Жимчу АтагIарчу маьждигехь – керла имам

Ахмадов Турпал - имам мечети Новые Атаги

ДIадаханчу пIерасканан дийнахь, 28-чу июлехь, Жимчу АтагIарчу маьждигехь керла имам хаьржина хилар схьакхайкхийра республикин муфтин гIоьнчас Оздамиров Валида. И тешам муфтис Межиев Салахь-хьаьжас Жимчу АтагIарчу Ахмадов Турпална белла. Бусалба стеган Ахмадов Рамзанан доьзалхо къона Iелимстаг Ахмадов Турпал Жимчу АтагIахь вина а, кхиъна а ву. Олуш ма-хиллара, ша кога ира хIоьттичхьана хууш я ца хууш къа даза, Турпал цIена кIант а, баккъал а, и жоьпаллин гIуллакх шех тешо хьакъ волуш цIенна бусалба и хилар а билгалдаьккхира юьртахоша. АтагIошна керла имам билгалвоккхуш маьждигехь вара Шелан кIоштан къеда Неттиев Хож-Ахьмад-хьаьжа а.
АтагIой тешна бу, хIинца хаьржина шайн юьртан маьждиган имам Турпал а беркате хирг хиларх. Дала тIаьхье беркате йолуш хуьлда и харжам!

 

Заурбеков Мас1уд

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*