Бозбуанчалла лелийна я ца лелийна муха хуур ду?

22427352_361016737689131_1302340629400911872_n(1)

Бозбуанчалла лелийна я ца лелийна муха хуур ду?
Жоп: Д1ахиллачу х1уманна бозбуанчалла лелийна моьттуш ахь хьайна т1еийзахь, д1а а ца вахалуш вуьсур ву. Ч1ог1у лазар ду вайна юкъахь лелаш, массо а х1уманна б1арг хилла моьттуш, йохк-эцар лелочехь, д1а базар вала хьо, д1а т1е вахнарг б1арг хилла ву-кх хьуна, я мах хуьлуш бац, амма х1етте а цигара д1абовлуш а бац уьш. Дуьненна рицкъанаш, ахь лелош долчу бахьанех терра бен ца хуьлу. Иштта атта, теннах а хуьлуш бац б1аьрг, атта ца долу адамана чу жин. Йовхарш кхеттарг а жин ду моьттуш хуьлу, ког лазабаьлларг а жин ду моьттуш хуьлу, корта лаза баьлларг а жин ду шена чудаьлларг моьттуш хуьлу. Шайт1а-м ирх-пурх а вайца лелаш ма дуй, вайн хье чохь, шен болх беш…… Цундела, цкъа хьалха лоьраш т1ехула чекхваккха веза, нагахь цара кхин х1ума дац бахахь, и стаг б1аьрг лаьцна я жино хьийзош хила мега. Цхьа а бахьна а доцуш дег1 вуон долуш, охьа эгаш, хорам хуьлуш велахь лелийна х1умнаш хила а тарло, б1аьрг хилла хила а тарло. Цундела и тайпана цамгарш лехьош верг хьалха лоьрашна т1ехула чекхваккха веза. Дала лардалар лойла вайна массо а цамгарх!
Хаттарна жоп делла Шар1ан 1илманан кандидата Шайх Хираханов Асвада

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*