Дас шен кIанте дина хьехар

Нехан динара хоттала вуссийла, хьо хууш хилалахь,
Тиша барзакъ духий, хьошалгIа ма гIолахь,
Керла барзакъ духий, гота аха ма хIотталахь,
Нехан къайленаш хаа ма гIерталахь,
Хьайн къайленаш нахе а ма йийцалахь,
Доцу хIума нахана тIехь кхуллуш ма хилалахь,
Мел боккха цабезам белахь а, стагана мотт ма тохалахь,
Хьайх сийна цIе юьллур елахь а, къера дуй ма баалахь,
Хьо мел цIена велахь а, Къуръанах дуй ца баа гIорталахь,
Хьайн хьекъал нехачул сов ма хеталахь,
Ахь дуьйцург дош дац нахе ма алийталахь,
Наха дуьйцург дош дац айхьа а ма алалахь.

Нехан декхар, хьайгара дIадаккхале, дIалолахь,
Хьайн декхар, хьадаллалц, схьа ца деха хьажалахь,
Захалонна, маслаIатана юккъе вон дош ма алалахь,
Хьо деций-ненаций дика хилар ма дийцалахь.
Хьо цушинца муха ву нахе дийцийталахь,
«Со сайн мехкан къонах ву» ма алалахь,
Хьо мехкан къонах ву, махке алийталахь,
Нахаца моз санна, мерза ма хилалахь,
Амма стим санна, къаьхьа а ма хилалахь.

Iовдал комаьрша, сонта майра ма хилалахь,
Хьайга тахана далун дерг кханенга ма титталахь,
Даржехь волуш, мискачарна гIо дан хьажалахь,
Айхьа лун доцу совгIат нахе ма дехалахь,
Хьайна дича ца мега дерг нахана ма делахь.

Дайн хилла бахамаш бийца ма хIотталахь,
Дайн чуьрташ мичахь ду нахе ма хетталахь,
Даймахкахь дерг бен ирс доцийла хаалахь,
Дайн гIиллакх доьзале дIакхачо хьажалахь,
ГIиллакх доцург нохчи воцийла хаалахь,
Даймахкана эшначохь дIахIуттуш хилалахь.

Абубакар М.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*