Вешан дуьне, дахар талха ма дайта вай!

Вешан-дуьне,-дахар-талха-ма-дайта-вай!(Наркотикаш зене а, хьарам а хиларан хьокъехь делилаш)
БисмиллахIиррохьманиррохьийм

Хастам бу Далла, Iаламаш кхоьллина, кхобуш, кхиош волчу, зуламе дерг вайна хьарам дина волчу, пайде, маслаlате дерг вайна хьанал дина волчу. Делера салам-маршалла хуьлда Дала вайх къинхетам беш ваийтинчу Элчанна а, цуьнан доьзална а, асхьабашна а, царна нийсонца тIаьхьабаьзначарна а.
ХIай лараме бусалба ваша, наркотикаш стаг хIаллаквечу, Дала хьарам йинчу хIуманех ю. Веза-Сийлахь волчу Дала дихкина вайна дегIана зене долу а, стаг хьекъалх вохош долу а хIуманаш. Царех схьадолуш долу зулам кхераме а, доккха а ду, адамийн дуьненан дахар а, эхарт а талхош.
Цунах коьрта дерш дагардийр ду вай:

1. Далла муьтIахь хиларх дIаверзор
Дала Шена Iамалъян кхоьллина долчу дегIан даг чуьра Дела хьехор дIадолу, ша оцу цамгаре марзделча. Шен коьрта Iалашо наркотик хилча, Дела вицво цо, шех адам тешийта ша къера дуй буучу хенахь бен дага а ца вогIуш; ткъа Дела вицварал йоккха дакъазло ма яц адамна цхьа а.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шу ма хила Дела хьехо бицбелчарех, тIаккха Дала уьш бицбеш». «Аль-Хьашр», I9.

2. Шен дегI хIаллакдар
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш ма тийса шайн догIмаш хIаллакьхиларе». «Аль-Бакъарат», I95.
Шаьш лелош верг шайга марзварца, шен дегIан лаамашна и муьтIахь варца, оцу наркотикаша дегI хIаллакдо. Цо гучуйоху стагехь кхерамечех йолу дуккха а цамгарш. Царах цхьаерш ягарйийр ю вай: СПИД, туберкулез, рак, цIий бехдеш йолу цамгарш, пхенаш ийзо цамгарш, уьш йоцурш а.

3. Адам хьекъалх дохор
Наркотик, малар санна, адам хьекъалх дохош хIума ю. Цунах кхетачу адамо, шен иэсах духий, хийла ша дийр доцург до, динчул тIаьхьа ша дохко а долуш. Амма юхадерзо йиш а йоцуш, хийла шех кхеташ ца хилча лараме хир волчу стеган сий дойу цо, ткъа Далла гергахь бусалба стеган сий мехала ду. Цундела вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьарам дина вайна адаман хьекъал дIадоккхуш долу хIума.
Умму Саламата (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дихкира дегI дахош мел долу хIума, хьекъалх вохош мел долу хIума». Ахьмад.
Ткъа хьекъалх вохош, вахош долу хIума АллахIан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къинойн нана лерина. ХIунда аьлча, стагана цунах а кхетта иэсах воьхча, вон мел дерг дагадогIу, тIаккха шайтIано цуьнан цу тIехь аьтто боккху.

4. Нехан тешам бар
Адам наркотик а, малар а лело доьлча, нахана иза шайна тешаме ца хета. Цхьа а стаг ца хуьлу цуьнца юкъаметтиг я гергарло лело лууш, я ваьхьаш. И лелош волу стаг шен цIахь доьзал болуш велахь, цо и шен доьзал дакъаза боккху, хIунда аьлча цуьнгахь царна гIиллакх Iамо я дин Iамо хьекъал ца хуьлу. Амма Веза-Сийлахь волчу Дала вайга омра дина, вовшашна тешаме а, хьехар деш а, гергарло лелош а хила аьлла.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ийманехь ма вац тешаме воцург, ламаз ма дац ламаз карахь доцчун». ТIабрани.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Делах а, Къемат-дийнах а тешаш волчо шен хьешан ларам бойла. Делах а, Къемат-дийнах а тешаш волчо гергарло хуттийла. Делах а, Къемат-дийнах а тешаш волчо диканиг олийла я хIумма ца олуш иза IадъIойла». Абу ХIурайрат, Бухари, Муслим.

5. Дела резавоцчу новкъахь даьхни дохкар
Дала бусалба стагана дихкина эрна харж яр, къаьсттина чIагIдина хьарам дина цо и харж Ша хьарам динчу хIуманна яр. Ткъа оцу зуламе марзвеллачо иза оьцу, шен берийн багара йоккхий а, я шен чуьра хIума юхкий а.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш даьхни эрна хIаллак ма де, баккъала а, даьхни эрна хIаллакдеш берш шайтIанан вежарий бу».
ХIай лараме бусалба ваша!

Хьо ма гIерта оцу зуламна герга, ахь бита хьуо хIаллаквеш болу некъ. Доьхна хIума лелорца хьайх нехан тешам ма баккха, ларде хьайна Дала делла рицкъа, эрна харж яр а доцуш. Хьайн доьзал ахь ийман чохь кхиабе, хьайгара хаза масал гойтуш.

ХIай лараме дай-наной!

Аш ларбе шайн доьзал и санна долчу вочу хIуманех. Шуна хоийла царна тIе бер дуьгуш болу некъ цо тонка озарна тIера дIаболалуш хилар. Шена иза мегий хиъча, малар тIе кхевда иза, тIаккха шена тIехь шайтIа тоьллачул тIаьхьа, цо вуон мел дерг хьоьху цунна. Амма дас-нанас царна дин хьоьхуш хилча, Дела везаран марзо хаалур яра царна, Дала хьарам динарг шайна къахь а луш. Дас-нанас уьш Iаморна тIехь ледарло йича, дуьнен чохь шайна бала бо цара, ткъа эхартахь цаьрга и хоттург хиларх цхьа а шеко яц.
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай ийман диллина нах, аш ларде шайн догIмаш а, доьзалш а керста нахах а, тIулгех а Ша латор йолчу цIарах. Оцу тIехIиттина маликаш хир ду, шога, нуьцкъала долуш, Дала шайга динчу омранна Iеса а ца хуьлуш, шайга де аьлларг кхочуш а деш». «Аттахьрим», 6.

Iеламнехан барт

Исламан Iеламнехан цхьабарт бу наркотикаш хьарам хиларна тIехь. Уьш яржош болчарна таIзар дан дезар чIагIдина цара. Амма цаьрга марзбеллачарна и зулам дитарца омра дича а уьш кхеташ бацахь, ницкъаца совцо безарна тIехь барт хилла церан.

Веза-Сийлахь волчу Дала къахьдойла вайна Ша хьарам динарг! Дала Ша реза волчу новкъа нисдойла вай!

Хьехам кечбина
Алиев Бексолтин Ахьмада

 
 
 

Комментарии

  • obviously like your web-site however you need to check the spelling on quite a few of your posts. Several of them are rife with spelling problems and I find it very troublesome to tell the reality nevertheless I will certainly come again again.

 
 

Добавить комментарий

*

*