Дахарехь зеделларг

5954826335f22ac1d688e2f9e09

Хьекъал долуш волчуьнгахь оьг1азло ца тов.

Бехке воцчунна бехказавийлар хьашт дац.

Дийца х1умма а доцучун дийца дукха хуьлу.

Ша воцург ву моттийта г1иртича, ша хила тарлуш верг а ца вуьсу.

Х1умма а ца дечуьнгара г1алат ца долу олу. Х1умма а цадар-м ду г1алат.

Хьал долу стаг – ша валлалц бахам ларбеш верг ву.

Ладоьг1уш верг хазаза вуьсур вац.

Дегабааме хилар – осала хиларан билгалонех ду.

Кханенаш йохкуш волчунна г1уллакх дан хан к1еззиг юьсу.

Шена зеделларг къаьсттина дика 1ема.

Сайд-Эмин, мартанхо

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*