«АстагIфируллахI» бохург хIун ду?

duaa-hands2-1024x681

Цуьнан маьIна «Ас АллахIе гечдар доьху» бохург ду.
«АстагIфируллахI» баьхча аьтто бен хуьлий?
«АстагIфируллахI» баьхча Дала цунна дуккха а пайданаш хуьлуьйту, уьш бу:
1-ШайтIа гена доккху.
2-Дела реза хуьлу.
3-ГIайгIа а, сингаттам а дIабоккху.
4-Самукъа доккху.
5-Юьхь нуьре хуьлу.
6-Ницкъ сов болу.
7-Могашалла та ло.
8-Дела везаволуьйту.
9-Далла везаволуьйту.
10-Далла герга хуьлуьйту.
11-Дела хьехош верг хуьлу.
12-Дог денло.
13-Делаца йолу юкъаметтиг толо.
14-Къинош дIадоху.
15-Халонехь гIо хуьлу.
16-Синна паргIато хуьлу.
17-Къинхетам хуьлу.
18-Маликаша гуо бо цунна.
19-Дела виц ца валар хуьлу.
20-Нифакъах (лицемерие) гена воккху.
21-Дог паргIат долу.
22-Хьашт кхочуш хуьлу.
23-Эхарт дага догIу.
24-Дуьне гена долу.
25-Далла хастам бар хуьлу.
26-Уггаре а сий дерг хуьлу Далла гергахь.
27-Дог чIагIдалар дIадолу.
28-Дала и олуш берш хьахбо маликашка.
29-Халонаш атта хуьлу.
30-ГIуллакхаш тIехь аьтто хуьлу.
31-Рицкънах беркат хуьлу.
32-Машар хуьлу.
33-Кхерам дIаболу.
34-Толам хуьлу.
35-ДоIанна жоп ло.

Дика хууш верг АллахI ву.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*