Бувайсар бакъволу бусалба вара

d2d6b613-5de0-4039-b7b0-870a50be261e20I9-чу шеран 28-чу январехь дуьненчохь йоккху хан чекхъялла, эхарта вирзира Эвтарарчу эвлаяийн Iовдин, Iелин (Велин) мурид Заурбеков Бувайсар. Жима волуш, школе вахале дуьйна, ламаз-марха долуш, цул тIаьхьа кхиъна ваьлча, зуькаре воьдуш, Делий, Пайхамаррий (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьехош Iамал-Iибадат деш, устазийн Iовдин, Iелин вирд лелош, церан муридаш бе-заш, берриге а эвлаяаш безар шеца долуш, бакъволу мурид вара Бувайсар.
2007-чу шарахь веара Бувайсар бусалба динан «Исламан зIаьнарш» газете болх бан. БархI шарахь болх бира цо редакцехь. Шен дахар бусалба газетан дахарх хоттаделла хиларх воккхавеш вара Бувайсар. Редакцехь менеджеран болх беш вара иза. Амма газет бусалба нахана довзийтича, и царна ша дIакхачийча, тоам хеташ вацара иза. Цо уллера зIе латтайора газетдешархошца, воккхаверца дуьйцура церан газетах кхоллалуш йолчу ойланех, буьйцура церан лаамаш, ткъа царна йовзуьйтура редакцин тобанан Iалашонаш. Оцу кеппара, Бувайсарехула дуккха а болчу газетдешархоша гергарлонаш тийсира редакцин тобанца.
Билгадаккха деза, оцу муьрехь юкъайохуш йолу газетан керла рубрикаш, теманаш, дукхахдолчу декъана, Бувайсаран хьежамаш, лаамаш бийцаре барца хилла хилар.
ДоггIучуьра ала лаьа, газета кхолладелчахьана, редакцехь хаддаза къахьегна волчу коьртачу редакторан заместитела Тимирханов Iадлана (Дала гечдойла цунна) леррина тидам беш хиллера Бувайсар цхьа ша тайпа башха кхолларалла йолуш хиларан. Оха тидам а беш, дуккха а хан йойъура цушимма цхьацца материалаш зорбане кечъеш. Iадлана воккхаверца дуьйцура цуьнан гIиллакхаш, юьйцура цуьнан амалш, къаьсттина, газетан чулацамах цо еш йолу ойланаш, цу тIехь и само еш хилар.
Диъ шо хьалха, цIеххьана цамгаро, кхидIа ца хеца, лецира Бувайсар. ТIаьххьара цхьа шой, ялх буттий меттахь боккхуш, эхарте вирзи вайн бусалба ваша, Жимачу АтагIарчу Джунайдан кIант Бувайсар.
Дела цхьаъ веш, Элча бакъ веш, шен устаз къобалвеш, Делан Сийлахь эвлаяаш къобалбеш, берриге а бусалба вежарий, къестамаш ца беш, безаш, бакъволу мурид вара Бувайсар.
Дала декъалвойла хьо, Бувайсар! Дала Шен ялсаманин веза хьаша войла хьох!

«Исламан зIаьнарш» изданин тоба

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*


 
 

Политика конфиденциальности