АЮБ-Пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

Аюб-пайхамар Исхьакъан (Делера салам хуьлда цаьршинна) тIаьхьенах ву. Вай хьалха ма-дийццара, ИбрахIим-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) ши кIант хилла: ИсмаIил, Исхьакъ (Делера салам хуьлда цаьршинна). Берриге а пайхамарш, вайн умматан пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) воцург, Исхьакъан тIаьхьенах бу. Вайн пайхамар ИсмаIилан (Делера салам хуьлда цунна) тIаьхьенах ву. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цуьнан (ИбрахIиман) зуьретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а».
(«Аль-АнIам», 84)
Аюб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Дала халкъе дин кхайкхо вахийтина элча хилла. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха вахьйу дира ИбрахIиме а‚ ИсмаIиле а‚ Исхьакъе а‚ Якъубе а‚ Якъубан тIаьхьене а‚ Iийсага а‚ Айюбе а‚ Юнусе а‚ ХIаруне а‚ Сулаймане а».
(«Ан-Нисаъ», 163)
Шема махкахь дехаш долчу Хьавран олучу къомана вахийтина Дала иза. Аюб-пайхамарна (Делера салам хуьлда цунна) Дала массо а тайпанара дукха даьхни делла хилла. Цул сов, шортта латта а, ялхой а, йохк-эцар лелоран даьхни а хилла цуьнан. Дала цунна доьзал белла: ворхI кIанттий, ворхI йоIIий. Доккхачу дегIахь, дика могашалла йолуш, онда стаг хилла Аюб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна). Цул тIаьхьа Веза-Сийлахьчу Далла лиъна балица иза зен, шайга кхаьчначу халонна тIехь собаре хиларехь тIаьхьабогIучу нахана масал хилийтархьама. Уггаре а хьалха даьхни хIаллакьхилла, къевелла иза. ТIаккха тIаьхье-хьалхе дерриге а бераш (ворхI кIант, ворхI йоI) делла висина иза. Цул тIаьхьа Дала цамгаран балица зийна Аюб (Делера салам хуьлда цунна). Цуьнан дегIа тIехь могаш меже ца йисина, дог а, мотт а боцург. Оцу берриге а баланашна собаре хилла, Делера ял хиларе сатуьйсуш волуш, дийнахь а, буса а Дела хьехочуьра соцуш ца хилла иза. Цунах цамгар яларна кхоьруш, доттагIий а, гергара нах а цунна тIебогIучуьра севцца. ТIаьххьар а, цуьнан хIусамнана Рахьмат йоцург гIо дан адам ца дисина цунна. Цамгар яларх кхийрина, юьртан охIлано юьртара араваьккхина иза. БерхIитта шарахь собарх ца вухуш, цамгар лайна цо, цхьаьнгга а балхам ца беш. Цуьнан хIусамнанас Рахьмата цхьана дийнахь аьлла цуьнга: «Хьайна дарба дар доьхуш Деле доIа дахьара ахь». Аюба (Делера салам хуьлда цунна) тIаккха зудчуьнга хаьттина, маса шарахь паргIат дехаш Iийна вай, аьлла. Рахьмата жоп делла, 70 шарахь паргIат даьхна вай, аьлла. ТIаккха Аюба (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: «Деле деха эхь хета суна, ас паргIат яьккхинчу хенал кIезиг ма ю цамгар ловш яьккхинарг». Дог диллинчу Рахьмата муьлхачу хене кхаччалц хьега беза хIара бала шега аьлча, оьгIазваханчу Аюба (Делера салам хуьлда цунна) Делаца чIагIо йина, Дала ша оцу цамгарх хьалхаваккхахь, бIе гIаж тухур ю ша хьуна, аьлла. Рахьмата болх беш къахьоьгуш хилла, Аюбана (Делера салам хуьлда цунна) яахIума латторхьама, амма нахана лууш ца хилла цо шайн кертахь болх бан (цамгар яларна кхоьруш). Цхьана дийнахь, яахIума эца ахча ца хиларна, шен шина кIажарх цхьаъ хада а йина, йоьхкина цо. Цул тIаьхьа масийтта де даьлча, шолгIа кIажар а йоьхкина, Аюбана (Делера салам хуьлда цунна) яахIума эцна цо. ХIара яахIума ахь стенах эцна ца дийцахь, ша юур яц и аьлла, Аюб (Делера салам хуьлда цунна) дуьхьалваьлча, шен коьртара йовлакх дIадаьккхина цо. ТIаккха и хьал шена гича, Деле кхойкхуш доIа дина цо. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Аюб а хьахаве ахь, шен Деле кхайкхина волу: «Баккъал а, со балано лаьцна‚ ткъа Хьо къинхетам бечарах уггаре а Къинхетаме верг ма ву».
