Къомана беркат делира цунах

Ahmad i Ramzan Kadirivi.  Gudermes, Chechnya.19.10.03.  Photo Musa Sadulayev

«Эхь дар-кх вайна, цуьнан даге хьаьжна ца хилча…
Эхь дара вайна, цо шен доIанашкахь дукха ехна бакъо,
Делан пурбанца, толийта ца хьаьвсича…
Эхь дара вайна, ваьш вовшашца а, дуьненца а бакъ хиларца цу дикчу къонахчун а, вешан а сатийсам кхочушбан ца гIоьртича…»
Абдулаев Леча

 

Цхьа стаг шен оьмарехь кхочушдан кхуьуш долу гIуллакхаш дукха хуьлуш дац. Ша диначарех цхьа-ши хIума адамашлахь даха дисича а, цунах тоам бина ца Iаш, воккхавевойла ду. Ткъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжех дерг аьлча, дагардина цаваллал, дукха ду цунах вайн къомана девлла беркаташ. Тахана Нохчийчуьра хьал Iаламат дикачу хорша а дирзина, адам паргIат даха доладелча а, вайна диц ца ло Ахьмад-Хьаьжас вайн къоман а, мехкан а дуьхьа шен са ца кхоош, хьегна къа, дина некъаш.
Ахьмад-Хьаьжа хила ма-веззара вайн мехкан тхьамда вара. Иза вайна чIогIа оьшура. Амма Делан кхиэл ца лелча цаяларна, дIавахара иза. ДIавахара, шен декхар дуьззина кхочуш а дина, халкъана гергахь гуттаренна сий а дуьсуш. Далла гергахь, Дала мукъ лахь, шахIидан дарже а кхочуш.
Хастамечу Далла дика хууш хиллера, Нохчийчоьнан коьрте мила вало веза а, стенна тIехь, муха аьтто цуьнан бан беза а. Тахана куьг кхочехь болчу нахе ладоьгIча а хаьа, нохчаша Ахьмад-Хьаьжас шайн дуьхьа дIа мел ловзийначу коган а, дIааьлла я алаза дисинчу дешан а хама-пусар дойла. Нохчашна дика хаьа, шайн паччахь лаьттина волчу Кадыровс шайн дуьхьа шен са а, дахар а ца кхоийнийла. Нохчийчохь садоьIу дегI мел деха, дицлур доцу совгIаташ ду Ахьмад-Хьаьжас шен къомана а, махкана а динарш. Машаречу дахаре неIарш схьайиллина, къомана шен кхане гайтар – иза ду-кх вайна а, вайн тIаьхьенашна а дицлун доцург.
Цхьацца хийцамаш хаало вайн къоман кхетамехь а. ХIинц-хIинццалц обаргех къоман турпалхой а беш даьхнехь а, тахана шен бакъболчу къонахех масал оьцуш, царах Iемаш, схьадогIуш ду къам. Иза бу Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь вайна хиллачу баккхийчу пайданех боккха пайда. ТIом кхирстина мехкаш меттахIиттадар аттачех гIуллакх дац. Оцу балхана хан-зама эшарал сов, и болх бан ондда лаам, хьуьнар, ницкъболу адамаш а оьшу. Бакъдерг ду иза, оцу декъехь дика тIаьхье йитина Ахьмад-Хьаьжас. Цо хаьржинчу новкъара ца вала нигат долуш ву таханлера вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Дикане сатийсар де-дийне мел дели алсамдуьйлуш, хьаналчу къинхьегамца шен доьзалан а, мехкан а хьал тодан, лакхадаккха ойла йолчу вайн махкахойн могIанаш а ду шорлуш, дебаш. «Луларчу къаьмнел оьшуш доцуш Iен а, даха а дезаш ду вайн къам», – олура Ахьмад-Хьаьжас.
Ахьмад-Хьаьжа цIена, хила ма-веззара нохчи вара. Иза къонах вара. Ахьмад-Хьаьжа хIинца а вайца ву. Вайн дегнашкахь, ойланашкахь. Цуьнан сийлахь цIе даима а ехар ю халкъан иэсехь. Вайн халкъан дуьхьа вехира иза, вайн халкъан дуьхьа дIа а делира цо шен са. Дала декъалвойла Ахьмад-Хьаьжа!

 

Лорсанукаев Увайс

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*