ΙИЙДАН-ЛАМАЗ ДАРАН КЕП

БисмиллахΙиррахьманиррахьийм

Рамазан беттан фарз-марханаш чекхдевлча, Шавваль беттан хьалхарниг ду Ιийдан де.
Шен доькхуш фарз я Шавваль беттан ялх марха кхаба луучо, Ιийдан де дΙадалийтина долор ду уьш.
Ιийдан-ламазан хан дΙахΙутту малх ана тΙехула гучубаьллачул тΙаьхьа 20-30 минот яьлча, тΙаккха цуьнан хан делкъа-ламазан хан хиллалц ерг ю.
Ιийдан-ламазал хьалха а, цул тΙаьхьа а деш цхьа а ламаз дац, я моллалла кхайкхар а, я къамат дар а дац. Имама шен къираат (дешар) гучу а доккху цу Ιийдан-ламазехь.
Бусалба, Шаввал беттан хьалхарчу дийнахь шен Ιуьйра-ламаз дина, лийчина а волуш, рузбанан-ламазе воьдуш кечваларе терра, хаза хьожа йолу хΙума а тоьхна, керла я цΙена бедар юьйхина, маьждиге ваха аравер ву, масех хурма бен яцахь а, хΙума кхаьллина а волуш. ХΙорш дерриге а Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннатех ду. ТΙаккха маьждига чохь Къуръан дешаре ладугΙуш я ша доьшуш Ιийр ву малх схьакхетталц 10690_bйолчу хенахь. Малх гучубаьллачул тΙаьхьа, сахьтан кхоалгΙа дакъа дΙадаьлча, масала, малх бΙаьргана гуш айбелла хир бу. Циггахь дΙайолало Ιийдан-ламазан хан.
ТΙаккха имама, хьалха а ваьлла, нахе хΙара беркате ламаз дойтур ду. Имамана мелехь ду ламаз дехкале, и муха дан деза нахе дийцар. Дукха нах хуьлу, иза муха до ца хууш, хатта эхь хеташ, кхачам боллуш ца деш.
Нах могΙаршкахь дΙахΙуьттур бу, могΙарш нисдар мелехь ду царна. Цул тΙаьхьа имама нийят дина: ас нийят ди марха дастаран Ιийдан ши ракъаΙат суннат-ламаз имам хиллачу хьолехь Далла дан аьлла, тΙаккха, АллахΙу Акбар аьлла, ламаз доьхкур ду, цунна тΙаьххье наха а доьхкур ду, имама санна, имам хиллачу хьолехь ца олуш, имамана тΙаьхьахΙоьттина эр ду цара, тΙаккха массара а къайлах «дуΙауль-истифтахь» доΙа доьшур ду, (важжахΙту важхΙия) аьлла долалуш дерг ду иза. Суннат ду и до1а ламазехь дешар.
Цул тΙаьхьа имама, ша ламаз доьхкуш аьлларг доцург, кхин а ворхI «АллахΙу Акбар» эр ду, жамаΙато а цунна тΙаьххье иштта эр ду. ХΙора такбийрехь (АллахΙу Акбар аларехь) имама ламаз доьхкуш айдарх терра ши куьг, шен лергашна дуьхьал нисдеш, хьалаойбур ду, цул тΙаьхьа, аьтту куьг тΙехула а долуш, куьйгаш некха тΙе дохкур ду, цо дийриг тΙаьхьахΙиттинчара а дийр ду. ТΙаккха цара массара а хΙора такбийрана а, цунна тΙаьхьадогΙучунна а юккъехь, меллаша (Субхьан-АллахΙи, валь-хьамду ЛиллахΙи, ва ла илахΙа илл-АллахΙу, в-АллахΙу Акбар) эр ду.
Ламаз доьхкуш аьлларг доцург, цул тΙаьхьа аьлларш, дерриге а ворхΙ такбийр хила деза, хΙорш дерриге а фатихьат дешарал хьалха олуш ду.
Цул тΙаьхьа хезаш фатихьат доьшур ду, фатихьатал тΙаьхьа (Саббихьисма Раббикаль-аΙла) сурат дешар мелехь ду, 87-гΙаниг ду и, и доцург кхиниг деша а мегар ду.
Цул тΙаьхьа рукуΙ, ши сужуд дийр ду кхечу ламазашкахь даре терра, тΙаккха шолгΙачу ракаΙатна хьалагΙоттур ву, ирахΙуттуш аьлларг доцург, шолгΙа фатихьат дешале, кхин а пхи такбийр эр ду, хΙора такбийрана а, цул тΙаьхьадогΙучунна а юккъехь, хьалха санна меллаша (Субхьан-АллахΙи, Валь-хьамду ЛиллахΙи, ва ла илахΙа илл-АллахΙу, в-АллахΙу Акбар) олуш. ТΙаккха фатихьатал тΙаьхьа (ХΙаль атака хьадисуль-гΙашияхΙ сурат) дешар мелехь ду, чекхдаллалц, 88-гΙа сурат ду иза, и доцург деша а мегар ду, цул тΙаьхьа рукуΙ, ши сужуд дина, охьахиъна, (Аттахьийяту) доьшур ду.
ТΙаккха, салам делла, ламаз дерзор ду. Цул тΙаьхьа имама а, жамаΙато а (АллахΙа Акбару, АллахΙу Акбару, АллахΙу Акбару, ла илахΙа в-АллахΙу Акбару, АллахΙу Акбару ва ЛиллахΙиль-хьамду) эр ду, иштта хΙокху такбийраташца ламаз чекхдоккхур ду.
Цул тΙаьхьа хатыб (хьехамча) хутΙба деша минбар тΙе хьалавер ву. Беркате долчу Ιийдан маьΙнах дерг дуьйцур ду цо: бусалбанаш хΙокху дезачу дийнахь вовшашна къинтΙерабовлуш, зераташ деш, гΙийла, къен-мискачарна гΙо деш, Далла муьтΙахь болуш, дика Ιамалш еш хила безаш хиларх эр ду, Ιеса хилар, моттаргΙанаш лелор, вовшашца мостагΙалла лелор дита дезаш хиларх эр ду, ийман диллинарш вежарий хиларх, бертахь баха безаш хиларх эр ду. Иштта ю Исламан лаккхара Ιалашонаш, иштта ду бусалба нехан хаза гΙиллакхаш.
ХутΙба чекхдаьлча, имама а, хатыба а, кхиболчу наха а вовшийн куьг лацарца саламаш лур ду, дезачу денца вовшийн декъал бийр бу.
Дала бусалба нехан дуьне а, эхарт а тодойла!
Амийн Валь-хьамду ЛиллахΙи Раббиль-Ιаламийн.

 

Муртазаев Сайдмохьмад

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*