Адамийн синхьашташ кхочушдаран новкъахь – 28 шо!

28-шоЕрриге СССР пачхьалкхехь а бусалба динан дуьххьарлера газет

1990-чу шеран 6-чу ноябрехь, х1етахьлерачу НГ1-н республикехь, араделира бусалба нахана лерина «Исламан з1аьнарш» («Зори Ислама»)  газет, нохчийн а, г1алг1айн а доьзалашка боккха кхаъ кхечира.  Къилбаседа Кавказехь хьовха, ерриге а СССР пачхьалкхехь а бусалба динан дуьххьарлера газет дара иза.

Х1етахь дуьйна тахханалц Везачу Делан Дош, цуьнан Сийлахьчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ, безачу шайхийн – эвлаяийн хьехамаш х1ора лоьмарехь бусалба нахана д1акхачорехь хаддаза къахьоьгуш ю редакцин тоба.  Иштта, 1еламнаха, масла1атхоша говза буьйцучу нохчийн маттахь цара диначу масла1атийн  дукха масалш  халкъана довзийтарехь йоккха меттиг д1алоцуш хаамаш бу редакцин тобанан исторехь.

Редакцин тобанан 1алашо цкъа а ца хилла деккъа цхьа газет арахецарх, и бусалба нахана д1акхачорах тоам бина 1ар. Вайн махкахь чолхе зама йолчу хенахь а, цул хьалха а тхешан ницкъаца вайн безачу  эвлаяийн дахар толлуш, церан зератийн истори д1аязъеш, зорбане йоккхуш, цул т1аьхьа меттигерчу телевиденехь вайн махкахошна йовзуьйтуш болх бира редколлегис. Оцу талламах «Шайх Митаев 1ела» ц1е йолуш жайна арахийцира, дукха бусалба наха пайдаийцира цунах.

2006-чу шарахь, юха чу сакхоьллина, арадолуш ду «Исламан З1аьнарш». Делан къинхетамца, НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаам кхочуш беш, НР-н Куьйгалхочо Кадыров Ахмад-Хьаьжин к1ентан Рамзан-ХьаьжинамзанРам  омранца пачхьалкхан чоьтах арадолуш ду «Исламан з1аьнарш». Х1етахь дуьйна, редакцин штатехь а волуш, къахьоьгуш ву вевзаш волу 1еламстаг Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа. Цунах дагадовларца арахецна оха дуккха а жайнаш. Уьш ду:

  1. «Исламан сирлачу новкъахь» ц1е йолуш 2 том, Кадыровг1еран дайн истори махкахошна йовзуьйтуш жайна, «Сийлахьчу т1аьхьенийн орамаш» ц1е йолу телевизионни фильм.
  2. «Наха хоьтту – Хож-Ахьмад-Хьаьжас жоьпаш ло» ц1е йолуш 5 (пхиъ) дакъа брошюраш.
  3. «Святой шейх Кунта-Хаджи Кишиев» киносценари.
  4. «Мехкан хьехамча» ц1е йолу жайна. Иштта ц1е йолу телефильм.
  5. Арахецна «Исламан з1аьнарш» ц1е йолу босболу, 76 –аг1о йолу журнал – 50 лоьмар.
  6. Зорбане даккха кечдеш ду (нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь) кхин цхьаъ жайна, вайн эвлаяийн дахарх, Аллах1-Дела везаре, вовзаре кхачарехьа цара бинчу некъах, церан даржаш дуьйцуш, иштта ц1е йолуш: «Эвлаяи, сгорающие в любви к Аллаху» (Дела везаран шовкъах (марзонехь) богуш болу эвлаяаш).

Иштта кхийолу литература, киносюжеташ…

Т1аьхьарчу хенахь редакцин тоба къонъелла. Цуьнга терра керла хьежамаш хаалуш бу газетан дийзайн хийцарехь, зорбане йовлуш йолчу материалашца, керлачу рубрикашца. Ницкъ кхачаран барамехь газетадешархойн лаам кхочуш беш, церан ойланаш цу чу ерзийна, цаьрца з1е латтош, церан лааме хьовсуш, сема болх беш ю редколлеги.

Замано лоьхуш ма-хиллара, электронни кепехь, хила беззачу т1ег1ант1е баьккхина  д1ахьош бу газет бусалба нахана довзийтаран, дезадалийтаран болх.

Электронни кечдина газет, зорбане даьккхина ца 1аш, редакцин сайта чу доккху, цул сов, дуккха а муридаш бу вайн махкал арахьа а Ватс Апп чохь шайн группаш йолуш, цунах пайдаоьцуш. Цара шаьш дешна ца 1аш, уьйр-марзо йолчу кхечарна а довзуьйту.

Де дийне даларца бусалба газетах алсам пайдаоьцуш а, иштта газет вайн махкахь хиларх бакхийбеш, деша лаам болуш, вовшашка кхаьънаш  дохуш, хаало тхуна.

Тхо даккхийде дагадовла 1еламстаг Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа волуш, мало ца еш къахьоьгуш 1еламстаг Муртазаев Сайдмохьмад-Хьаьжа волуш, церан пурба доцуш, цу шимма ешначул т1аьхьа бен, зорбане ца йоккху оха цхьа а материал.

Бусалба динан «Исламан з1аьнарш» дуьххьарлерчу газетан хьалхара лоьмар араяьлла 28 шо кхочуш, декъал бан лаьа суна кхунах пайдаоьцуш болу вайн махкахой, бусалба нах, Дала шайна кхоьллинчу рицкъанашна т1аьхьа дуьне ма-дду  д1асабахана болу вайн вежарий, йижарий.

Вай Кхоьллинчу Аллах1-Дала бусалба нахана лерина долчу х1окху изданех алссам пайдаэцар лойла вайна массарна!

Дала аьтто бойла вайн массеран а бусалба динехь нисдала, ийманехь, исламехь ч1аг1дала! Х1ара бусалба дин вайна довзийтина болу вайн беза-сийлахь эвлаяаш, Делан леш безар, бовзар лойла вайна Кхоьллинчу Аллах1-Дала! Вовшийн дезар, дашар лойла вайна!

Аллах1-Дела цхьаъ вийраш берриге а цхьа бусалба вежарий бу. Дала ницкъ а, хьекъал а, кхетам а лойла вайна цхьа вежарий хилла, къестамаш ца беш чекхдовла, вешан доьзалш, т1аьхьара т1аьхье а ийманехь, ислам-динехь кхион!

Вай Хастам бо Веза-Сийлахь волчу Аллах1ана ваьш бусалба кхолларна! Шен пайхамар, Сийлахь волу Мохьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къобалвеш, эвлаяаш безаш, нийсачу некъа т1ехь ваьш нисдарна!

Алхьамду лиллах1! Алхьамду лиллах1! Алхьамду лиллах1!

 

Заурбеков Мас1уд, «Исламан з1аьнарш» изданин бухбиллархо, Нохчийн Республикан хьакъволу журналист

 

 

 

 

 
 
 

Комментарии

  • There are some attention-grabbing cut-off dates in this article however I don’t know if I see all of them heart to heart. There may be some validity however I will take maintain opinion until I look into it further. Good article , thanks and we would like extra! Added to FeedBurner as well

  • Youre so cool! I dont suppose Ive read anything like this before. So good to seek out any individual with some authentic ideas on this subject. realy thank you for starting this up. this web site is one thing that’s wanted on the web, somebody with a little originality. helpful job for bringing something new to the web!

  • I know top Blog professionals would really like your blog. You have a good head on your shoulders. You always know just what to say. I truly appreciate this page. Neat post.

 
 

Leave a reply to holiday homes

*

*