Берана цIе харжар

happy smiling kid outdoor doing OK portrait green tone

Лекха волчу Дала адамна доьзал белла, доьзалан хьокъехь долу декхарш нийса долчу Шен шариIатехь билгалдаьхна.
Да-нана Далла хьалха шайн доьзалх жоп дала дезаш ду. Доьзалхочун хьокъехь долчу декхарех ду цунна хаза цIе харжар а. Берана туьллуш йолу цIе и вовзаран билгало ю, дуьненахь а, эхартахь а цуьнан йоккху цIе ю и. Делера салам хиларо ма аьлла: «Баккъал а, Къематан дийнахь шу тIекхойкхур ма ду шун цIерашца а, шун дайн цIерашца а, хазде шайн цIерш тахкар». (Абу Давуд)
ЦIарца муьлха мила ву, хьенан ву хаьа, муьлхачу динехь ву хаьа. ЦIе тиллар лараме гIуллакх долу дела цуьнан бакъо шариIато дега дIаелла. ХIунда? ЦIе тилларехь берана цхьаьнгга а зулам ца дайта, боьха, ирча цIе тиллина бер цхьаьнгга а сийсаз ца дайта. Да ма ву Далла хьалха берах жоп дала дезаш верг. Цу хьокъехь да ненан лаам хIун бу хьажа мегар ду, нана сийлахь ю, бертахь дерг беркате ду. Нагахь и шиъ къовсаме далахь, вай лакхахь ма-аллара, бакъо дегахь ю. Ден тIаьхье ма ю иза, цуьнан фамили ма ю.
Вайнехан Iадатехь, вайн гIиллакхехь дас-нанас туьллуш яц берана цIе, дехоша баккхийберца хьалхе йоккху оцу самукъанечу гIуллакхехь. Иза а вайн динна дуьхьал дац, шен бакъо шена луъучуьнга яла а, шена луъучуьнгахь йита а йиш йолуш ву да. Лекхаволчу АллахIан дин нехан а, къаьмнийн Iадаташ, гIиллакхаш дохош деана дац. Делан шарI (закон) дохош доцург магийна ду вайн динехь. Делахь а, ца дезаш дерг хIун ду? Диканиг, вониг муьлха ю ца хуучо, динехь сийлахь ерг-йоцург муьлха ю ца хуучо ма хоржийла берана цIе. И цIе, вай хьалха ма-аллара, дуьненахь а, эхартахь а лела езаш ма ю, жима волуш а, воккха хилча а яккха езаш ма ю.
Берана тилла дика цIе харжийта вай нах хьалхалерчу заманахь дуьйна моллина тIебоьлхуш хилла, и гIуллакх дешначу нахе дуьллуш хилла цара. Хьекъал долчу наха шайна цахуург хIинца а хуучуьнга хотту.
Делера салам хиларо уггаре а Далла езаш йолу цIерш – IабдуллахI, Iабдуррахьман ю аьлла.
Хьалха Iабд (лай) боху дош дерг тIаьхьа йогIуш ерг АллахIан цIе ерг еза ю бохург ду иза.
Иштта, Делера салам-маршалла хиларо, берашна пайхмарийн цIерш тахка, аьлла. Ткъа уггаре а сийлахь волчу вайн пайхмаран цIерш ма ю шаьш тахка тIех хьакъ ерш: Мухьаммад (хастамна хьакъверг), Ахьмад (тIехъхастаме верг), Хьамид (хастамбешверг), Махьмуд (хестошверг), МустIафа (Дала пайхмараллина хаьржина верг), Башир (ийман диллинчуьнга ялсаманица кхаъ боккхург), Рауф (нахана дика болх хила лууш верг), Рахьим (къинхетаме верг), Махьи (керсталла д1адаккха Дала ваийтина верг), Хьашир (адам шен лорах махьшаре догIу верг), Iакъиб (шел тIаьхьа кхин пайхамар воцург), Расул (Элча), Садикъ (шен ваIда кхочушдийриг), Амин (тешаме верг), МахIди (Дала нисвинарг), Мансур (толамхо), Iадил (нийсо еш верг), Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, и. дI. кх.
Асхьабийн цIерш ма ю сийлахь: Абу-Бакр, Iумар, Iусман, Iали (Дела реза хуьлда царна) и. дI. кх.
