ГУЬМСАН КlОШТЕХЬ

СКФО-н 1елимнеханIMG-20170506-WA0003 кхеташонан куьйгалхо а, «Исламан з1аьнарш» газетан редакцин декъашхо а волчу, вевзаш волчу 1елимстага Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас т1едилларца, 23-чу апрелехь со хилира эвлаяан Ташу- Хьаьжин (Воккха-Хьаьжа) ц1арахчу Гуьмсан к1оштан коьртачу маьждигехь.
Со теш хилира оцу эвлаяан беркатца бусалба наха цуьнан ц1арахчу маьждигехь деш долчу дикачу, Дела реза хинволчу г1уллакхийн. Делан Сийлахь Калам – Къуръан – 1амош 200 сов бер ду кхузахь.
Царна хьоьхуш, и меле г1уллакх шена т1елаьцна къахьоьгуш ю дика йо1 Шах1адат. Оцу дийнахь шен мута1еламашца цхьаьна кечбина беана тайп-тайпанчу кхачанех кхетийтира 200 сов бусалбанаш.
Дикачу х1уманна юкъ йихкина, д1ах1оьттина лаьтташ ву кхузахь маьждиган г1уллакххо Цадаров Замид. Цо дийцарехь, школашкахь дешаран шо чекхдаьлча, каникулашкахь 300 сов бер хир ду кхузахь Къуръан деша 1емаш.
Оцу дийнахь маьждиган имаман г1уллакхаш кхочушдеш вара 1елимстаг Албеков Ал-Мохьмад. Цуьнан дахаран некъ бовза лиъна, дехха къамелаш дира охашимма. Цхьа шо бен дац Ал-Мохьмад кхузахь имам волу. Шен 20 шо кхаьчча, 1988-чу шарахь эскарехь г1уллакх дина ваьлла, ц1а вирзича, 199 3-г1а шо кхаччалц юьртарчу маьждигехь имам лаьттира иза. Цул т1аьхьа Малайзи пачхьалкхехь бусалба 1илма 1амош университет а, цул т1аьхьа аспирантура а, докторантура а чекхъяьккхина, исламан 1илманийн доктор ву Ал-Мохьмад.
Маьждиган имам волчу Мохьмад-Эмис аларца веана Ал-Мохьмад кхуза имам, х1ора к1ирнах цхьана дийнахь photo_2017-04-27_11-58-54 (2)– к1ирандийнахь – имамалла деш ву. Вуьшта, массо а дийнахь, коьрта болх, Соьлжа-Г1алахь йолчу эвлаяан Кунта-Хьаьжин ц1арахчу университетехь хьехар бу.
Маьждиган коьрта имам ву Мелчхера Асламбек, иштта цхьацца дийнахь имаман г1уллакхаш кхочушдеш бу кхузахь: Рег1ат1ера Асвад, Джалкхера Муса, Гуьмсера Мохьмад-Эми, Ахмедов Анзор, Бенара Мохьмад-Салахь.
«Делан къинхетамца, Киши-Хьаьжин ц1арахчу университетехь хьеха аьтто баьлла, боккха кхаъ хеташ вара со, ткъа х1инца иштта кхаъ бу суна везачу эвлаяан Воккхачу-Хьаьжин ц1арахчу маьждигехь имамалла деш хилар», – элира Ал-Мохьмада, шен къамел дерзош.
Гуьмсан к1оштан къеда ву Абдулмуслимов Амир. К1оштан мехалле йолчу массо а мероприятешкахь дакъалоцуш ву иза. Масала, х1окху т1аьххьарчу к1ирнах Амира дакъалоцуш, Джалкха юьртахь кешнаш ц1андира. Меттигерчу дешаран урхаллин белхахоша вовшахтохарца, к1оштан культурин ц1ийнехь заь1ап берашца цхьаьнакхетар а хилира к1оштан къедин. Сих-сиха к1оштан куьйгалхочуьнца Оздамиров 1усманца, цуьнан накъосташца а, цхьаьна Сесанарчу Воккхачу Хьаьжин зерате а х1уьтту photo_2017-05-02_16-12-44уьш.

Заурбеков Мас1уд

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*