Ламазах ойла

… «ЭхI, хьо ламаз! Доггах ша дечунна, ойла тIеерзош, шех дIаэ хуучунна ма воккха накъост, ма дика ваша, ма мерза доттагIа ву-кха и ламаз. Ма онда ницкъ бу-кха, кхачо йоллуш, дуьзна дина ламаз, шен ницкъаца хьан дегI а ницкъах дузу-кх цо. Хьуна хьайна гергахь хьан дуьненан а, эхартан а мах-хьесап лакхарчу лакхене ойуш. Хьуна хьуо цхьа доккхачу маьIне доккха дош хоьтуьйтуш. Цхьа доккхачу беркатца, цIеначу бакъдолчуьнца хьан гергарло тосуш, и гергарло хьуна аьхна а деш. Юха-тIаккха а, хьан Iер-лелар, хьан цIий-хьацар, хьан гар-хазар а, маттаца дIаалар а… хьан мохь-цIогIанца бIаьрг боьллуш вар а, узарца бIаьрг къовлуш вахар а эрна ца деш. ХIаъ, и хьуна кхета генахь долу хIума эрна ца деш, мелхо а дуьззинчу, хьуна а, хьан синна а кхачо йоллуш токхо хуьлучу маьIне доккхуш…»
(“Къоман Тептара юкъара“)

Юсупов 1усман

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*