Изновр-Моллин цIарахчу маьждигехь

13IMG-20170818-WA0010-чу августехь, к1ирандийнахь, некъаца вог1уш, делкъа-ламазна Соьлжа-Г1аларчу Изновр-Моллин ц1арахчу маьждиге вирзира со. Изновр-Молла вайн махкахь вевзина ца 1аш, геннарчу кхечу мехкашкахь а дика вевзаш, к1орггера 1илма долуш 1елимстаг хилла. Шен устазан Юсуп-Хьаьжин тешаме мурд Изновр-Молла, «Дела вац» аьлла коьрта идеологи йолчу советан 1едал долчу заманахь а юха ца волуш, динан 1илма 1амош, нахана д1ахьоьхуш, Делан некъа т1ехь чекхвелира. Сан хенарчу а, кхин а баккхийчу нахана «Изновр-Моллас аьлла» аьлча, муьлхха жоп а кхачам болуш дара.
… К1иранде хиларе терра, к1езиг адам дара маьждигехь. Амма ас тидаме эцнарг ламазана гулбеллачу нахана юкъахь кегий бераш хилар дара. Ислам, Расул, иштта кхин а… Цхьа а воккха стаг вацара цаьрца уьш балош веана, шаьш, бусалба дин шайна дезарна баьхкинера уьш ламазана маьждиге. Оцу дийнахь имамалла деш вара маьждиган имаман Басханов Хьабибуллах1ан наиб Гамаев Мохьмад.
Кхоьллинчу Дала бусалба дин дезарехь, лелорехь беркате кхиабойла вайн кегийрхой!

 

Заурбеков Мас1уд

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*