Ахьмад-Хьаьжа хьалхара вара

Ahmad Kadirov .19.10.03. Gudermes, 40 km vostok ot Groznogo, Chechnya. (AP Photo/Musa Sadulayev)

Вайн халкъан керлачу историн машаре хьалхара агIо дIайиллина вайн мехкан бакъволу тхьамда

Цунна хала дара…
«Сайна долчунна со массарна а къинтIераваьлла», – ала а дац атта, бакъонна тIегIертар бен, бехкала ваха, пхьа хьарча меттиг йоцуш, хIетте а шайн йоккхуш цIе йоцчу мостагIаша уллера накъостий, гергара нах бойуш, уьш лахьте кхийдо дезаран къаьхьа кхаъ, беза мохь ловш схьавогIучу къонахчунна.
Амма цуьнан доьналла тоьира и ала.
Цо тIаьххьара нахана хьалха динчу къамелера цхьадолу хIуманаш дагадаьхкича, дагна хуорам хуьлу.
– Мискачунна гlo дан гIерташ, ишкол тойойтуш, сайн хирг деш схьавогIу со – накъост хуьлуш вац- кх суна. ВаллахIи, со-м хьере ма хилла, – бохура цо.
– Суна шуна довдан а ца лаьара, сайн дан бакъо елахь а, – иштта а элира.
Деши санна, цIенаниг дIакховдийча, адмаша и дIаоьцуш цагаро хьере веш, шен дан бакъо йолу дов а дан ца лууш, чекхвелира.
Цунах нах ца кхетара, олу тахана. Кхетар а хуьлу тайп-тайпана. Цхьаболчу «кхеттачара», «aгlo хилла» улле буьйлучара, шена ен ямартлонаш а хьахайора цо кест-кестта.
Цакхетарш а бара иштта тайп-тайпана. Юьхьанца дуьйна xlapa тIедогIург хIун ду а хууш, Дудаевн а, цул тIаьхьа бийлинчу «имамийн» а «революцешна» дуьхьал лаьттинчу цхьа кIеззиг болчу нехан цакхетар а дара. Xlapa долалуш, хазнеха санна жигара а хьийзина, тIаьхьа шайн-шайна хиллачу цхьацца «цатемаша» «оппозиционераш» бинарш а бара. И тIаьххьарнаш, вайна моьттучух, шайна хетарг тIедаьлчий бен, я кхидIа а цхьаннах а кхета дагахь болчух тера а дац. Делахь а, муьлххачу aгlop дерг а – и цакхетарш кхин башха вай цецдийла меттиг йолуш хIума а дац: пайхамарех а ца кхетта шен заманахь нах…
Амма цунах кхийтира эххар а. Цо лелош дерг билггал хIун ду ган доьлча, халкъ кхийтира. Халкъ боху вай, тобанаш ца боху.
Халкъ баккъал а цунах кхета долар а хила там бу цунна йинчу ямартлонан цхьа бахьана. Шена хьалха ваьллачу стагах халкъ а кхетча, цу халкъана хьашт а, гIайгIа-бала а бевзаш хьалхаваьлларг а волавелча, цу халкъах шайна хеттарг дан арабевллачу нехан гIуллакх галдолу. Ишттачу халкъо ша цхьана а дега ловза ца дойту. Цу халкъан къайлах болчу къацахетаршна я даррехь болчу мостагIашна вала де ду и. ТIаккха а до ишттаниг: я тхьамда хIаллакво, я халкъ кегадо. Вайн халкъ юха а кего, итт-пхийтта шо хьалха санна, хьере дина, бердах кхосса ницкъ тахана боций гуш ду. Тхьамда дIа а ваьккхина, дохо дезара иза мостагIаша, кхидIа хIун дан деза ца хууш, пана дита дезара.
ХIокху тIаьхьарчу масех бIешарахь Дала Шен къинхетамца вайна нисбинчу тоьллачех цхьаъ дIаваьккхира цу къацахетарша, вайн халкъан мостагIаша. Амма цара цхьана хIуманан ойла йина ца хиллера: къонахчух дуьсу масалш а ду къонахчун мехха, цу масало, къонахчун некъах долчу иэсо дIа дуьгу халкъ цкъа юьхьарлаьцначу сийдолчу новкъа. Къилбанан са долу некъ, тхьамда дIаваларх, юкъах ца буьсу.
Шен синна, дегIана долчунна майралла эккха а воллуш, махкана хила тарлучу сингаттамна, бохамна, хазнеха санна, сема, экаме, тIаьхьа a, хьалха а хьаьжна волу стаг дукха ца нисвелла вайн халкъана коьртехь, вайн ерриг истори дагалаьцча. Хиллачарех уггаре а бIаьрла масал дитира оцу стага. Иза хила ма-везза мехкан тхьамда вара. Иза вайна оьшура. Амма Делан кхиэл ца лелча цаяларна, дIаваха иза. ДIаваха, шен декхар дуьззина кхочушдина, халкъана гергахь гуттаренна а даха сий а дуьсуш, Далла гергахь, Дала мукъ лахь, шахIидан дарже а кхочуш.
2000-чу шеран I2-чу июнехь, нийсса I8 шо хьалха, Нохчийн Республикин ханна йолчу Администрацин коьрте иза хIоттош, Iедалан белхан зеделларг доцу и Iеламстаг тIаьхьо шех политик, пачхьалкхан гIуллакххо хилла дIахIуттур ву бохург дукхахболчарна дагахь а хилла хир дацара. Амма вайн бIаьргашна гуш хилира цунах дуьненан тIегIанера политик а, мехкан бакъволу тхьамда а.
Иза хьалхара вара, цунна хала дара. И хьалхара хилар а, цу хьалхара хиларан хало а, дукъ а и лалун доллучуьнга делла хиллера хIетахь Веза-Лекха волчу Дала. Иза вайн къомах Дала бина къинхетам бара.
Хьалхаваьллачо Iалашо нийса лаьцна хилча, тIаьхьабогIучарна тIаьхьа бахар башха болх а бац. Ахьмад-Хьаьжас лаьцна къилба нийса дара, цуьнан болар тIаьхьа богIучеран дегнаш ир-кара хIиттош дара. Цу новкъахь ду вай тахана, цу боларца ду. Вай дIахьочу некъах бIо ца булийла дац тIаккха. И кхиаме хир бу, Дала мукъ лахь! Баккъал а дика хир ду Нохчийчохь!
Тахана хаза хийцамаш бу махкахь хуьлуш. Оцу стага тесна беркате xly ду, комаьрша зIийдиг хецна, хьаладолуш.
Кхиамаша корта ца хьовзош, вовшийн юкъаметтиг тоян хууш, вешан нохчаллин-бусалбаллин шад баста ца болуьйтуш, лула-кулахь болчаьрца вежараллин гIиллакх, гIуллакх лело хууш, кху новкъа дIадаха Дала пурба лойла вайна. Дала гIазот къобалдойла Ахьмад-Хьаьжин!

Лорсанукаев Увайс

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*