Даймехкан тIеман дакъалацархо Болотбиев Рамзан

Балотбиев Рамзан

Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархо Болотбиев Рамзан Девкар-Эвлахь вехаш ву. Иза х1инца чу-аравалар башха атта долуш вац, могашалла хьалхалерниг яц шен бохуш. Шен 92-чу шарахь мел гинарг а, ша цхьаъ висича, юх-юха а карладуьйлу цунна. Дуьхьалтуьйсу бералла, да-нана, гергарнаш, юха ша т1аме вахар а, цигахь гина буьрсалла а, къизалла а.
Воккхачу стеган дахарехь дуккха а дисина байттамаллаш а, дагахьбалламаш а… Цу заманара нах, мел яккхий халонаш т1е1иттаяларх, адаман юьхь ца йойуш баьхна, церан марзонаш тахана а ца хаьдда Рамзанах. Дикачух масал а оьцуш, даха 1ама деза вай бохуш, дийцира цо тхуна. Вонаш дохо а, эшо а, вайн кегийрхойн а, къоман кхане а 1алашъян вайн коьрта 1алашонаш хила езар билгалдохура шен къамелехь къаночо.
Нохчийн историн ирсан сирла аг1онаш башха дукха хилла яц. Вайн хьекъал а, сий а долчу ларамечу къанойн яхь а, оьздангалла а къоначара схьаэцахь, вайн къоман кханене сатуьйсийла ю. Ткъа Болотбиев Рамзанан дахар вайн къоман оьздачу, доьналлечу адамийн дахаран б1аьрла цхьа масал ду. Дала дуккха а бахабойла вайн сийлахь ветеранаш, беркате къаной! Бакъдуьнена д1абирзанчарна Дала гечдойла!

 

Тагаев Сайд-Хьасан

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*