ГIурбана Iийдан де

БисмиллахIиррохьманиррохьийм

camel-images-2ГIурба бохург – Iийдан дийнахь, я цул тIаьхьа догIучу кхаа дийнахь Далла герга хиларан нияатца эмкална, я бежанна, я уьстагIна, я газанна урс хьакхар ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Хьайн Далла ламаз де ахь, тIаккха гIурбана урс хьакха». «Аль-Кавсар», 2. ХIокху аятехь Дала омра дарца билгалдина, Iийдан ламаз динчул тIаьхьа бен гIурбана урс хьакхар нийса ца хилар.
Iийдан де бусалба нехан дезде ду. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шайн Iийдан денош «Алло́хIу Акбар» бахарца хазде аш». ТIабарани. ИбрахIи́м-пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат дендар а, къен-миска Iаш болчу нахана сагIина жижиг даларца шорто яр а, царна хазахетийтар а ду иза.
Асхьабаша хаьттира Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «ХIай Делан Элча, гIурбанаш бохург хIун ду?» Цуо жоп делира: «Шун ден ИбрахIиман суннат ду». И суннат лелийча шайна хIун мел хир бу, хаьттира асхьабаша. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Оцу гIурбанан хIора чонан цIарах дика яздийр ду шуна». Асхьабаша юха а хаьттира: «Ткъа тIаргIа?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Оцу тIаргIан хIора чонца дика яздийр ду шуна». Хьаким.

ГIурбана урс хьакхаран хьукма

ГIурба – чIагIдина суннат ду, аьтто болчо кхочуш ца деш дита мегар доцуш. Доьзалехь цхьамма гIурба дийча, массарна а кхачам бо цо, цуьнан ял а хуьлу массарна. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Адаман тIаьхьенах цхьаммо а хIокху (гIурбанан) дийнахь гIурбана урс хьаькхна цIий Iанорал еза Iамал ца йина, гергарло хоттаран Iамал йоцург». ТIабарани.
Iелин кIанта Хьасайна (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ЦIенчу нийятца, Делера ял хиларе сатуьйсуш гIурба дийначунна, цуо дийна гIурба жоьжахатах и ларвеш йолу дуьхьало хилла дIахIуттур ду». ТIабарани.
ГIурба дер важиб хилла тIедужу шина бахьаница: 1) Стага шен долахь долчу, гIурбана урс хьакха мегар долчу бежанна, я уьстагIна, я газанна тIе пIелг хьажийна, и билгалдаьккхича, хIара сан гIурба ду, я хIокху бежанца (уьстагIца, газанца) гIурба дуьйр ду ас, аьлла; 2) Стага чIагIо йина шена тIелаьцнехь, Далла гергахуьлуш гIурба дуьйр ма ду ша, оцу дийне ша валахь, аьлла. Иштта важиб хилла долчу гIурбана урс хьаькхча, цунах долу жижиг дерриге сагIина дала деза, и шена тIера дийначунна даа ца мега.

ГIурба дуьйш волчун бехкамаш

1) Бусалба хилар. Керста волчунна тIехь дац гIурба дер.
2) Пхийттара ваьлла волуш, хьекъал долуш хилар. Берана, хьекъална эшна волчунна тIехь дац гIурба дер.
3) ГIурба ден аьтто хилар. ГIурбана урс хьокхучу дийнахь, цул тIаьхьа догIучу кхаа дийнахь шена а, шен доьзална а луш долчу напханал алсам рицкъа долуш иза велахь, гIурба дер тIехь ду цунна.

ГIурбана урс хьакха мегаш долу
хьайбанаш

1) Эмкал; 2) Бежана; 3) УьстагI; 4) Газа. ГIурбана юьйш йолу эмкал пхи шо кхаьчна, бежана, газа – ши шо кхаьчна, уьстагI – цхьа шо кхаьчна хила безаш бу. Эмкал, бежана ворхIанна тIера ден мегар ду. Нагахь уьстагI шо кхаьчна бацахь, амма хьалхара цергаш охьаэгна белахь, иза гIурбана урс хьакха мегаш бу. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шена Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира, аьлла: «ГIурбана урс хьокхуш болчу уьстагIах диканиг – иза шен хьалхара церг охьайожнарг бу». Ахьмад.
ГIурбана урс хьокхуш долу хьайба жижигана эшам беш долчу сакхтах маьрша хила деза. БIаьрзе дерг, астагIниг, гирз даьлларг, тIех гIийла дерг, лерга тIера цхьа жимма а дакъа даьккхинарг мегар ду гIурбана. Амма лергана Iуьрг даьккхина, я кIеззиг лерг хадийна хилча, гIурбана мегаш ду и. Iазибан кIанта Барраа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Диъ хIуманах цхьаъ шеца долу хьайба гIурбана мегар дац: бIаьрзе дерг, шен бIаьрзе хилар билгал долуш; цомгаш дерг, шен цомгаш хилар билгал долуш; астагIа дерг, шен астагIа хилар билгал долуш; гIийла-оза дерг, шен тIум йоцуш». Тирмизи.
ХIара сакхташ санна лоруш ду церан жижиг эшош долу кхидолу сакхташ а. Урс хьокхуш волчунна нийят дар важиб ду, ша урс хьакхар деза а ду цунна. Нагахь ша и хууш вацахь, цо векал ван мегар ду урс хьакха хууш верг.

