Лаха Неврерачу Кана Шайхан вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

15-зза астагIфируллахI эр ду.

Цул тIаьхьа «Дала мукълахь, вирд доккхур ду ас»,– аьлла, ламаз а карахь къилбехьа вирзина, охьахуур ву.

«БисмиллахIиррахьманиррахьийм», аьлла, доьшур ду:

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела сайн Устазана Шайх Канина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Нуре-Неврара Хьаьжина Iусманна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Таьшкичуьра Башир-Шайх Абуна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Умалтана бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Мухьаммадана-ЯрагIийна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1– бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Халадал БагIдадийна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1– бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Хасмухьаммаданил-Ширванийна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхIа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Iалавдинал-IаттIарина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Якъубут Чирхина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Шайх Хаваж-БахIауддинал-Накъшабандина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Абубакар-Сиддикъна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела Мухьаммад-Пайхамарна бели ас (Делера салам-маршалла хуьйла цунна)».

Зударша вирд доккхуш хилча, тIетоха деза:

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела вайн Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) зудчунна Хадижатна бели ас (Дела реза хуьйла цунна)».

1– бисмилла

5 – къулхІа

3– салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела вайн Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) зудчунна Iайшатна бели ас (Дела реза хуьйла цунна)».

1 – бисмилла

5 – къулхІа

3 – салават

«Айса дешначу бисмиллех, 5 къулхІанах, диллинчу 3 салаватах сайна хилла мела вайн Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) йоIана ПатIиматна бели ас (Дела реза хуьйла цунна)».

Абубакар-Сиддикъана тIаьхьа зударшна хІоранна шен-шен мела бала беза, тIаккха вайн Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) лур бу.

Цул тIаьхьа деша деза:

500 – астагIфируллахI

500 – АллахI

1 – бисмилла

100 – салават

И дерриге дешначул тIаьхьа мел кхайкхор бу массарна а цхьаьна.

БисмиллахIиррахьманиррахьийми

Айса дешначу астагIфируллахIах, «АллахI» олуш, зуькар дарх, салаватах хилла мела Мухьаммад-Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьйла цунна) бели ас, цуьнан зударшна бели ас, цуьнан доьзалшна бели ас, цуьнан асхьабашна бели ас.

Иштта Шайх Хаваж-БахIауддинал-Накъшабандина бели ас, (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Якъубан Чирхина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Iалавдинал-IаттIарина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Хасмухьаммадал Ширванина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Халидал-БагIдадина бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Мухьаммадана ЯрагIийна а бели ас, (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Шайх Умалтна бели ас, Дала къайле цIинйойла цуьнан), Таьшкичуьра Башир-Шайх Абуна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), Нуре-Неврара Хьаьжина Iусманна бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан), сайн Устазана Шайх Канина а бели ас (Дала къайле цIинйойла цуьнан).

Иштта массо а Пайхамаршна, массо Элчанна, эвлаяашна бели ас, малхбалехьара малхбузе кхаччалц болчу бусалба йижаршна, вежаршна бели ас, сайн дений-нанний бели ас, раббаниюнашна бели ас. Дала гечдойла царна. Дела реза хуьйла царна. Ас мела баларе терра, Дала нуьре бина, совгIат санна, кхачабойла и цаьрга массаьрга а.

ТIаккха доIа дийр ду.

Вирд доккхуш хилча, вогIуш-воьдуш, новкъахь даккха магийна дац. ХIунда аьлча, вогIуш-воьдуш новкъахь хIуманийн тидамаш беш тилалур ву.

 
 
 

Комментарии

  • Шен комаршонца Дала шена деллачуьнца Делан лешна т1ехь ша куралла йича, шен вуон г1иллакх бахьанехь, Далла бен хила йиш йоцу куц Цуьнца къийсар бахьанехь а Дала шена делларг шегара д1адаккхарна ца кхоьру те иза?

 
 

Добавить комментарий

*

*