Делан Элчанан месийн беркат (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

Делан-Элчанан-месийн-беркат-(Делера-салам-маршалла-хуьлда-цунна)Ибн Сийрийна (Дала къинхетам бойла цунах) Iабийдатега аьлла: «Тхоьгахь Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) месаш ю, Анасера кхаьчна». Iабийдата элира: «Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мас сайгахь хилар дуьненал, цу чохь мел долчу хIуманал дукхадезар дара суна».
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьххьара хьаж дечу хенахь шен корта башийтина, и баьшначуьнга элира: «Месаш дIаекъа», тIаккха цо нахана юкъахь дIасайийкъира уьш.
Имам Ахьмадан кIанта IабдуллахIа (Дала къинхетам бойла царах) аьлла: «Суна гира, тхан дас Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) масана барт боккхуш».
Сабита аль-Бунанис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Маликан кIанта Анаса соьга элира: «ХIара Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мас ю, со дIавуллуш сан метта кIел йиллалахь иза».
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) корта бошуш гира суна, цуьнан месаш каракхачаре догдохуш асхьабаш гонах хьийзаш болуш».
Халид бин Валийда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ши мас бахьанехь беркат, толам а хуьлу суна».
Умму Саламата (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) месаш хи чу Iуттий, и хи цомгаш болчарна маладора, царна дарба, беркат а лохуш.
Имам Ахьмадан кIанта IабдуллахIа (Дала къинхетам бойла царах) аьлла: «Тхан дегахь Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхоъ мас яра. Цо соьга весет дира, ша веллачул тIаьхьа ши мас – шина бIаьргана, цхьаъ – матта тIе йиллий, ша дIаволла аьлла».
ХIай АллахI, Мухьаммад-Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) беркат даржадехьа тхан махкахь!

Хьехам кечбина А-Хь.Кадыровн цIарахчу хаамийн, зорбанан «Некъ» цIе йолчу Кхерчан говзанчаша.

 
 
 

Комментарии

 
 

Leave a reply to melatonina comprar

*

*


 
 

Политика конфиденциальности