч-деш, дикачу Іамалшна ял совйоккхуш бусалбанийн сий деш волчу. Вай Далла хастам бо, Рамадан беттан деношкахь даар-малар дитина, Шена муьтІахь хила вайна тавфикъ (гІо) даларна. Вай Далла шукра до, таравийхь-ламазаш дарна тІехь, Къуръан дешарна тІехь Цо вайн аьтто барна. Вай Цуьнга, Веза-Сийлахь ву Иза, доьху Шен диканехь Цо вай совдахар, диканан неІарш ерриге а Цо вайна еллар, Ша хьехон а, Шена хастам бан а, Шена дика Іибадат дан а Цо вайна гІодар, нийсачу некъа тІехь Цо вай нисдар. Тхо Кхиош-кхобург, Ахь тхан дегнаш бакъдолчу динах дІа ма хьовзаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тІаьхьа, Хьайна гергара къинхетам лолахь тхуна, баккъал а Хьо ма ву – Хьан лешна диканиг деш, диканиг луш. ЦІена ву АллахІ, И воцург кхин Дела вац. Вай дог тешна тоьшалла до АллахІ воцург кхин Дела цахиларх, Иза Ша цхьаъ хиллачу хьолехь, Шен цхьа а накъост воцуш. Іийдан дийнахь даар-малар вайна хьаналдина Цо, бусалбане шен доьзална комаьрша хиларца омра дина, марха кхабар хІокху дийнахь хьарам дина, хьанал долчу хьолах сагІа
далар мелехь дина. Иштта вай тоьшалла до, вайн эла Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Цуьнан лай а, элча а хиларна, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, бакъдолу дин кхайкхо а, сийлахь долу гІиллакхаш кхочушдан а халкъе ваийтина волу. Веза Дела, къинхетам белахь, маьрша а виталахь тхан эла Мухьаммад, цуьнан доьзал а, асхьабаш а, дика хІума дарца, вониг дитарца царна тІаьхьабозуш берш а.
Мила ву дашца дика верг Делан дине нах кхайкхинчул а, дика Іамалш йинчул а, жоьжахатех нах ларбеш кхерам тийсинчул а, ялсаманица а, Дала цу чохь кечдиначу ниІматашца а кхаъ баьккхинчул а?! Цхьа а вац.
АллахІу Акбар, АллахІу Акбар, АллахІу Акбар, Воккха ву АллахI-Дела.
ХІай, Делан леш! Дала, собаре хилла, марханаш кхаьбначарна, цара йиначу Іамална совбаккхарца мел ло де ду хІара, Шен дуьхьа цара диначунна, Шен лайшна сий-лерам беш де ду.
Мархийн бутт кхаьбна, сахь-закат даьккхина, Іийд-ламазе арадевллачу шух, стигаларчу маликашна хьалха дозалла деш ву Веза-Сийлахь верг. АллахІу Акбар, Воккха ву АллахІ-Дела, ма самукъане бу марханаш кхаьбнарш марха достучу дийнахь, ма самукъане хир бу нахана кхераме долчу Къематан дийнахь.
Іийдан дийнахь марханаш кхаьбначеран яххьаш елаелла, екхаелла хир ма ю, Іеса болчу нехан яххьаш кхоьлина хир ма ю. Дала нисвинарг а, Рамадан беттан марханаш дохийнарг а цхьатерра хир ма вац. Диканна хьакъ хилла Дала хьалхаваьккхинарг – Дела реза вина декъал хилларг ву, важа – Далла муьтІахь волчуьра дІа а ваьлла, Делан дозанаш хедош волу зуламхо ву, бакъдерг шена гучудаьлча, цунна инкарло йинарг ву.
Лекха волчу Дала марха дастаран Іийд шарІе диллина ма дац, бусалбанийн шайн Іамалш, марханаш кхочушхиларца самукъадалийтархьама бен, Іийд-ламаз шарІе диллина ма дац, бусалбанаш Шена хьалха дІахІиттийна, царна ял ялархьама бен. Шена муьтІахь хилларш, цара йиначу кІеззиг йолчу Іамална дуьхьал, Дала йоккха ял лур йолуш ма бу. Динехь нисбеллачу Шен лешца иштта комаьрша ву Веза-Сийлахь верг, цаьргара кІеззиг долчу бахьанах, боккха мохь (эхартан кхерам) царна тІера боккхуш. Делан комаьршалла йоккха ю, Цуьнан къинхетам шорта бу.
Бусалбанаш хІокху дийнахь баккхийбеш, вовшашка саламаш луш, марабетталуш, шайн дика Іамалш дагалоьцуш, Делера йолчу йоле сатуьйсуш бу. Амма хІокху дийнахь даар-малар, керла бедар тІеюхар бен кхин хІума хууш боцурш, я яхана буьйса а, я тІейогІург, ца къаьсташ динехь марзо йоцурш, царна шаьш лелочух Делера мел хир ма бац, йоккха ял яккха аьтто боллушехь ІадІарна уьш дохкобевр ма бу, шаьш шайга бехкаш дохуш уьш холча хІуьттур ма бу. Къематан дийнахь шайтІано цаьрга эр ду: «…Шуна тІехь бакъо йолуш дацара со, шуьга кхайкхар доцург. Аш суна жоп делира, хІинца соьга бехкаш ма баха, Далла Іеса хиллачу шайн догІмашка бехкаш даха».

