Илес-Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна)

05c88b330acfba9e68f797b95c82ae47Илес-Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча, дуьненахь нур даьржира. Цхьанна а ца хаьара иза мичара схьадолуш ду. Нур мичара схьадолу хьажа арадевллачу адамашна хиира, иза Илес дуьнен чу валарца дуьнен чухула даьржина хилар. Цунах боккха кхаъ хилира царна. «Вайна беркат дохьуш деана и бер», – бохура цара.
Ийманехь, цIена бер дара Илес. Шен накъосташна, нийсархошна юкъахь къаьсташ вара ира хьекъал, кIорггера кхетам, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк хиларца. Шен ворхI шо кхаьчначу хенахь дерриге а Товрат дагахь хууш вара иза.
Цкъа шен халкъе къамел деш Илеса элира: «Ас цхьа тамашийна хIума гойтур ю шуна». Иза а аьлла, чIогIа мохь хьаькхира цо, стигал къевкъича санна, чIогIа гIовгIа а йоккхуш. И хезна адамаш, кхераделла, эгош дара. Кхерам цхьа хан яьлча дIабелира. ТIаккха цаьргахь Илесе цабезам кхоллабелира. Царна чIогIа цавезавелира иза. Цуьнца хьагI лецира. Эххар а иза вен сацам хилира церан. Шена и тосаделча, ведда лаьмнашка а вахана, цигахь къайлавелира Илес. Акхарошна юкъахь хан яьккхира цо.
Цуьнан шовзткъа шо кхаьчначу хенахь АллахIера вахью (хаам) хилира цунна. И волчу Жабраил-Малик а деара. Илеса цуьнга хаьттира, хьо мила ву, хьо хIун Iалашо йолуш веана, аьлла. Жабраила ша хаза кхаъ бохьуш деана Жабраил-Малик ду: «АллахIа хьуна пайхамаралла делла, Iесалле эгна болу паччахьаш Ислам дине кхайкха», – аьлла. Шега и аьлча чIогIа цецваьлла Илес. Цо хаьттина: «Карахь герз а, цхьана а тайпа ницкъ а боцуш волчу соьга муха далур ду иза?». Цунна синтем беш Жабраила аьлла: «Баккъал а, АллахI ву-кх ницкъ болуш верг а, массо хIуманна ницкъ кхочуш верг а. Цо гIо дийр ду хьуна. Сийлахьчу АллахIа цIаре а, акхарошка а омра дина хьуна муьтIахь хила аьлла. Шен 30 пайхамарна белла болу ницкъ белла Цо хьуна цхьанна. Хьайн халкъ цхьаъ бен воцчу Далла Iибадат даре кхайкха».
Дала шена тIедиллинарг кхочушдан шен халкъ долчу вахана Илес-Пайхамар. Иза кхузткъе итт юьртахь дехаш хилла. Оцу яртийн дай цIушна Iибадат деш хилла. Илес цхьана юьрта веана. Джаб цIе йолчу юьртден кевне а хIоьттина мохь тоьхнна, хазачу озаца Товратан агIонаш еша волавелла иза. Хьаькаман зудчунна хезна цуьнан хаза аз. Цо хаьттина хьо мила ву, муьлххачу Iалашонца веана ву, аьлла. Илеса цунна жоп луш аьлла: «Со АллахIан пайхамар ву, шу Исламе кхайкха веана ву». Амма иза ца тийшира. Цо шена делилаш даладе элира. ХIун тоьшаллаш, хIун делилаш оьшу хьуна аьлла хаьттира Илеса. Цо элира: «Оцу цIаре омра дехьа хьайна герга йола алий».
Пайхамаран дехарца АллахIа цIе цунна гергга яийтира. Зудчо иза шен хIусамдега дIадийцира, тIаккха и ший а Илесах тийшира, цара цIена дин тIе а ийцира.
Илес кхечу ярташка вахара, АллахIан омра кхочушдан. Меттигерчу бахархоша тIе ца лецира иза, дуьхьало йира Ислам тIелаца. Цара, хIокхунна тIебеттабелла, чIогIа йиттира. Куьйгаш а дихкина, меттигерчу паччахьна тIевигира иза. Паччахьа омра дира цIераш латае, оцу цIераш тIе яйнаш хIиттаде, аьлла. Цо Илесе элира, нагахь санна ахь дине кхайкхар саца ца дахь, ша оцу яйнаш чохь кхехкор ву хьо, аьлла. Стигал къевкъаш санна чIогIа мохь элира Илеса. ЦIе оцу минотехь дIаяйра. Адамаш даллал чIогIа кхераделира, уьш эгош дара. Адамаш тийшира цуьнан ницкъах. Ойла ян цхьа де луо шайна элира цара.
ШолгIачу Iуьйранна Илеса хьехамаш бира царна, цIеначу дине кхойкхуш, дин тIе ца эцахь, хила тарлуш долу Iазап дуьйцуш. Амма цуьнан хьехам ца хезира царна, церан дегнашна Iаткъам ца бира. Эрна хилира цо мел дийцинарг а, чагIар долчу кхаби чу доьттина моз санна дайра иза, цхьа а пайда ца беш.
