Коьрта тидам – кхетош-кхиоран балхана тIехьажийна…

0f6f728c-0510-42e5-9637-e1172a9816a2ХIора стаг АллахI Дала шена билгалбинначу дахаран новкъа дIаваха везаш ву. Тахана вайн махкахь, нохчийн къомана юкъахь, бусулба динехь коьртачех ду тIекхуьуш болу кегийрхой кхетош-кхиоран болх хила беззачу тIегIанехь дIабахьар. Иза шен къомах дог лозуш волчу муьлххачо а даза ца долуш гIуллакх ду.
Жималлехь дуьйна иштта некъ схьалаьцна хиларца вевзаш ву тIекхуьуш долу чкъор, вайн къоман кхане беркате хилийтар шен дахаран коьрта декхар лоруш волу Нажи-Юьртан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхо Зубайраев Сайпудди. Шен юьртахь – Даттахехь хьовха, кIоштахь а дика вевзаш, дикачу агIор цIе йоккхуш, нехан дика-вонехь хуьлуш, хьанал къахоьгуш ву Сайпудди.
Сайпудди вина I962-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштан Даттахехь, бусулба дин дезаш а, лелош а болчу доьзалехь. Жима волуш дуьйна Кьуръан Iамийра цо. Цуьнан дас-нанас коьрта лоруш дара доьзал ламазца-мархица хилар, воккханиг воккхалица, жиманиг жималлица ларар, нехан хьашташка хьажар, ийманехь кхиор. И дерриге а схьаийцира кIанта дукха жима волуш.
Массарна хууш дерг ду, советан Iедал долчу заманчохь бусулба дин лелор, и Iамо кхераме хилла хилар. ТIаккха а, Iедало мел новкъарлонаш еш хиллехь а, ийман, собар, хьуьнар, бусалбаналла, нохчалла лардеш, эвлаяаш безаш, цхьа устаз а лаьцна, цунна вирд доккхуш, цIенна бусулба дин таханлерачу дийне схьакхачо ницкъ кхечира вайн дайн. Иштта Делан дуьхьа къахьегна бу Сайпуддин дай, шаьш Iилма Iаморал сов, нахана дIахьехна а болуш.
«Тахана санна паргIато яцара хIетахь бусалба дин Iамо а, хьеха а, амма и лаам болуш волчунна аьтто карабора, — дуьйцу Сайпуддис. — Вайн республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) беркатца, иштта цуьнан кIантан НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзан-Хьаьжин беркатца вайн махкахь бусулба Iилма кIорггера Iамо а, довза а яккхий бакъонаш ю тахана. И Делан доккха беркат ду. ХIинца санна паргIато хилла яц цкъа а. Ерриге а ярташкахь светски дешар деша ишколаш хиларал сов, бусалба Iилма Iамо хьуьжарш ю, рузбанан а, жамIатан а маьждигаш ду. Вайн дайн и аьттонаш ца хилла.
Тхан юьртахь, вайн халкъ махках даккхале доьшуш мутаIеламаш хилла. Амма дешар цIахь Iамо бакъо яцара, я хьоьхуш берш а бацара. Лаьмнашкахула гIаш, шен аьтто бериг говрахь, къайллах Дагестанерчу Iаьнда деша воьдура. Сан деда Зубайраев Якъуб пхийтта шарахь Iаьндахь Iилма Iамийна ву. Цул тIаьхьа, Бенахь шен хьуьжар а йолуш, нахана Iилма хьоьхуш, махкахь а дика вевзаш хиллачу Тимирболатца дешна цо. Са дедеваша вара Iела цIе йолуш, эвлаяъ ву олура цунна, диканний бен цIе ца йоккхуш, вевзаш вара и дуккха а ярташкахь. Цу тайппана гIарабевлла Iеламнах хилла цу хенахь тхан юьртахь Витаев Мадаш а, Зайнал-Iаьбди-Молла, Айдамир-Молла», — дозаллица цIерш ехира Сайпуддис шайн юьртахойн-Iеламнехан.
Сайпуддис мало ца еш светски дешар Iаморехь къахьегна. Даттах-Юьртахь юккъерчу ишколехь дешна ваьлча, шен хенарчу кегийрхошца советски эскаре гIуллакх дан вахара иза. Цигара цIавирзича, I987-чу шарахь Л.Н Толстойн цIарахчу Нохчи-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан исторически факультете деша хIоьттира иза.
Университет чекхяккхина ваьлча, шен юьрта – Даттаха — юккъерчу ишколехь историн урокаш луш хьехьархочун болх бира цо. Къоначу хьехархочун кхиамаш гина, дукха хан ялале завучан болх тешийра цунах. 2003-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштан суьйренан ишколан директор хIоьттира. 2009-чу шарахь Сайпудди Даттахарчу юккъерчу ишколе директор хьажаво. Иза шен декхаршца дика ларош хиларан билгало яра цо куьйгалла дечу шерашкахь Даттаха-Юьртан ишкол кIоштахь хьовха, махкахь а юьйцуш хилар, цуьнан дешархоша республикин а, Ерригроссин а конкурсашкахь совгIатан меттигаш йохуш хилар.
