ИбрахIим пайхамарх (Делера салам хуьлда цунна)

1385264749092

Пайхамарех дийцарш

ЦIуйш юхку стаг

Дукха зама хьалха, цхьана юьртахь, нахана дика вевзаш а волуш, Азар цIе йолуш, цхьа стаг хилла Iаш. Иза нахана цIуйш юхкуш болх беш хилла. Цу юьртахь цхьана доккхачу цIа чохь яра и цIуйш. Наха цу цIа чу боьлхий, шайн ламазаш, доIанаш дора царна. Иштта Азар а вара царна Iибадат деш.

Азаран кIант

Азаран цхьа дика кIант вара, цуьнан цIе ИбрахIим яра. ИбрахIимана гуш дара наха цIуйшна ламазаш деш, царна доIанаш деш, Iибадат деш. ИбрахIимана хаьара, уьш тIулгех йина хилар, царна къамел дан хууш цахилар, иштта царна хIума хезаш цахилар. Кхин а хаьара ИбрахIимна цIуйша зе деш цахилар, пайда беш цахилар. Ткъа моза шайна тIехиъча, дIа ца къахкабора цара, дахка а богIура царна хьалхара юург яа, амма иза юха ца тухура тIулгийн цIуйша.
Иза дерриге а гуш волчу ИбрахIима ша-шега олура: «ЦIуйшна ламазаш хIунда до техьа наха?». Юха а хоьттура цо ша-шега: «ЦIуйшка хIунда доьху-те наха? Царна доIанаш хIунда до-те?».

ИбрахIиман хьехам

ИбрахIима олура шен дега: «ХIай сан Дада! ЦIуйшна Iибадат хIунда до ахь? Царна корта хIунда бетта ахь? ХIай сан Дада! ЦIуйшка хIунда доьху ахь? Царна къамел дан ма ца хаьа! Царна хIумма а хезаш ма дац! ЦIуйша зедеш, пайда беш а ма бац! Стенна юьллу ахь царна хьалха юург, мерг? И цIуйш, Дада, юуш ма яц, молуш ма яц?!».
Амма Азар оьгIазвахана вара цунна, цо дуьйцучух кхеташ вацара. ИбрахIима нахана а бора иштта хьехам. Уьш а оьхура цунна оьгIаз, цо дуьйцучух кхета а ца кхетара. ИбрахIима шен дагахь сацийра: «Нах дIа а бахийтина, кегйийр ю ас и цIуйш. ТIаккха кхетар бу уьш».

ИбрахIима цIуйш кегъяр

Iийдан де дара. Воккха а, жима а ара ваьлла, самукъане вара. ИбрахIиман да а вара араволуш.
«Хьо волий тхьоьца ара?», – элира цо ИбрахIиме.
«ХIан-хIа, дог догIуш вац со», – элира кIанта.
Нах дIабахара, цIуйш йолчу цIа чохь ИбрахIим ша висира. ЦIуйшна хьалха дIа а хIоьттина, цо элира цаьрга:
«Аш къамел ца до? Шуна хIумма а ца хеза? ХIара яахIума ю шуна! ХIара малар ду шуна! Юий аш? Молий аш?».
Меттах ца хьуьйш лаьттара цIуйш. ХIунда аьлча, уьш дистхила цахуучу тIулгех йина яра. ИбрахIима элира: «Шуна хIун хилла, йист хIунда ца хуьлу шу?!».
Меттах ца йовлура цIуйш, йист а ца хуьлура.
ТIаккха оьгIазвахначу ИбрахIима, диг схьа а эцна, цIуйшна детта долийра. Уггаре йоккхохйолу цIу йита а йитина, ерриге а йохийра цо, ткъа диг ша йитинчу йоккхачу цIунна кочаоьллира.

Хьан дина хIара?

Iийдане арабевлла нах юхабирзира. ЦIуйш йолчу цIа чу а бахана, ламаз дан дагахь бара уьш, Iийдан де хиларна. ЦIачу бевлча, шайна гиначу суьртах цецбевлла, Iадийна бисира уьш. ЦIуйш йохор халахетта, оьгIазваханера массо а. Цара элира: «Хьан дина хIара вайн делашна?». Элира (царех ИбрахIима аьлларг хезначара): «Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вайн делий) хьехош, цунах ИбрахIим олура».
Цара элира: «Ахь дина хIара тхан делашна тIехь, ХIай ИбрахIим?».
Цо элира: «ХIан-хIа. И дина хIокху царех воккхачо. Аш цаьрга хаттийша, уьш бистхуьлуш хиллехь».
Нахана хууш дара, и цIуйш тIулгаш хилар а, тIулгашна хIумма а ца хезий а, къамел дан ца хаьий а. Иштта хаьара царна, йоккха цIу тIулгех йина юй а, ша лаьттачуьра дIа а яхана, вуьйш цIуй йохон цуьнан ницкъ кхочур боций а.
ТIаккха элира наха ИбрахIиме: «Хьуна хууш ма ду цIуйшна къамел дан ца хаьий».
ИбрахIима элира: «ТIаккха муха до аша цIуйшна Iибадат, цара зен деш, я пайда беш ца хилча?! Муха доьхур ду цаьрга, царна йистхила хууш а ца хилча, я хIумма а хезаш а ца хилча?! Ца кхета шу ас дуьйцучух, ойла ца йо аш?».
Ала хIума доцуш бисира нах, юьхьIаьржа бара уьш.

