Абу Бакран йоI Асмаъ (шолг1а дакъа)

Зубайр ибн аль-Аввама ялийна Асмаъ. Цу хенахь ч1ог1а къен хилла Зубайр, цхьа говр йоцург кхин бахам ца хилла цуьнан.
Амма Зубайрина беркате х1усаманана нисъелла. Т1аьхьа Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабех уггаре а хьал долуш болчех хилла и, Дала Шен къинхетам т1еберзийна.
Абу Бакран йо1 ерриге а дика амалш шегахь йолуш хилла. Хьекъал долуш хиларца къаьсташ а хилла и.
Шен дерриге а дахарца комаьршаллин масал хилла чекхъяьлла Асмаъ.
Цуьнан к1анта 1абдуллас дуьйцура:
«Сайн дахарехь суна гина а бац сайн ненайиша 1айшат а, нана Асмаъ а санна, комаьрша зударий. Амма цаьршиннан комаьршалла а яра тайп-тайпана. 1айшата жим-жимма вовшахтухура мискачарна яла х1ума, ткъа сан нене са ца тохалора шен кара еана х1ума сихха къехошна д1а ца елча».
Гочдинарг — Петирова Пет1амат

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*