20I5-шарахь дуьйна Нажи-Юьртан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхо ву Сайпудди. Гуш ду, цуьнан ерриге а дог-ойла шен балхаца, дешархой кхеташ-кхиорна тIехьажийна ю. КIоштан ерриге а ишколашкахь хьалхарчу классашкахь дуьйна бусулба дин дуьйцуш, кхетош-кхиоран балхана тIехьажийна къаьсттина урок ю хуьлуш.
— ХIокху дуьненчохь мел дукхаваьхча а, хIара дуьсур долуш, харцдуьне ду. Цундела кхачам болччу агIор хIора стагана ламаз Iамо, марха кхаба,Iилма Iамо, цхьа говзалла караерзо хьелаш ду вайн махкахь кхоьллина таханлерчу дийнахь. Нохчийн махкахь тахана схьагуш долу хьал, къасттина баккхийчарна гуш ду и, вайн дай даима хьегна ду. Вайн халкъан цхьана муьрехь баккхий баланаш лан дезнехь а, тахана хилларг Делан къинхетам бу. Цундела вайн хьекъал, ницкъ, доьналла мел ду тIекхуьуш йолу тIаьхье, вайн дайша санна, ийманехь, исламехь кхион гIертар ду-кх вай, Дала мукъ лахь. И ю-кх вайн коьрта Iалашо…», — элира Сайпуддис.
Шен къамелехь Сайпуддис хьахийра шен нана. Цо элира, ша миччахь нисвелча а, дахарехь шен хуьлуш болу кхиамаш – уьш шен ненан кхиамаш бу, нанас шена бинчу хьехамца вехаш ву ша, аьлла. Шен ден хьалхе нисделлера кхалхар, амма нанас, мел хала хиллехь а, уггаре хьалха, Делах тешаш, ийман-ислам долуш, шен декхар кхочушдира. Тахана кхоъ доьзалхо ву цуьнан ненан, яхь йолуш, нахана пайде болуш, къахьоьгуш.
Сайпуддис дийцира Ненан маттах лаьцна, нохчийн меттан дийнах лаьцна. Вайна ма-хаъара, ненан мотт ца хаар доккха сакхт ду. «Оьрсийн мотт, инглс мотт, иштта кхин меттанаш хаар пайдехь ду, дика а ду. Амма нохчийн меттан къаьсттина терго ян еза – и кIорггера хаар, бовзар – безар — вайна тIехь ду. Бакъду, дукха хьолахь олуш хеза нохчийн мотт дIабовш хета олий. Суна иштта ца хета. Вайна дага догIу-кх, советийн Iедал долчу заманчохь гIали юккъехь, автобусна, трамвайна тIехь нохчийн маттахь вист хилча, реза ца хуьлура оьрсий: «Говорите по русски…» — бохуш, тIе а чехаш, дуьхьал хIума ала а йиш йоцуш, хенаш яра, хуург а ца бийца гIертара. ХIинца дерг кхин хьал ду. Нохчийн мотт бовш хетта бохучо и дагадаийта деза.
Суна вайн ненан мотт кхуьуш хета. ХIунда аьлча, тахана вайн ненан мотт мелла а цIинлуш, кхуьуш бу. Кхин хIумма а ца хилча, ярташкахь даима буьйцуш бу ненан мотт, ткъа гIалахь, муьлаххачу мероприятехь хезаш, буьйцуш берг нохчийн мотт бу. Вайн паччахьо Кадыров Рамзан-Хьаьжас къаьсттина тидам беш бу оцу балхан. Цул сов Кадыров Ахьмад-Хьажас (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) вайна хьалха хIоттийна декхар дара цIенна нохчалла йолуш хилар, нохчийн мотт цIенна бийцар, бусулба дин лело», — боху Сайпуддис.
Къамел дерзош Сайпуддис «Исламан зIаьнарш» газетан мах хадийра. «Иштта газет Нохчийчохь хилар пайде хета суна, хIунда аьлча цахуучарна бусулба дин довзийта аьтто болуш ду иза хилар», — элира цо.
Сайпудди самукъане къамелахо хиллера. Оцу дийнахь, гIуллакхаш дукха хиларна, вистхила хан кIезиг бен ца хилира цуьнан. Массех минотехь хиллачу къамелехь дукха хIума дийца а, довзийта а ларийра иза. Вайн махкахь Сайпудди санна шен къам дезаш, мохк безаш, цунах дог лозуш къонахий хилар Делан къинхетам бу. ДIора гена дIахьоьжуш, леха а ца оьшу масалш. ХIора а, Делан дуьхьа, вовшашка къинхетаме хьаьжча, вовшийн дог хьостуш, гIулаккхе хьовсуш, тешаме хилча, гIиллакх, оьздангалла, нохчалла шегахь гайтича, ирсе хир дара вайн дахар, цуьнан цхьа а шеко а яц.

Къамел дIаяздинарг — Заурбеков МасIуд.
Зорбане кечйина Бахаев Зелимхас

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*