ДИЦЛУН ДОЦУ ШИ ДЕ

Ahmad Kadirov .19.10.03. Gudermes, 40 km vostok ot Groznogo, Chechnya. (AP Photo/Musa Sadulayev)

Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъалвойла иза) Нохчийн Республикехь муфти волу шераш дара д1адоьлхурш. Ша, леррина де нисдой, ваг1ахь а, я нахана иштта хетахь а, 1едалан г1уллакхна Хьалха-Мартант1е вар, дукхахьолахь, п1ераскан дийнахь нислора цуьнан, олура наха. Ша вог1ушшехь (рузбане ша кхиъчахьана тоьаш), ша деана г1уллакх чекх а доккхий, цул т1аьхьа, шен рузба дан вог1уш 1едал дара цуьнан. Ахьмад-Хьаьжин цкъа а 1едал дацара, я хьалхе яккха г1ерташ а, я хьалхарчу мог1аре хаа г1ерташ а. Ахьмад-Хьаьжа рузбанахь даима а шолг1ачу мог1аре хуура. Хьалхе дуьйна, имама беш болу хьехамаш кхачам боллуш схьалацаран 1алашонца, имамана дуьхьал, оцу шолг1ачу мог1ара хууш хуьлура со а. Ахьмад-Хьаьжа ша, лакхарчу даржехь берш, деза духарш дерш лакхара хетта, я цхьана даржехь боцу мог1арера нах лахара хетта, дехье-сехье къестош воцуш, шен дахарехь озабезамаш боцуш, нахана юкъара къонах вара. Цундела, шена улло нисбелчарна, цхьа а къеставар доцуш, массарна а цхьабосса мара а кхетий, могаш-парг1ат а хоттий, хуура охьа. Цундела хила тарлора, даима бохург санна, сан охьахаар Ахьмад-Хьаьжина уллохь нисвалар а.
Х1етахь Хьалха-Мартант1ехь Ахьмад-Хьаьжас ша х1оттийна, шена хьалхе дуьйна хьенан-мила ву хууш, вевзаш волчу 1абдалг1анин к1ант 1абдал-Керим вара юьртан къеда.
1абдал-Кериман да 1абдалг1ани генна ваьлла, дешна 1еламстаг хилар, кху Мартант1ехь хиъна-вевзина ца 1аш, Атаг1ара дуьйна схьа шайнна Къуръан хьехийта нах а бог1уш, 1еламстаг вара. Оцу Атаг1ара вог1учарех цхьаъ Муди Абубакар вара. Абубакар ша 1абдалг1анига хьехийта Мартант1е вог1уш, йоьду-йог1у машен сацайой, шофер х1ара д1авига дагахь сецча, т1е ца хууш, «Къуръан 1амо воьдуш-вог1уш, г1аш д1асавахча, мел алсам бу» олуш шена хезна дела, даима а г1аш д1асавоьдуш 1едал дара цуьнан.
Къуръанан 1илманехь шен дега 1абдалг1анига д1а ца кхачахь а, дукха т1аьхьа висина вацара цуьнан к1ант, 1абдал-Керим а. Цундела цуьнан рузбанахь беш болу хьехамаш а шеггара вовшахтесна боцуш, даима а Къуръанна, жайнаш т1ера хуьлура. Цундела нехан кхетаме дика д1а а кхочура.
2002-чу шеран апрель бутт юккъе боьдучу цхьана п1ераскан дийнахь шен белхан г1уллакхна Ахьмад-Хьаьжа веара Мартант1е. Цу дийнахь, шен белхан г1уллакх чекх а даьккхина, рузбана веана волу Ахьмад-Хьаьжа, рузба чекхдаьлча, (1абдал-Кериман дехарца) т1аьхьа а сецна, Ахьмад-Хьаьжин, 1абдал-Кериман цхьаьнакхеттар хилира. (1абдал-Кериман доьзал генна хьалха дуьйна а суна бевзаш бара. Ша суна т1е моссаза кхечи, дукхахьолахь, цо хьахош дерг вайн адам махкахдаккхар хуьлура). Х1инца веъча а, 1абдал-Керима шен дагахь цхьа 1алашо йолуш, соьга а шаьшшинна т1екхайкхира. 1абдал-Керима, шена дагахьбаллам латтош, Ахьмад-Хьаьжига хатта кечдина ши хаттар хиллера.