(ИбрахIим сурат, 22 аят)

ХІай бусалба нах, эрна яханчу ханна дохкодовлий, тоба дай, Далла тІедерза, Далла муьтІахь хила, дика Іамалш ян сихо е, шаьш Цунна дуь-хьал кхетале.
Цхьаболу нах хуьлу Рамадан баттахь вон мел дерг дитина, Іеса, фасикъ хилар дитина, Далла муьтІахь хилла, марханаш кхобуш, моллалла кхойкхуш хезча, рузбане, жамаІат-ламазе баха сихо еш, Дела хьехош, Къуръанаш доьшуш. ТІаккха тІаьххьара марха чекхдаьлла, Іийдан буьйса тІееача, шайтІанца берта а боьлхий, хьанал-хьарам, цІена-боьха а ца къастош, дихкина мел дерг, вон мел дерг леладо цара. Оцу Делан мостагІчуьнца цхьаьна, кхин йолчу ханна, Далла дуьхьал, шайн Іесаллица тІом дІахьо цара. Цара деш долу зен Далла деш дац, Веза-Сийлахь верг Шен лешкара цхьана хІумане хьашт вац, шайн догІмашна ду цара деш долу зулам.
Бакълийна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Рамадан бутт тІебеача, ялсаманин неІарш схьайоьллу, жоьжахатин неІарш дІакъовлу, шайтІанашна буржалш туху», – бохучу шен дашехь.
(Ан-Насаий, Ахьмад)
И Іеса нах ца хууш бу те шаьш Рамадан баттахь а, Шавваль баттахь а, цул тІаьхьа а Іибадат дийриг, цхьа Дела вуй. Даима шайна рицкъа латтош, ниІматаш луш верг цхьа АллахІ вуй?
Декъал хир ву-кх шайтІано бохург ца деш, шен лаамашха юхаваьлла Далла муьтІахь хилларг: «Далла а, Элчанна а муьтІахь хила, Шайна (Делера) къинхетам хилийтархьама».
(Алу-Iимран сурат; 132 аят)
ХьаьжцІа ваханчо шен хьаьж санна лардан дезаш ду марха а, ламаз а, сагІа а, Дела цхьаъ хиларх, Элча бакъхиларх деш долу тоьшалла а, муьлхха а ша дина долу дика хІума а. ХІорш дерриге а лардар хІун ду? Шен дикачу Іамална тІаьхьа вон Іамал цаяр ду. Вочу Іамало диканиг дІайоккху. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вочу хІуманна тІаьхьа и дІадойуш долу дика хІума де аьлла. Дикачунна тІаьхьа вон дерг дар хьекъале дац. Дика Іамал къобал хиларан билгало ю цул тІаьхьа а дика хІума дар.
ХІай, бусалба, хьан марха стиглана а, лаьттана а юкъахь, Дала къобал ца деш, кхозуш ду хьуна, къен-миска нахана ахь сахь-закат дІадаллалц. Хьайгахь долчу ялтех, дикачух ахь сахь даьккхича, Дала къобалдийр ду иза.
ХІокху Іийдан дийнахь, Далла дуьхьалхІуттуш
бедарех цІенаниг, керланиг тІеюхар, хаза хьожа йолу хIума тохар мелехь ду, божарша дарийн а, дешийн а хІума ца юьйхичахьана, духарца а, ле-ларца а божарий зударех, зударий божарех тар ца белчахьана. Вовшийн самукъадаккхар а мегар ду, динах а, гІиллакхах ца воьхчахьана. Дагца а, маттаца а, дикачу Іамалшца а Дела хьехор мелехь ду, вовшашна а, меттахь бисинчу баккхийчарна а, цомгаш болчарна а, заьІапхошна а зераташ дар (хьажа-хIотта вахар) мелехь ду. Іеса хилар а, моттаргІанаш а, мостагІалла а дитар мелехь ду. Делах кхоьруш, гечдеш, къинтІераволуш хиллачу Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) масал эцна вовшашна къинтІерадовлар, шайна юкъахь салам даржор мелехь ду.
Динехь а, дуьненахь а, эхартахь а бусалбанашна маршо йоьхуш, церан барт хилар доьхуш, хьалха дІабаханчу вайн бусалба вежаршна гечдар доьхуш, Деле доІанаш дар мелехь ду. Бусалба динехь вай нисдарна Далла шукра дар, хастам бар, Цуьнан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Деле къинхетам бар доьхуш, иза маьрша витар доьхуш, салаваташ дахкар мелехь ду.
АллахІумма салли Іала Мухьаммадин ва Іала али Мухьаммадин ва саллим. Амийн, валь-хьамду лиллахІи Раббиль-Іаламийн.