ГIурбана урс хьокху хан

Зуль-хьиджат беттан 10-чу дийнахь малх схьакхеттачул тIаьхьа, ши ракаIат суннат ламаз дарца ши хутIба а доьшуш урс хьокху хан йолало. И хан чекхйолу Iийдан дийнал тIаьхьадогIучу кхаа динах кхоалгIачу дийнахь малх чубузарца. Iийдан дийнахь ламаз дина валарца урс хьакхар деза ду. Ламаз дале хьалха урс хьаькхна волчун гIурба хир дац. Iазибан кIанта Барраа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ХIара Iийдан де ламаз дарца дIадолор ду вай, тIаккха вайн хIусамашка дIадахана, гIурбана урс хьокхур ду вай. Иштта и гIурба дийнарг (Iийда ламазал тIаьхьа), иза вайн некъа тIехь (суннат лардеш) ву, амма ламаз дале хьалха урс хьаькхначо шен доьзална даа жижиг хилийтина, къобалдеш долу гIурба дац цо дийнарг». Бухари.

ГIурбанан жижигах дийриг

Вай хьалха дийцира гIурба дер важиб хуьлуш долу ши бахьана. Нагахь санна и гIурба дер оцу шина бахьанах цхьана бахьаница нисделлехь, цунна а, цуо шайна напха латто дезаш болчу цуьнан доьзалшна а мегар дац цуьнан жижиг даа. Амма цуо дийнарг суннат гIурба делахь, цунна мегар ду шена луъучул цунах даа. Ша дийначу гIурбанан кхоалгIа дакъа шена, шен доьзална даа чохь дитина, дисина ши дакъа мискачу нахана сагIина дIадалар дика ду цунна. Ша дийначу гIурбанан цIока сагIина яла мега, я цIахь дезар оьцуш йита мега. Амма и цIока йохка, я урс хьаькхначунна йолана яла мегаш дац. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ша дийначу гIурбанан цIока йоьхкина волчун гIурба (къобал) хир дац». Хьаким.

Iийдан дийнахь лардан деза суннаташ

1) Iийдан дийнахь ша ламазе вахале хьалха лийчар, керла бедар юхар, IатIар, я и санна хаза хьожа йолу хIума тохар суннат ду.
2) Iийдан ламазе хьалххе вахар а ду суннат.
3) ГIаш волавелла ламазе вахар деза, мелехь ду.
4) ГIурбан Iийдане хIума ца кхоллуш вахар деза ду.
5) Ша ламазе ваханчу новкъахула ца вогIуш, кхечу новкъа юхавар дика ду.
6) ГIурбанан деношкахь хIора фарз ламазал тIаьхьа «Алло́хIу Акбар, Алло́хIу Акбар, Алло́хIу Акбар, ла́ ила́хIа иллалло́хIу, валло́хIу Акбар, Алло́хIу Акбар, ва лилла́хIиль хьамду» алар деза ду.

Iийдан ламаз даран куц

Ламаз доьхкуш имама нийят иштта дийр ду:
«Ас нийят ди жамIатца ши ракаIат Iийдан ламаз со имам хиллачу хьолехь Далла дан, Алло́хIу Акбар», – аьлла.
Имамана тIаьхьахIоьттина ламаз деш волчо нийят иштта дийр ду:
«Ас нийят ди жамIатца ши ракаIат Iийдан ламаз имамана тIаьхьа Далла дан, Алло́хIу Акбар», – аьлла. Ламаз дихкинчул тIаьхьа имамана тIаьххье хьалхарчу ракаIатехь ворхIазза «Алло́хIу Акбар» эр ду, ламаз доьхкучу хенахь санна ши куьг хьала а ойбуш. ХIора шина «Алло́хIу Акбар» юккъехь хIара тасбихь доьшур ду: «Субхьа́налло́хIи, валь-хьамду лилла́хIи, ва ла́ ила́хIа иллалло́хIу, валло́хIу Акбар». ТIаккха имама фатихьат (бисмилла) доьшур ду хаза а хезаш, тIаьхьахIиттинчара, имам дешна ваьлча «А́ми́н» аьлла, шайна хезачу барамехь бисмилла доьшур ду. ШолгIачу ракаIатехь пхоьазза «Алло́хIу Акбар» эр ду, сужданера хьаланислуш олуш дерг доцург. Царна юккъехь хьалхарчу ракаIатехь санна тасбихь доьшур ду. ТIаккха имама фатихьат (бисмилла) доьшур ду хаза а хезаш, тIаьхьахIиттинчара, имам дешна ваьлча «А́ми́н» аьлла, шайна хезачу барамехь бисмилла доьшур ду. Эттахьиг дешна, имамана тIаьххье салам а делла, дерзор ду ламаз. Цул тIаьхьа имама дечу шина хутIбане ладугIур ду, деш долчу доIина «А́ми́н» эр ду.
Веза-Сийлахьчу Дала къобалдойла вайн гIурбанаш!

 

Магамедов Сулимана

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*