Зумсара шайх – Кхойкху ИбрахIим

Зумсара Кхойкху Ибрах1иман зияртИтон-Кхаьлла к1оштахь дика вевзачу Iелимстага Азимов АбусаьIида дийцира:
– ХIокху лаьмнашкарчу наха «Кхойкху ИбрахIим» олу цунах, цхьаболчара, лахахь бехачара «Мохь бетта ИбрахIим» олуш а хилла цунах. Вайн бусалба рузманехь дIалерича 1325-чу шарахь кхелхина иза. Зумсара Мохьди бIешарал тIехваьлла воккха стаг, хIокху кешнашна лулахь ваьхна. Цуьнан лулахо вара тхан ненада Махьмуд. Цара дуьйцура, Кхойкху ИбрахIим туркх хилла ву, олий. Шайхалла, эвлаяалла долуш а хилла иза. Шуьн тIе хьалха кхевдина аьлла, гIуда тоьхна гучуваьккхина а ву иза, олура цара. ИбрахIим кху лакхарчу нахана тIевоьссина хилла, мичара схьаваьлла хууш а ца хилла иза цхьанна а. Де-буьйса доккхуш хIусамда лаьцна Зумсара Мамади хилла боху цуьнан. Даима а тIехиъна лелош, говран меттана, сараг а, карахь лелош, тIулг кхуссуш Iад а хилла цуьнан. Оцу Iодаца кхуссуш акха коканал тIулг а хилла ИбрахIиман, и тIулг цо кхоьссанчуьра юхабохуш а хилла. Цхьа лелон ца дезарг лелочунна тIекхаьчча, я озарг узуш стаг, я корта Iуьйра зуда гича, кхуссуш хилла цо и тIулг.
ИбрахIим кхелхинчу дийнан йисина иштта билгало ю. Мамадин дукха ахча делла эцна дин цомгаш хилла, хьала ца гIоттуш, цунна гонаха гулделла адамаш а долуш, шен сарагахь вогIу ИбрахIим гучуваьлла. Цо геннара мохь тоьхна: «Ва, Мамади, сан дуьненчуьра зама дIаяьлла хьуна, Iожаллин мотт биллахьа суна».
– И забарш-м дукха йора ахьа, ИбрахIим, балаболлучу кху сан дине хьажахьа, – жоп делла Мамадис.
ТIевеана ИбрахIим: «Ва, Жабраил, ва Микаил, ва Iазраил, ва Исрафил», – аьлла кхайкхина, динан лерга «х1уп» аьлла мох тоьхна. Дин бега а белла, когаш тIехIоьттина, тобелла дIахIоьттина, ткъа чувахана ИбрахIим дIакхелхина.
Лахара хьалавеана бахар бен, иза мичара веана а, хьенан ву а хууш ца хилла цу зумсошна. Цуьнан дакъа кечдина, цуьнан дай карор барий-те, аьлла, иза а дохьуш, ЧIиннаха охьабаьхкина, эвлайисте севцца, кхузарчу нахе хаьттина зумсоша, кхуьнан дай бевзий-те, аьлла. (Сан дагахь а оцу метте доьгIна чурт дара, хиш дистина ихна дIаделира иза). Нагахь чIиннахошна ца хаахь, кхин а охьагIор шаьш, ГIойтIахула, Мартанхула, аьлла.
ЧIиннахоша дехна, ИбрахIим эвлаяъ а вара, дика стаг а вара, баккъал а хIара дIа ма хьахьара аша, шайга дIаволлийтахьара аша, аьлла.
– Аша дIаволла мегаш хилча, тхуна а мегар ду, – аьлла, юха а бахана, ИбрахIим Зумса дIавоьллина зумсоша. Цул тIаьхьа цхьа зама яьллачул тIаьхьа, вайнах Сибрех бахийтинчуьра цIабирзича, цхьана суьйличо тхан ненананна Алпатуна дийцинера:
– Зумсал лакхахь, ЧIиннахара хьалавоьдуш аьрру агIор «Каьшта» олучу меттехь, воккхачу эвлаяа Ахьмад-Шайха диначу ширачу маьждига чу цхьана буьйсанна жа лаьхкинера оха. Цу буса оцу маьждига чуьра жа арадаккха бохуш, ИбрахIима мохь бетташ, диттане а дита а ца дитина, и жа аралаьхкина, оцу кIаг чохь Iен а ца даьхьна, Зумсал лакхахь жа дажо хьаладахара тхо, – бохуш.
ИбрахIимах лаьцна дийцарш дуккха а ду. ТIаккхахула кхидерш а дуьйцур ду вай.

Зорбане кечйина –
Саралиева Табарка

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*