«Ахьмад-Хьаьжа, тхан ден цхьана жайни т1ехь дешна ас. Дала, цхьана меттера бусалба адам 1есадалахь, ша царна т1е керстанан ж1алеш хоьцур ду. И адам шайна юккъера 1осалла д1а а яьккхина, иймане даллалц, и керстанан ж1алеш царна т1ера д1а а дохур дац Ша, аьлла яздина. 1944-чу шарахь адам махкахдаккхар а, х1инца х1ара вайна гина т1емаш а адаман 1осалла совъяларца ду-те? Со ч1ог1а шекволуш, ца кхета-кха кху балхах», – аьлла, хаьттира 1абдал-Керима.
Ахьмад-Хьаьжас, шега диначу хаттарна дуьхьал жоп луш, элира: «1абдал-Керим, кху дуьненан 1аламехь адамана дикачу аг1ор а, халачу аг1ор а т1ех1уьтту бахьанаш, дийцина цаваллал, инзаре дукха ду. Вайна ма-хаъара, лакхарчу даржехь болчеран лахарчу мог1арерчу белхалошка хьажар-ладог1ар ч1ог1а лахделла ца 1аш, д1адаьллера. «Хьо хьалавоьдуш, «даржан» дечиган генаш а кегдеш, хьалаводахь, юха чувог1уш, т1е ког баккха га а доцуш, вуьсур ву хьо», олуш кица ду. Мел лакхара а, лахара а даржехь волчо, шен цхьа сингаттам бохьуш т1евеанчуьнга, кхачам боллуш, ладог1а дезара. Цо шена т1едеана г1уллакх, шен ницкъ кхочучу барамехь дан а дезара. Т1евеанчо бохург дан шен ницкъ ца кхачахь, и т1евеанарг д1а ца човхош, и кхачам боллуш кхетийна, цунна синтем а бина, вахийта везара. И д1адаьллера вайн лакхарчу даржехь болчаьргара. Шен рог1ана иза а 1осалла яра».
Кхид1а а шен къамел д1адаьхьира Ахьмад-Хьажас. «Кху харц дуьненан бахамо адам 1ехадо. Бахамах 1ехаделлачу адамо эхартан ойла ца йо, шен вала дезар дицдо. Цунна бен а дац, и бахам шена карабеъчахьана, хьарам-хьанал некъаш ца къестош, мухха и шен хилча а. Цо ойла ца йо, х1ара суна карабеъна дуьненан бахам, ас бинчу балхаца, ас хьегначу къица бог1уш буй-те сан, аьлла. Кху дуьненахь мел дукха бахам шен кара кхачарх, цунах кхачам а бина, тоам ца беш, шен ойланца х1ара дерриге а дуьне маралаца лууш, мор баржийна лелаш берш дукха бу. Иза а 1осалла ю, Делах цатешар ду. И 1осалла берриге а махкахула д1асаяьржа. Кху дерриге а дуьненахь Ша кхоьллинчу, садолчу массо а х1уманна рицкъа латтош ма ву вайн Дела. Муьлхха хьайба а, экха а ша тховса дуьзнехь, кхана хиндолчуьнга ца хьоьжуш д1а ма тоь. Ткъа хьайбанах хьекъалца къастош кхоьллина долу адам, тховса цкъа ша дузар-м дуьйцийла а яцара, шен дахарехь шена а, шен доьзална а тоьар болуш бахам шена гуш лаьтташ белахь а, цунах кхачо ца йо. Шена гонахара, уллора адам шен б1аьргашна хьалхахь гуш, леш д1адолуш долушшехь, х1етте а шен вала дезаран, эхартан ойла ца йо. Кху дерриге а дуьненан бахам шен долахь хилча а, адаман б1аьрг буьзна, 1ебаш бац. Цундела аьлла ду, адаман б1аьрг лаьтто бен 1абор бац. Адам лаьттах схьадаьлла а ду, юха латта хила дезаш а ду. Адамана шен 1ожалла мичахь ю, маца ю хууш дац. Адам, сингаттамна хьере хир долу дела, Дала адаман шен садалар маца хир ду хаа яздина дац. Дуккха а 1еламнаха Къуръана т1ера, жайнаш т1ера, мел дукха бахам хьан долахь белахь а, мел лакхара даржехь велахь а, муьлхха а, вала везар дуьйцуш, хьехамаш бахь а, дуккха а адамашна шайна хьалхара аре а, шаьш лела некъ а шуьйра а, шера а хилча, 1еламнаха шайга д1аюьйцуш йолу, шен дег1ах хьерчаш, шайца цхьаьна лелаш йолу 1ожалла дага а ца йог1у. Адамана шена хьалха гушболу