Шийла цIе

Нах гулбеллера. «ХIун до вай!» – бохуш, хеттарш дора цара.
«ИбрахIима вайн цIуйш кегйина, вайн делий сийсаз а бина!».
«ХIун Iазап дийр ду ИбрахIимана? ХIун бу цуьнан бекхам?».
Церан барт хилира: «…Вагаве иза, гIо де шайн делашна».
Цул тIаьхьа цара йоккха цIе а латийна, цу цIерга кхоьссира ИбрахIим. ХIетте а, Дала гIо дира ИбрахIимана. Цо элира цIаре: «…ХIай цIе! Хьо хилалахь ИбрахIимана шело а, маршо а». Ишта хила а хилира. Вага ца веш, шийла а, гIора ца веш, маьрша а хилира ИбрахIимана тIехь цIе. Хилла зен а доцуш, могаш-маьрша самукъане а волуш, цIе юккъера араволуш гира ИбрахIим нахана. Iадийна, шаьш хIун дийр ду ца хууш, хьере бара уьш.

Мила ву сан Дела?

Буьйсанна стиглахь кхетта сирла седа гира ИбрахIимана. «ХIара ву сан Дела!» – элира цо. Седа дIабайча, элира цо: «ХIара вац сан Дела». Бутт гира. «ХIара ву сан Дела», – хазахийтира цунна. Бутт а белира къайла. «ХIан-хIа. ХIара а вац сан Дела», –гIайгIане вара ИбрахIим. Цул тIаьхьа къеггина схьакхетта малх гира цунна. «ХIара бу-кх со кхоьллинарг, со кхобург! Массарел сирла а, боккха а бу иза». Амма ИбрахIиман хазахетар дукха дах ца делира. Суьйранна малх чу а буьзна, къайлабелира, дуьненчохь бодане буьйса хIоьттира. «ХIара а ца хилла сан Дела!», – сингаттаме вара ИбрахIим. «Бакъдолуш, Дела дийна ву, лийр волуш вац! Бухависа везарг ву Иза, дIавовш вац Иза! Баккъал а, ницкъ болуш ву иза, цхьанна а хIумане эшалур воцуш. Седа гIийла бу. Iуьйранна дIабов иза. Бутт а бац ницкъ болуш малхана хьалха. Малх а гIорасиз бу, буьйсано эшабо иза, мархаша хьулбой, дIа а къовлу. Суна гIо дийр дац седано а, батто а, малхо а, шайна дан гIо доцучу. ХIунда аьлча, дийнаверг, лийрвоцург Дела ву. Цкъа а дIавер воцуш, бухавуьсур верг ву Иза. Ницкъ берг ву Иза, хIумано эшор а воцуш».

Сан Дела АллахI ву!

ИбрахIимана хиира шен Дела АллахI хилар. ХIунда аьлча, дийнаверг, лийрвоцург АллахI ву. ДIавер воцуш, тIаьхьавуьсур верг волу дела, шен ницкъ чIогIа а болуш, цхьанна а хIумано эшор воцуш Дела Иза хиларна а.
Кхин а хиира ИбрахIимана, седа а, бутт а, малх а кхоьллина, уьш латтош верг АллахI хилар. Иштта дерриге а Iалам кхоьллина, кхобуш верг АллахI хилар а.
АллахIа нийсачу новкъа нисвира ИбрахIим, Шен пайхамар а, доттагI а вира Цо иза. АллахIа омра дира цуьнга, Шен нахе кхайкха аьлла, цIуйшна Iибадат дарх юхатоха уьш аьлла.
ИбрахIиман кхайкхам

