ГIеза-Хьаьжин вирд (Дала къайле цIинйойла цуьнан)

Вирд лелоран хьукма шиъ ду:

1. Важиб (нузур дина тIеэцна)

2. Суннат

а) Вирд схьадалар – Къуръан а, суннат а ду.

б) Вирдан чулацам – Дела хьехор ду.

в) Вирдан дозалла – Далла тIех езаш Iамал ю.

г) Вирдан пайда – Дела везавалар ду.

 

Вирдан куц а, рагI а:

I. Нийят дар (Ас нийят ди Делан дуьхьа вирд даккха)

2. 3-зза – ашхIаду алла илахIа иллаллахIу ва ашхIаду анна Мухьаммада ррасулуллахI алар.

3.100-зза – астагIфируллахI алар.

4.500-зза – ла илахIа иллаллахIу алар.

5.100-зза – Пайхамарна салават диллар.

6. Мела балар.

 

Мела баларан кеп:

БисмиллахIиррахьманиррахьийм.

Алхьамду лиллахIи Раббил-Iаламийн вас-салату вас-саламу Iала Мухьаммадин ва Iала алихIи ва асхьабихIи ажмаIийн.

ХIай Веза Сийлахь волу Дела, ас даьккхинчу вирдан мела Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхачабе Ахь, цул тIаьхьа цуьнан доьзалшна а, цуьнан асхьабашна а кхачабе Ахь, цул тIаьхьа сан устазана ГIеза-Хьаьжина кхачабе Ахь, сан дена а, нанна кхачабе Ахь. АллахIумма Раббана атина фид-дунья хьасанатан ва фил-ахирати хьасанатан ва къина Iазабан-нар. АллахIумма салли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммад бихьурмати сирри суратил-Фатихьа (бисмилла доьшур ду).

 

Вирдан хан

1. Хаьржина хан: Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа;

2. Мегаш йолу хан: хIора ламаз тIехь цхьацца бIе зуькар доккхур ду, диснарг ша ма-дарра доккхур ду.

Вирд даккхаран гIиллакхаш:

 

1. Дела дагахь латтор.

2. Ламаз карахь хилар.

3. Къилбехьа верзар.

4. Хиъна Iаш даккхар.

5. ГIиллакхе охьахаар (масала голаш тIе хиъна).

 

Вирдан коьчал:

1. Деза дерг (куьйган пIелгаш).

2. Мегаш ерг (суьлхьанаш, тIулгаш).

 

Вирдехь хаза доцург:

 

1. Барамал соввалар а, эшор а.

2. Акха бIаьрг хьежор.

3. Къамел дар а, велар а.

4. Яар а, малар а.

5.Сихвалар.

еѕk���h ��m р.

 

4. Хиъна Iаш даккхар.

5. ГIиллакхе охьахаар (масала, голаш тIе хиъна).

 

 

Вирдан коьчал

I.Еза ерг (куьйган пIелгаш )

2.Мегаш ерг (суьлхьанаш, тIулгаш).

 

Вирдехь хаза доцург

I.Барамал соввалар а, эшор а.

2.Акха бIаьрг хьежор.

3.Къамел дар а, велар а.

4.Яар а, малар а.

5.Сихвалар.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*