Iийдан дийнахь суннат дерш

Iийд-ламаз дар
Iийд-ламаз дар чIагIдина суннат ду. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цкъа а даза дитина дац иза, цул тIаьхьа цуьнан асхьабаша а (Дела реза хуьлда царна) даим деш лелийна ду.

Такбийр дар (АллахIу Акбар алар)
Iийдан буьйсанна малх чубуьзначул тIаьхьа, Iийдан дийнахь имама ламаз дехккалц, цIахь а, некъашкахь а, маьждигашкахь а, базаршкахь а динан Iадат гучудоккхуш, аз айдеш «АллахIу Акбар…» бохуш такбийр дар мелехь ду.
Цуьнан юьззина кеп хIара ю: «АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, ла илахIа илл-АллахIу в-АллахIу Акбару, АллахIу Акбару ва лиллахIиль-хьамду».
КхоалгIа «АллахIу Акбару» аьллачул тIаьхьа «Кабийран валь-хьамду лиллахIи касийран ва СубхьаналлахIи букратан ва асылан» юкъадалорца такбийр совдаккхар дика лерина ду.

Лийчар
Iийдан буьйса шозлагIчу декъе яханчул тIаьхьа лийчар. Цул хьалха лийчар Iийдан ларалуш дац.
Цул сов, рузбанан ламазна кечваларх терра, хаза хьожа йолу хIума (масала, IатIар) тохар, керла я цIена бедар юхар. Бедарех гIоле ерг кIайчу басахь ерг ю.

Нах маьждиге хьалххе дIабахар
Езачу меттигехь Дела хьехоран мел алсам хилийта хьалххе маьждиге дIавахар дика ду.
Иштта имамана мелехь ду, хьаштболчарна саьхьаш дIакхачо нахана аьтто хилийта Iийд-ламаз дехкар тIаьхьаттатар. ГIурбан Iийд делахь, сагIанаш дахарна сихо хилийта ламаз хьалхадаккхар.

Рицкъанах кхетар
Iийд ламазе вахале цкъа хIума кхаьллина я хин къурд бина рицкъанах кхетар мелехь ду. ГIурбан Iийд делахь, ламазера юхаверзалц юучух цакхетар мелехь ду.
Iийд-ламазе воьдуш, цигара вогIуш
некъ хийцар
Iийдан-ламазе цхьана новкъа вахар, юхавогIуш кхечу новкъа вар мелехь ду. Бухарийс (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь хьахийна ду, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iийдан дийнахь некъ хийцина хилар. Мел совбаккхар ду цуьнан маьIна. И некъаш Къематан дийнахь теш хIуьттур ду аьлла а ду жайнахь. Рузбане воьдуш санна гIаш а, сих ца луш паргIат вахар а ду мелехь.
Иштта Iийдан гIиллакхех ду буоберашна а, заьIап нахана а, цомгашчарна а, церан дола деш болчарна а гIодар, сагIа далар, деца-ненаца а, доь-залшца а комаьрша хилар. Дагца а, маттаца а Дела хьехор, Къуръан дешар, Делан Элчанна салаваташ дахкар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шайна юкъахь салам даржор, вовшийн декъалдар, Дала марханаш къобал дойла, алар. Динах а, гIиллакхах а ца вухуш, самукъадакха а, забар ян а мегар ду. ХIора къоман шен Iийд (деза де) ду, хIара вайн бусалбанийн Iийд ду. Везачу Дала бусалбанаш декъал бойла цу дезчу дийнахь.
Муртазаев Сайдмохьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*