ИбрахIима нахе кхайкхам бира, АллахIе дерза аьлла, цIуйшна Iибадат дарх уьш юха а туьйхира.
ИбрахIима цаьрга элира: «Стенна до аш Iибадат?».
Цара элира: «Тхо Iибадат деш ду тхайн цIуйшна».
ИбрахIима элира: «Царна шу хезий аш кхойкхуш? Я шуна пайда беш буй цара, я зен деш дуй?».
Цара элира: «Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта (Iибадат) деш».
ИбрахIима элира: «Со-м вац хIокху цIуйшна Iибадат деш. Бакъду, церан мостагI ву со. Со лолалла деш ву Iаламаш кхоьллина, кхиош, уьш латтош волчунна».
«Ша со кхоьллина волчу, Цо нисвийр ву со».
«Иза ву суна даа а, мала а луш верг».
«Со цомгаш хилча, Цо со таво».
«Цо со волуьйтур а ву, тIаккха денвийр а ву».
Бакъдолуш, цIуйша хIумма а кхуллуш яц, я цхьа а нисвеш а вац. Цара цхьанна а даа, мала луш дац, я цомгаш хиллачунна гIоли еш а яц. Иштта оцу цIуйша цхьа а кхалхош, я денвеш а вац.

Паччахьана хьалха

Цхьана йоккхачу гIалахь, нахаца къиза а волуш, цхьа паччахь хилла Iаш. Шена сужудаш дойтуш хилла цо массаьрга а. Цунна хезнера ИбрахIим АллахIана сужуд деш ву, кхин цхьанна а корта тухуш вац аьлла. Паччахь оьгIазвахара, ИбрахIим шена тIевалаве аьлла, омра а дира.
Схьавеара ИбрахIим. Иза вацара, АллахI воцчух, цхьаннах кхоьруш.
Паччахьа элира: «Мила ву хьо кхобург?».
ИбрахIима элира: «Со кхобуш верг сан Дела – АллахI ву!».
Паччахьа: «Мила ву и АллахI, хIай ИбрахIим?».
ИбрахIима: «Ша денвеш, волуьйтуш верг ву».
Паччахьа: «Ас а денво, вала а волуьйту».
Кхайкхина ши стаг схьа а валийна, цхьаъ вийра, ткъа важа – ца вуьйш витира паччахьа. ТIаккха элира цо: «Со а ву денвеш, кхалхош. Цхьа стаг вий ас, ткъа важа вити». ЧIогIа хьекъална аьрта вара и паччахь, иштта цунах терра бара Делаца накъост лоцурш а.
ИбрахIимна лаьара паччахь кхетаме вогIийла а, цунна корта бетта нах кхетийла а. ТIаккха элира ИбрахIима паччахье: «Дала малх боуьйту малхбалехьахула, хIинца ахь баийта иза малхбузехьахула». Хьере вара паччахь, ала хIума доцуш висарна, юьхьIаьржа а вара.

Дега кхайкхам

ИбрахIим шен дега кхойкхура: «ХIай, сан дада! Ахь Iибадат хIунда до хезаш йоцчу, са гуш а йоцчу хIуманашна? Шайгахь пайда а, я зен а доцчу цIуйшна Iибадат хIунда до ахь? ХIай, сан дада! Ма дехьа шайтIана Iибадат! Къинхетаме волчу АллахIана дехьа Iибадат!».
ИбрахIимна оьгIазвахнера да. «Ас тухур ю хьуна, вита со, хIумма а ма дийца соьга», – элира дас. ИбрахIим собаре кIант вара. «Маршо ю хьуна, со-м дIагIур ву кхузара, сайн Деле кхайкха», – элира цо дега.
ЧIогIа халахеташ вара ИбрахIим. Кхечу махка дIа а вахана, ша кхоьллина волчу АллахIана гIуллакх а деш, нахе кхайкхам а беш Iен лиира цунна.

Макка вахар

Массаьрца ийгIинера ИбрахIим: нахаца а, паччахьца а, тIаьххьара а, шен деца а. Цуьнан Iодика а йина, шен хIусамненаца ХIажарца Макка олуш йолчу метте дIавахара иза. Цу хенахь Маккахь буц яцара, дитт дацара, цхьа а Iам а бацара, цхьа а акхаро я адам дацара.
Макка дIакхаьчча, ХIажар кIантаца ИсмаьIаалца ша а йитина, ИбрахIим дIавоьдуш, ХIажара хаьттира цуьнга: «Стенга воьду хьо? Тхо кхузахь дуьту ахь? Мала хи а я кхалла хIума а йоцуш? Дала боху хьоьга иза?».
ИбрахIима: «Боху».
ХIажара элира: «Делахь, гIо хьо! Дала тхо зен дойур дац!».