некъ шуьйра а, шера а гахь а, цунна ган а ца гуш, и адам доьду некъ, пондаран мерз санна, буьйлина лаьттачу 1ожаллин сера т1ехула доьдуш ма ду. Цу адамана шена гуш а боцуш, ган йиш а йоцуш тесначу 1ожаллин сера т1ехула доьду адам муьлххачу а секундехь гал а даьлла, 1ожаллин карадаха тарлуш ма ду. Цу 1ожаллин кхо киртиг ю дуьхь-дуьхьал х1отта езаш. Царех уггаре а коьртаниг цуьнан кху дуьненара рицкъа кхачийна хилар ду. Шолг1аниг: и адам шен са эца дезачу меттехь хилар ду. (Адам цхьацца бахьанашца, ша а г1урту цу шен са оьцур долчу метте д1акхача). Кхозлаг1ниг – бахьана ду. Цу адаман хьалхара ши киртиг цхьаьнакхеттехь, бахьана х1отта башха ч1ог1а х1ума а ца оьшу. Нагахь хьан дуьненан рицкъа кхачийна, чекхдаьллехь, хьо мел могаш велахь а, хьо мел ларлахь а, хьо-хьуо ваха а г1ерташ, хьайн са оьцу долчу метте д1акхача хьожур ву, кхочур а ву. Вай х1инца хьахийна болу 1ожалло, хьуна ца гуш, буьйлийначу сера т1ера галвала бахьана мичча хенахь а, шерачу меттехь ког шершина, охьакхетта а, бахьана карадо», – бохуш, дукха пайдехь х1умнаш дийцира Ахьмад-Хьаьжас.
1абдал-Кериман шолг1а хаттар, 1944-чу шарахь вайн къам махкахдаккхарх лаьцна дара.
«Ахьмад-Хьаьжа, советан 1едало, вайнахана юккъера шайна бехке хетарш къастийна, д1алийцина а ца 1аш, цхьанна а буьйцуш, гойтуш бехк а боцуш, вайн ши халкъ дерриге а Даймахках а даьккхина, цу Сибрехахь шелонний, мацаллий, шайн боцу хийра мохк ца ловш, ах сов халкъ х1аллак а хилла д1адаьлла вай. Х1инца, оццул бехк а боцуш, х1аллакьхилла адам, я газеташ т1ехь хьахийна а, я книгаш язйина а, истории йина а, цхьанхьа хьахош а доцуш, дуьсуш ду-кха вайн. Ас леррина сацийна волчу х1окху Шамсуддин а, сан а цу т1ехь дуккха а къамелаш хилла. Вай махках дахарехь шена гонаха хилларш-гинарш дукха дика шера дагадог1уш а, яздийр долуш а вара х1ара. И истори язйъеш хилча, дуккха а къахьега деза. Оццул къахьоьгуш язйина истори чекх ца йолуш йисахь, боккха дагахьбаллам хир бу шена бохуш, саготта ву х1ара. Суна-м, миччахь язйина а, муьлххачо язйина а, и вайн дайша цу Сибрехахь хьегначу балийн, 1азапийн истори д1атесна ца юьтуш, вайн т1аьхьенна хаийта, язйина хуьлийла ма лаьара», – элира 1абдал-Керима.
Ахьмад-Хьаьжас, со хьовзош, элира: «И ерриге къайле д1а а лачкъийна 1аш хилла-кха хьо. Язъе-те, ч1ог1а язъе. Москвахь чекхъяккха езахь а, ас чекхйоккхур ю. Х1инца цкъа х1ара адам б1арздина лаьтта т1ом сацийна, д1а а балийтина, и вай ц1ерадахаран г1уллакх караоьцур долуш со суо а вара. Суна дага ца даг1ахь а, вайн дайша ма-дарра дийцина суна Сибрехь шаьш хьегна бала, 1азап», – элира Ахьмад-Хьаьжас. Х1етахь Ахьмад-Хьаьжас аларца язйина чекхъелира сан хьалхара «Сибреха некъ» книга.
Х1етахь хиира суний, 1абдал-Кериманий, Ахьмад-Хьаьжас ша Исламан дешар доьшуш, цунна ледарло ца еш, кхачам боллуш дешна хилар. Цу к1еззигчу миноташкахь Ахьмад-Хьаьжас динчу къамелан чулацам дийнна цхьа книжка язъялла хийтира тхойшинна.
Цул хьалха дуккхазза а Ахьмад-Хьаьжица могаш-парг1ат хоттуш, вистхуьлуш 1ийна хиллехь а, 2002-чу шеран апрель баттахь 1абдал-Кериманий, суний цо хьехамаш бина де дицлур дац суна.

Чанчаев Шамсудди

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*