Зударийн цIерех сийлахь ерш: Хадижат, Iаишат, Хьафсат, Маймунат, Фатымат, Асият, Маръям. Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зударийн цIерш, цуьнан йоIарийн цIерш, цуьнца ийман диллина хиллачу цуьнан заманан зударийн цIерш (Сахьабийят), Дела реза хуьлда царна массарна а, и. дI. кх.
Тахана-м и хаза цIерш Iад а юьтий, жуьгтийн а, эрмалойн а, кхидолчу керстачу къаьмнийн а цIерш тохку вайнахах цхьаболчара, дукхахъерш зударийн цIерш ю тохкуш ерш, хIун ю цахуурш.
Адаман сий лахдеш яцахь, вон маьIна долуш яцахь, наха шайн къомехь йолу дика цIерш тахка а мегаш ду. ХIора къомехь ма ю сийлахь цIерш. Вайн къомехь ма ю сийлахьчу эвлаяийн цIерш, турпалхойн цIерш, дикачу нехан а, зударийн а цIерш.
Берана цIе и дуьненчу даьллачул тIаьхьа ворхIалгIачу дийнахь, цунна тIера хьакъикъат дуьйчу дийнахь тиллар суннат ду. Магаре диллича-м, хьалхарчу дийнахь мегаш ду цIе тилла.
Вайна ца магош ерш:
1. Къаьсттина керста нахана лелош ерш ю.
2. Къаьсттина Делаца бен йогIуш йоцурш ю: Рахьман (Шен къинхетам дукха болуш верг), Халикъ (массо хIума кхоьллина верг), Бариъ (доцуш мел хилла долу хIума хилийтина верг), Къуддус (кхачамбацаршха ЦIена верг), Самад (массо хIуманийн Шегахь хьашто йолуш верг, Ша цхьаьнгахь а хьашто йоцуш верг) и д1.кх.
3. ЖIарийн цIерш ю: Лата, Iузза, ХIубул и. дI. кх.
4. ШайтIан цIерш: Иблис, Хинзаб и. дI. кх.
5. Хьалха Iабд долуш, тIаьхьа йогIург АллахIан цIе йоцурш: Iабдул-Муслим (бусулбан лай).
Иштта ца тиллича дика ду, вуьшта аьлча, тиллар карахIат ду, адам хастош, цIандеш йолу цIе а, масала: Баррат (муьтIахь ерг).
Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIусамнана Жахьшан йоI Зайнаб хилла, цуьнга ша яле, и цIе йолуш. Делан салам хиларо Баррат метта Зайнаб цIе тиллина цунна. Цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муьтIахь мила ву, Iеса мила ву Далла хаьа, аьлла. Делан салам хиларо зудчун Iасыят (Iесаниг) боху цIе хийцина аьлла а ду хьадисехь, цуьнан метта Жамилат (Хазаниг) аьлла цIе тиллина цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
Иштачех, тиллар карахIат долчех ю Iабид (Iибадат деш верг), Сажид (сужуд деш верг), Закир (Дела хьехош верг) боху цIерш, дин, Ислам дешнаш юкъахь долу цIерш, масала, Нуруль-Ислам (Исламан нур), Мухьйид-дин (дин дендеш верг). ХIунда аьлча, хIокху цIерех шена цIе тиллинарг воккха хилча, шен цIеран маьIна бакъдеш ца хилахь, дин сийсазадечех хир ву, вай наха ма-аллара, шен цIе хьарам ерг хир ву.
Имам Нававина а (Дала къинхетам бойла цунах) дезаш ца хилла аьлла ду шех Мухьйид-дин алар, шех и цIе яккха ша тIех хьакъ воллушехь.
Делан салам хиларо хийцинчерах ю Хьарб (тIом) боху цIе а, цуьнан метта Машар аьлла цIе тиллина цо. МудтIажиI (Iуьллуш верг) боху цIе гIаьттинарг аьлла хийцина Делан салам хиларо.
Вайн цIерш а, куц а, кеп а, къамел а, лелар а вайн динца цхьаьнадогIуш хила деза. Дала бакъон тIехь нисдойла вай!

Муртазаев Сайдмохьмад-Хьаьжа

 
 
 

Комментарии

 
 

Leave a reply to farming simulator 19 mods

*

*