Зам-зам

ИсмаьIал хьагвеллера чIогIа. Нана яра, цунна хи мало сагатдеш. «Ткъа мичахь ду хи? Маккахь цхьа а Iам я татол ма дац!».
Сафа бохучу лома тIера Марва лома тIе йоьдуш, юха Марва лома тIера Сафа тIе йоьдуш, ИсмаьIална мало хи лоьхуш яра ХIажар. Дала гIо дира ХIажарна а, ИсмаьIална а, цаьршинна мала хи далийтира. Лаьттара хьаладуьйлуш, Зам-зам олуш, жима татол хилира. ИсмаьIала а мелира иза, ХIажара а мелира, иза кхин диса а дисира. Дала ИсмаьIална а, ХIажарна а далийтина Зам-зам цIе йолу татол ду иза. ХьаьжцIа баханчу наха молуш а ду, цигара шайна цIа дохьуш а ду Зам-зам хи. Ахь меллий Зам-зам?

ИбрахIиман гIан

Цхьа хан яьлча, Макка юхавеира ИбрахIим. ХIажар а, ИсмаьIал а дийна а, маьрша а карорна хазахийтира. Шена дукхавезарна, шен жимачу кIантаца ловзуш, чу-араволуш, самукъадолура ИбрахIиман.
Цхьана буьйсанна ИбрахIимна гIан гинера, ша ИсмаьIална урс хьокхуш. ИбрахIим бакъволу пайхамар хиларна, цуьнан гIан харц хила йиш йолуш дацара. ИбрахIим АллахIан доттагI ву олуш вара, цундела гIенах Дала шега аьлларг дан сацам бира цо.
ИбрахIима элира ИсмаьIале: «Бакъдолуш, суна гIенах гина-кх, айса хьуна урс хьокхуш, хьайна цунах хIун хета алахь!».
КIанта элира: «Хьайга Дала де аьлларг де ахь, Дала мукъ лахь, со собаре хир ву хьуна!».
Урс схьа а эцна, шеца ИсмаьIал а валош, Мина бохучу метте веара иза. ИсмаьIал охьа а виллина, цуьнан лога тIе урс даьхьира ИбрахIима.
Далла лиънера, Шен доттагIчо ИбрахIима Шен омра кхочушдеш хьажа, Ша веза-те цунна дукха, я шен кIант веза-те аьлла.
Хьалхавелира ИбрахIим оцу зерах. Джабраил-Малик деара ялсаманера ка бохьуш: «Кхунна хьакха урс! ИсмаьIална ма хьакха!».
ИбрахIиман Iамал езаелира АллахIана, бусалба нахана гIурбанан деношкахь урс хьакхар тIе а дожийра.
Делера къинхетам, маршо хуьлда Делан доттагI хиллачу ИбрахIимна.
Делера къинхетам, маршо хуьлда ИбрахIиман кIантана ИсмаьIална.

КаIбат

Делаца къамел дина ша юхавеача, Делан цIа дан сацам бира ИбрахIима. Дуккха а хIусамаш яра лаьтта тIехь, амма Далла Iибадат деш цIа дацара. ИсмаьIала гIо а деш, ИбрахIима лаьмнашкара тIулгаш а кхоьхьуш, доIанаш а деш, шаьшшиннан куьйгашца КаIбат хьаладоьттира.
«Веза Дела! Къобалдехьа хIара! Бакъдолуш, Хьо вар-кха Хезаш верг, Хууш верг!».
Къобалдира Дала ИбрахIима а, ИсмаьIала а КаIбат дар, беркат а дира цунах. ХIунда аьлча, хIора ламазехь КаIбатана тIедоьрзуш ду вай. Берриге а бусалба наха, хьаьж дечу хенахь, КаIбатана гонах тIаваф до, цунна гергахь ламазаш до.

Байтул-Макъаддис

Шемахь Iаш волчу хенахь ИбрахIиман, Сара цIе йолуш, хIусамнана яра. Цо вина Исхьакъ цIе йолу кIант а вара. Шемахь а АллахIан цIа дира Исхьакъа, шен дас а, вашас а Маккахь ма-дарра.
Исхьакъ-пайхамара дина маьждиг ду Байтул-Макъаддис, Аль-Акъса цIе а йолуш. АллахIа цунна гонаха беркат дира. Исхьакъан доьзалехь беркат дира Дала, ИсмаьIалан доьзалехь санна. Царна юккъехь пайхамараш а, паччахьаш а хилира.
Исхьакъан кIант вара Якъуб цIе йолуш, ша пайхамар а волуш. Ткъа Якъубан шийтта доьзалхо вара, царах Юсуп а вара. Юсупах хаза дийцар а ду Къуръанчохь дуьйцуш.

 

Ражапов Анзор

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*