Илес адамашна оьгIазвахана вара, цара шаьш Кхоьллинарг къобалцаварна. Цо АллахIе доIа дира царна йокъалла хIоттор доьхуш. Цул тIаьхьа оцу махка догIанан цхьа тIадам ца буьйжира. И бахьанехь ялтин цхьа буьртиг а ца белира цигахь. Адамаш мацалла хIаллакьхила дуьйладелира. Мацаллина дан хIума а ца хилла жIаьлеш, дехкий даа дуьйладелира адамаш. Оцу дийнатех къа а хетта, маликаша Сийлахьчу АллахIе дехар дира олхазарех а, дийнатех а къинхетам бар доьхуш.
Илес-Пайхамар волчу эха буьйлабелира муъминаш, баккъал а цIеначу дине баьхкинарш. Цара шаьш хьогалла а, мацалла а хьоьгуш токхуш болу бала буьйцуш латкъамаш бора. «Нагахь санна, ахь Деле дехар дича, АллахIа и бала дIаоьцур бар-кха, тхох къинхетам а бай, Деле дехахьа», – бохура цара. Илеса царна жоп луш элира: «АллахIан дуьхьа вахана со адамашна оьгIаз. ХIунда аьлча, уьш Цунах ца тешаш, дуьхьалбевлла».
Лакхаволчуьнгара вахью деара Илесе. Цо бохура адамех къинхетам бе. Пайхамар бехкала вахара Цунна хьалха, чIогIа эхь хийтира. Шегара даьллачунна дохко ваьллера оцу сохьта. «Нагахь санна цара дин тIеэцахь, хьо бахьанехь балех хьалхабевр бу уьш. Нагахь санна тIе ца эцахь а, Сан къинхетам хьайчул а боккха хир бу. Юха а Делах тешаре кхайкха ахь уьш», – хаам хилира цунна АллахIера. Илес кхечу юьрта вахара. Цомгаш кIант волу цхьа нана йолчохь сецира иза. КIентан цIе Алас яра. Илеса АллахIе дийхира оцу кIантана маршалла дар, иза цамгарех цIанвар. Цул тIаьхьа кIантана маршалла хилира, иза ерриге а цамгарех цIанвелира. Цо Ислам тIеийцира.
Иза Илесана тIаьхьа хIоьттира. Алас массанхьа а цуьнца цхьаьна хуьлуш вара, жимахволу ваша санна.
Ислам тIеэцанза хилла болу Исраилан тIаьхьенех болу берриге а нах пайхамар волчу баьхкира. Цара цуьнга дийхира шайна догIа даийта алий Деле доIа дар. Нагахь санна догIа дагIахь, шаьш Ислам тIеоьцур ду аьлла дош делира цара. Илесан доIина жоп луш, АллахIа беркате догIанаш дахкийтира. Массо а хIума сенъелла дIахIоьттира. Амма цара шайн дош кхочуш ца дира, Ислам тIе ца оьцуш, Iосаллехь бисира уьш. Иза чIогIа новкъа деара Илесана, хIара Iехийнера цара, харцдерг а дийцина. Царна вон болх боьхуш доIа дан ойла хилира цуьнан. Делахь а, АллахIа юха а къинхетам бира цунах. Цуьнгара хаам хилира. Цо Илесан дагна хьаам бира: «ХIай Илес! Баккъал а, ахь дерриге а дира Сан лаам адамашка дIакхачорхьама, Ас хьайна тIе мел диллинарг кхочушдира ахь. ХIинца, хьайн метта Алас а витий, и халкъ дIатаса ахь. Суна дукхабезачу лайх цхьаъ хилла вуьсуш ву хьо», – аьлла, хаам шега кхаьчча, АллахIа бохург а дина, шен метта Алас а витина, и халкъ долчуьра дIавахара Илес.
Иза дIаваха новкъаваьлча, цIеххьана цунна хьалха говр хIоьттира. Оцу говрах схьадуьйлучу нуьро ерриге а аре серлаяьккхинера. «Вай Кхоьллинчо хьуна совгIатана яийтина со, хьо суна тIехь лелийта», – элира говро, цунна хьалха дIа а хIуттуш. Илес оцу говра хиъна валале Жабраил деара. Цо АллахIера кхаъ беара Илесана. Цо элира, хIинца дуьйна Илес, маликашца цхьаьна, стигланашкахь тIома лела йиш йолуш хир ву хьо, аьлла.
Жайнашкахь иштта аьлла ду АллахIа кхачане а, хине а долу хьашт Илесера дIадаьккхина аьлла. Иза юуш а, молуш а воцуш, маликаш санна стигланашкахь лелаш ву. Иштта, жайнашкахь дуьйцу Илес а, Хизир а пайхамарш хIора Рамадан баттахь, марханаш а кхобуш Байт аль-Мукъаддасехь хуьлу, ткъа хьаьждечу муьрехь Маккахь хуьлу бохуш. Дика хууш верг АллахI ву. Цуьнан ницкъ кхочур боцуш цхьа а хIума дац.

С.Хамзатов

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*


 
 

Политика конфиденциальности