Кунта-Хьаьжа Жимачу-АтагIа варах лаьцна дийцар.

Иза яра XIX-гIа бIешо юкъал тIехдаьлла зама. Нохчийн махкахь имам Шемала 25 шарахь Россин пачхьалкхана дуьхьал къийсам латтийна, вайн къам жимделла, гIелделла хан. Нохчашна кІордийнера ца тоьлу долу къиза тIом. Цундела вахара имам Шемал паччахьан эскарна йийсаре, нохчийн майра къам шена тIаьхьара даьлча, шега Россица къийсам латталур боций хууш.
Кунта-Хьаьжа, ХьаьжцIа вахана, Хьаьж дина цIа вирзинера 1862-чу шарахь. Цу хенера дуьйна схьа волавелира иза вайн махкахь къадарийн тIарикъат даржо. Цо бохура тIемаш совцабе, машаре дуьйла. Нохчийн къам хIаллак ма хилийта, бусалба дин чIагIде шайна юкъахь, ийман тоде, дIаяха юккъера хьаьгIнаш, дегнаш цIанде. Шайн догIмашца, вон амалашца къийсам латтабе. Дукха адамаш тIаьхьахІиттира цунна, и къобалвеш. Кунта-Хьаьжа адамашка машаре кхойкхуш воллушехь, цунах кхераделира паччахьан Iедал. Наха лоруш, царна хьалхавала доьналла долуш волчу стагах озалора паччахьан Iедал. Цунна тIаьхьахІоьттина тоба хIора дийнахь стамлуш яра. 1882−1883-г1а шераш. Оцу цхьана шарахь цунна тIаьхьахІоьттира кхо эзар мурд.
Иштта цу заманахь нисделлера Хьаьжин шен кхайкхам бан Жимачу-АтагIа вар. Иза шен мурдашца цхьаьна юьрта кхаьчча, юьртан къеда волчу вуссуш хилла. Цу заманахь Жимачу-АтагIан юьртан къеда вара Куркха-Молла. Иза вехачу кертахь хилира церан цхьаьнакхетар. ХIинца оцу меттехь моллин гергарчу нехан тIаьхьено (Баргаев Сайд-Хьасанан тIаьхье) зерат доьгIна.
Юьртан лахара бенойн жамаIат маьждиган имама Шаипов Бадруддис дуьйцу, шен ненавашас, Додин Iимрана, дийцинчунна тIе а доьгIна: «Кунта-Хьаьжа веана аьлла юьртара нах гулбелира Куркха-Моллин керта. ТIаккха цо къамел дечу заманахь нахана тосаелира декъан йистехь угIуш борз. Кунта-Хьаьжас сихха элира нахе: «Цу барзана зен ма делаш, иза зерате еана ю кхуза. Дукха хан яра иза тхуна тIаьхьаоьху». Кхеран гулам чекхбала гергабахча, ша cхьа ма-ярра, цхьанна а зен ца деш, къайлаелира борз.
Жимачу-АтагIара къеда тIаьхье йоцуш вара. Паччахьан Iедало Хьаьжа дIалаьцча, иза Нохчийчуьра дIавахара, ша Iийр вац хIокху махкахь аьлла. Тхан юьртахочо Иорданера нохчашкара деанчу бенойн гениалогин карти тIехь цуьнан цIе карийнера бохуш дуьйцу цуьнан тайпанан тIаьхьарчу наха.
КхидIа а дийцира Бадруддис: «Кунта-Хьаьжа паччахьан Iедало дIалаьцначу хенахь, массо а юьртара цуьнан мурдашка хаам бинера Шелахь гулло аьлла, иза Iедале паргIатваккхийта, амма иза дIа ца хецахь, гIазотехь летар ду аьлла. Жимачу-АтагIара а вахара цига кхо мурд. Уьш бара Тимир, Джамболат, Сулим цIераш йолу атагIой. Шелахь паччахьан салташца латар хилча, Тимир лога кІел топ кхетта, декъалхиллера, Джамболатна салташа цхьайттозза тоьпан цхьамза Iоьттинера. Оцу хенахь Джамболатан диъ шо долу кІант Iабдул-Iазиз шайн цIахь воллушехь: «Вайн дадина топ кхетта аьлла», − кІегархиъна хиллера бохуш дуьйцура баккхийчу наха. Вала Iожалла ца хиллехь а, лахе (когаш) сецна висира иза тIаьхьа йоккхучу ханна».
Бетигов Iабдул-Хьамида бийцира Кунта-Хьаьжас нахе беш хилла болу хьехамаш: «Шайн ийман цIанде, бисинчу зударийн, буоберийн доладе, синтарш, Iалам, хиш ларде. Къийсам сацабай, машаре дуьйла. Хьайн керта даьлла бежана човха ма де, сардамаш ма дехка цунна, хІунда аьлча, хьайбанан кхетам бац ша лелочунна. Хьашт доцуш, цхьа а садолу хIума ма е».
