ДЕНИ-ШАЙХАН ЗЕРАТ

SONY DSC

ДЕНИ-ШАЙХАН ЗЕРАТ – къубца каш ду Хьалха-МартантIехь Гихта боьдучу некъаца къилба агIор долчу «Туркойн кешнашкафхь». Дени-Шайх ямартлонца вийра кIайчу гIалгIазакхаша 1917-чу шеран декабрехь Соьлжа-ГIалахь. Циггахь ду цуьнан кIентан эвлаяан Арсанов Бауддин каш а, зерат а.
Дени-Шайх а, цуьнан кIант Баудди а Галнера схьабевлла бу, тайпана – энгиной, вирд доккхуш хилла эвлаяана Элаха-Моллина. Шен устаз-хьехамча лацийтар доькхуш, Дени-шайхас Галне (Кень-Юрт) юьртана а, Макане кIотарна а юккъерчу варшахь вийра и лацийтина волу полковник Эльмурзаев Шида.
Арсанов Бауддис нохчий а, гIалгIай а махках баьхначу 1944-чу шарахь а, цул тIаьхьа а хIаллакьдечуьра кIелхьардехира бIеннаш адамаш – бераш, зударий, баккхий нах. Арсанов Баудди юкъа ца ваьллехь, тоьпаш тоха, я дийна боллушехь баго тарлора уьш.

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*