Деди Бауддин вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

Дедин БахIа некъ лелош волчо доккхуш хIара вирд ду:

ХIора ламазна тIаьхьа (тасбихь а дина, доIа динчул тIаьхьа)

бисмилла – 1

къулхІа – 11

салават – 5

Веза Дела, ас дешначу бисмиллех,

11 къулхІанах, 5 салаватах суна болу мела Мухьаммад-Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхачабе Ахь, шайх БахIага (Дедига), шайх Элах-Моллига а кхачабе Ахь.

Дийнахь-бусий цкъа доккху вирд

астагIфируллахI – 500

ла илахIа иллаллахIу – 300

салават – 100

ТIаккха доIа дийр ду:

Алхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн вас-салату вас-саламу Iала Мухьаммадин ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIийн.

 

Веза Дела! Ас 500 астагIфируллахI аларх, 300 ла илахIа иллаллахIу аларх, 100 салават дилларх суна болу мела Мухьаммад-Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхачабе Ахь, цуьнан доьзалшка, асхьабашка кхачабе Ахь, сан устазе БахIага кхачабе Ахь, шайх Дедига кхачабе Ахь, шайх Элах-Моллига кхачабе Ахь.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*