Иштта Iабдул-Хьамида дийцира, 1864-чу шеран, 3-чу январехь Шелахь гулбеллачу пхи бІе Хьаьжин мурдашна дуьхьал лаьтташ вара ши бІе салти, шиъ йоккха топ шайгахь йолуш. Инарла Тумановс зулам-питана а дина, тоьпаш а, яккхий тоьпаш а етташ, дукха нохчий хIаллакбайтира цу дийнахь, карахь шаьлтанаш бен йоцу. ХIетте а, мурдаша дукха салтий а бира хIаллак. Кхерабеллачу эпсарша цу дийнахь кхин а алсам эскарш тIеозийра Шела.
Хьаьжа шаьш дІахоьцу бохуш, нах Іехош, эскарш тІеоьзна мостагІаша. Цул тІаьхьа хилла латар.
Цул тIаьхьа Кунта-Хьаьжий, цуьнан ваша Мовсаррий, мурдаш: Iадсаламмий, Къариббий, ОргIий, ГІушмазукъа-Хьаьжий, Таркхо-Хьаьжий Iедало лецира. Дуьххьара уьш Бури-гIала (Владикавказ) бигира, юха Торпазехула Новочеркасск цIе йолчу гIала кхечира уьш. 20-чу мартехь, паччахьан указца, гуттаренна аьлла, Новгородски-Губернерчу Устюжино гIалахь сацийра Кунта-Хьаьжа, цхьаболчу муридашца. Иза кхобуш цхьана денна 3 кепек зен деш хилла шена паччахьан Iедало. Ша цІа яздечу кехаташ тІехь ша шина шарна ваийтина ву кхуза олуш хилла Хьаьжас. Цо ма-бохху, 1867-чу шарахь, иза къайлаваьлла.
Хьаьжин ваша Мовсаррий, мурдаш: ГІушмазукъа-Хьаьжий, Таркхо-Хьаьжий, Тамбов-гIалахь къаста а бина, «тутмакхийн роташка» д1асабийкъира.
Мовсар цигара ведда Хонкара дIавахара. Дукха хан йоццуш бен ца карийна цуьнан каш нохчашна цу махкахь, Макка, ХьаьжцIа бахана богIучу хенахь.
Кхин цхьа хІума а дийцира Iабдул-Хьамида: «1862-чу шарахь Кунта-Хьаьжа Макка ХьаьжцIа воьдуш, цхьана гIамаран арахь гIуна чуьра аз хезира цунна: «Шех тешарг, Ша лоруш верг чувосса хIокху гIу чу!» − аьлла. ТIаккха иза цу гIу чу воьссира. Цу чохь цунна карийра тIехь йоза долуш чIапа ши тIулг. Цхьана тIулга тIехь яздина дара: «Ша схьаэцнарг дуьненан да хир ву», – аьлла. Хьаьжас иза хьа ца бира. ШолгIачу тIулга тIехь яздина дара: «Ша схьаэцнарг эхартан да хир ву», − аьлла. Хьаьжас тIулг схьаийцира. Юха гIуна чуьра хьалавала гIоьртича, хьан йо а ца хууш, дуьхьало йора цунна. ТIаккха цо доIанаш дира, амма хьала ца волуьйтура иза оцу гуш йоцчу дуьхьалоно. Цул тIаьхьа шен даго хьехна долу дешнаш элира цо: «ІаллахІ ІулиллахІ». И дешнаш аьлча хьалавелира иза гIу чуьра. Хьаьжин цхьаболчу мурдаша олу Веза-Воккхачу Делан 100-гIа цIе ю иза олий.
Хонкарара Мовсарера хаам хиллехь а, я кхин бахьана хиллехь а, Жимачу-АтагIара Хьаьжин кхо мурд: ИбрахIиммий, ЦIомий, ГIойтIамаррий вахана хилла, Хьаьжин доьзал эцна, Туркойн махка. Кхо бутт баьлча, юхабирзина уьш, шаьш даьхьна гIуллакх кхочуш а дина. Уьш цIа баьхкича, ИбрахIиман кIанта Джабалас 2 бежаний, 14 устагIий бийна, царна тIера сагIа даьккхинера бохуш дуьйцу баккхийчара.
ИбрахIиман, Джабалан тIаьхьенах волчу МасIудан кIант ИсмаIил волчохь ю тахана а Хьаьжин хилла Iаса. Иза цхьана заманахь Мовсара, ИбрахIиман шичина, Висхина, совгIатна елла хилла. Цу Iасанан тIома тIехь ду цхьа цIеста чкъор, тIехь яздина Iаьрбийн йоза а долуш. Вайн къам Сибрех дуьгучу хенахь, цига дIа а яьхьна, цIа еана ю и Iаса. Наха Сибрехахь дуьйна шайн цомгаш волчунна дарбанна хьош а хилла иза.
Бибулатов Вахита
https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*