(«Аль-Анбияъ», 83)
Цхьана дийнахь Рахьмат рицкъа лаха яханчохь хьеелла хилла. Веза-Сийлахьчу Дала Аюбе (Делера салам хуьлда цунна) вахьйу дина: «Хьайн ког (лаьттах) тоха ахь, хIара шийла долуш, луьйчу а, молу а хи ду».
Делан омранна муьтIахь а хилла, Аюба (Делера салам хуьлда цунна) лаьттах ког тоьхча, Дала шийла шовда далийтина. Аюба (Делера салам хуьлда цунна) и мелча, Делан къинхетамца цуьнан кийрара цамгарш дIаевлла, иза оцу чохь лийчича, цуьнан дегIа тIехь йолу цамгарш дIаевлла. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Дала цунна ялсаманин духар тIедуьйхира, тIаккха иза дехьо ваьлла охьахиира. Цуьнан зуда цига еача, цунна шен хIусамда ца вевзира. Цо элира: «ХIай Делан лай, кхузахь хилла волу цомгаш стаг мича вахана хаьий хьуна? ЖIаьлеша я берзалоша ваьхьна те иза?» Аюба (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга элира тIаккха: «Дакъаза ма яла хьо, со ца вевза хьуна, со Аюб ма ву!» Рахьмата элира: «ХIай Делан лай, хьо сох кхаьрдаш ву?» Айюба (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга элира тIаккха: «Дакъаза ма яла хьо, со Аюб ву, баккъал а, Дала суна могашалла юхаелла». Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Дала цунна даьхни а, доьзал а хьалха ма-хиллара юхабелира, цаьрца цхьаьна кхин оццул даьхни а, доьзал а белира». Аюбан (Делера салам хуьлда цунна) лерам бина ца Iаш, Дала иштта лерам бина и кхобуш бала хьегначу цуьнан хIусамненан а, цунна къоналла юхаяларца. ТIаккха цо Аюбана (Делера салам хуьлда цунна) 26 кIант вина. Цул тIаьхьа Аюб (Делера салам хуьлда цунна) Румой махкахь 70 шарахь ваьхна, ИбрахIим-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) динехь волуш. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха цунна белира цуьнан доьзал а‚ цаьрца цхьаьна царах тераниг‚ Тхайна гергара къинхетам бархьама а‚ Iибадат дечарна хьехам хилийтархьама а».
(«Аль-Анбияъ», 84)
Веза-Сийлахьчу Дала цуьнга омра дина: «Схьаэца хьайн куьйга цIов‚ цуьнца тоха‚ хьайн дуй къар ма бе! Баккъал а, Тхуна иза собаре волуш карийра. Дика лай ву. Баккъал а, иза (Далла тIе) воьрзуш верг ву». («Сод», 44)
Цхьаболчу Iеламнаха аьлла, Рахьмата шен ши кIажар хада а йина йоьхкича, оьгIаз а вахана, Аюба (Делера салам хуьлда цунна) чIагIо йина хилла, ша цунна бIе гIаж тухур ю, аьлла. Везачу Дала, Рахьматах къинхетам беш, бIе сара цхьанабехкий цIов бе, и Рахьматна цкъа тоха, хьайн дуй къар ма бе, аьлла цуьнга. ХIара ду-кх, АллахI-Дала Шех кхоьруш, Шена муьтIахь волчунна луш йолчу паргIатонан, балех кIелхьарваларан а масал, къаьсттина, собаре а йолуш, Делера ял хиларе сатуьйсуш йолчу зудчун хьокъехь. Ибн Жарийра (Дала къинхетам бойла цунах) хьахийна, Аюб-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) лечу хенахь 93 шо хилла, аьлла. Ткъа цхьаболчу Iеламнаха, иза бIе шарал сов ваьхна, аьлла.

ХIокху вай дийцинчух схьалаца дезарг
1. Аюб-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Дала халкъе дин кхайкхо вахийтина элча хилар.
2. Дала Шен гергара нах тайп-тайпанчу баланашца зуьйш хилар.
3. Шега бала беача, Делан къинхетамах дог ца дуьллуш, собаре хила везаш хилар.
4. Ша паргIатонехь велахь а, халонехь велахь а Дела дукха хьехо везаш хилар.
5. Шега кхаьчна бала нахе ца балхош, Деле балхо безаш хилар.
6. Баккъал а, Делах тешаш доIа диначунна, Дала жоп луш хилар.
7. Ша йина чIагIо кхочушъян езаш хилар, Дала хьарам динчу хIуманна тIехь и йина яцахь.

Магомедов С.

www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 

 
 
 

Комментарии

  • Jakub

    Аллах1о собар лойла моссо а Бусулбачу стагана, ша Аюба Пайхмарна санна (Дерер салам хуьлда цунна)

 
 

Добавить комментарий

*

*